Хьалхара берберийн тӀом

ХӀокху версин 2 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 19 май).

Хьалхара берберийн тӀом (1801—1805), кхин а бевзаш бу ТӀарабулусан тӀом аьлча — Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташна (йоцучу ханна царех кхийтира жима шведийн флот) а, къилбаседаафрикин МагӀрибан пачхьалкхашна (маьрша МагӀрибан султанатна а, Ӏусманан империн кхаа вассална — Алжазаирин, Тунисна, ТӀарабулусина) а йукъара шина тӀемах хьалхарниг.

Хьалхара берберийн тӀом
Коьрта конфликт: Берберийн тӀемаш
Терахь 1801 шеран 10 май1805 шеран 10 июнь
Меттиг Лаьттайуккъера хӀорд, Ӏусманийн ТӀарабулуси (ТӀарабулус, ДарнахӀ)
Бахьна ТӀарабулусан пашан йасакх йала АЦШ реза ца хилар;
Америкин махлелоран кеманашна берберийн хӀордан талорхой тӀелатар
ЖамӀ АЦШ толам
МостагӀий
БӀаьччаш
Массон ницкъаш
Белларш
  • АЦШ:
  • 35 вийна, 64 чов йина, йолах салтийн иэшамех дерг хууш дац
  • ДарнахӀера тӀамехь 800 бӀе гергга вийна 1,2 эз. чов йина, дохийна йа схьалецна кеманийн а, церан экипажашна йукъара иэшамех дерг хууш дац.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Историн контекст

бӀаьра нисйан

госпитальерий къонахойн ордено, 1309 шарахь Родос гӀайре дӀалаьцна, жигара дуьхьало йан буьйлабелира лаьттанйуккъерахӀордан талорхошна, цуьнца цхьаьна шайн ницкъ кхочучу кепара дакъа лецира Ӏусманан империн дуьхьала. дуккха а беттанашкахь гуо латтийча 1522 шарахь къуонахойн гӀайренаш йитина Родос тӀера дӀабаха бийзира. 1530 шарахь Сийлахь Руман империн императоро Карл V-гӀачо къонахошна йелира Малта гӀайре, Руман ислам тӀелатарх ларлуш. Керла кхоьллина Малтин ордено сихха болийра берберийн хӀордан талорхошна а, царна тӀехӀоьттина Ӏусманан империна а дуьхьала шуьйра тӀом, уьш сецабора берриг Лаьттанйуккъера хӀорд чохь. XVII бӀешерера 1798 шо кхаччалц Малтех Алжазаиран, Тунисан, ТӀарабулусин, МагӀрибан хӀордан талорхойх Европа ларйен чӀагӀо хилира. Европин пачхьалкхаша, шайн агӀорхьара, Орденан ладаме роль къобал йеш, гӀертара царна бахамца гӀодан, латтайора цаьрца йовха йукъаметтигаш.

Амма 1798 шарахь Мисар воьдучу новкъахь Малта цӀеххьана схьалоцу Наполеона. Шеш цӀеххьана тӀелатар лар ца белла къонахойн дийзира гӀайренан чӀагӀонаш йита. Иштта, ца моьттучу агӀор дӀайелира, масех бӀешарахь берберийн берд тӀера хӀордан талорхойн коьрта дуьхьало, уьш хецабелира.

Шех схьайовлу таронаш

бӀаьра нисйан

Алжазаира, Тунис, ТӀарабулуси, формалан йукъахь йара Ӏусманан империн, ткъа баккъала XVII бӀешарахь дуьйна факт хилла маьрша пачхьалкхаш йара, Истмало дакъа а ца лоцуш тайп-тайпана дуьненайукъара берташ а беш. Йоккха Британин а, Францин а дийзира талорхошна хьалха цхьаццанхьа духадовла: дипломатин комбинацех, ницкъ гайтарах, хӀора шерахь ясакх йаларх жамӀехь барт хилира, Юнион Джеком а, БурбонгӀеран кӀайн гатанан а бухара кеманаш, ца кхоьруш, лела йиш йу Лаьттанйуккъера хӀорд чухула (тӀаккха а тӀелетарш хуьлура, амма дуккха а кӀезиг хуьлура).

Хьалхара берберийн тӀеман турпалхойн — капитанан Сомерс Ричардан, лейтенантийн Колдвелл Джеймсан, Декейтер Стивенан, Водсворс Генрин, Израэли Джозефан, Дорси Джонан — сийнна йоьгӀнера ТӀарабулуси монумент (инг. The Tripoli Monument), иза кечйира Италехь каррарин мармарах, дӀайаьхьира Америке Constitution фрегат-кеманахь 1806 шарахь[4].

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Tripolitan War. Encyclopedia.com (from The Oxford Companion to American Military History) (2000). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 11 февраль. Архивйина 2020 шеран 18 октябрехь
  2. War with the Barbary Pirates (Tripolitan War). veteranmuseum.org. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 11 февраль. Архивйина 2019 шеран 1 февралехь
  3. Joseph Wheelan. Jefferson's War: America's First War on Terror 1801–1805(ингалс.). — PublicAffairs(ингалс.), 2004. — P. 128. — ISBN 978-0-7867-4020-8.
  4. Tripoli Monument at the U.S. Naval Academy in Annapolis, Maryland (инг.). dcMemorials.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 23 август. Архивйина 2020 шеран 26 апрелехь

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан