ХӀа̄рун йа ХӀарон (Ӏаьр. هَارُون‎‎; Ӏеб. אַהֲרֹןАрон — «лекха», «лам», «серлонан лам», «хьехархо», «дешна волу») — иза исламан пайхамар а, Муса пайхамаран ваша а ву, исраилхошка ваийтина. ИбрахӀиман динашкахь (жуьгталлехь а, насараллехь а, исламехь а) Делан пайхамарех цхьаъ а, кохӀен (мозгӀар) а, веза стаг а лоруш ву иза. ХӀарунах лаьцна болчу хаамийн хьосташ схьаэцна ду динийн тексташ чуьра: Жуьгтийн Библи чуьра а, Ширачу Весет чуьра а, Къуръан чуьра а. Къуръано а, Библин Ширачу Весето а ма-бохху, ХӀарун шен вешица Мусаца Мисарахь Ӏийна, ПирӀунийн заманахь[2].

ХӀарун
Ӏаьр. هَارُون‎‎
Вазир Муса (Мусан гӀоьнча)
Говзалла кохӀен, пайхамар
Вина терахь в. э. хьалха 1439
Вина меттиг Шира Мисар
Кхелхина терахь в. э. хьалха 1317
Кхелхина меттиг Синай гӀум-аре
ДӀавоьллина меттиг
Къам, некъе исраилхой, жуьгтий
Да Ӏимран ибн КъахӀат
Нана Юкабад
Зуда ЭлишабаӀ
Силсила ХӀарун ибн Ӏимран ибн КъахӀат ибн Лави ибн ЯӀкъуб ибн Исхьакъ ибн ИбрахӀим аль-Халил
ГӀарадевлла белхаш Дашо эса[1]
Лоруш волу динаш ислам, насаралла, жуьгталла

Жуьгтийн хьосташкахь цуьнан гергарло иштта деана ду: ХӀарун ибн Ӏимран ибн Къахӏат ибн Лави ибн Яӏкъуб ибн Исхьакъ ибн ИбрахӀим, аьлла. Шен вешел Мусал кхо шо воккха вара а олу иза[3].

Къуръан чохь

бӀаьра нисйан

ХӀарун Къуръан чохь ткъаннал сов хьахийна ву. Наггахь Мусан гӀоьнча ву аьлла хьаха а во иза: ﴾Баккъалла а, Мусага Жайна [Товрат] делира Оха. Цуьнан ваша ХӀарун цуьнан гӀоьнча а вира Оха﴿ [Къуръан 25:35]. Цхьадолчу айаташкахь иза цуьнан метта къамелдийриг ву аьлла а ду: ﴾Сан ваша ХӀарун сол а говза ву маттана. Иза а ваийтахь соьца, сан гӀоьнча а вай, со бакъ хилар цо тӀечӀагӀдийр долуш. Баккъалла а, кхоьру-кх со цара со харцварна﴿ [Къуръан 28:35]. Къуръано ХӀарунна Мусаца цхьаьнахиларехь йоккха меттиг а, боккха лерам а луш болу дела, цо керстдо (бакъ ца до) ХӀаруна дашо эса дарна, Муса воцучу хенахь жуьгташа шен Ӏибадатдина долу. И эса динчу стеган цӀе «ас-Са̄мири» йу: ﴾Цо [Дала] элира: «Баккъалла а, Оха зерна тӀе хӀоттийна хьан къам, хьо цуьнах дӀакъаьстинчул тӀаьхьа, ткъа ас-Самирис тиларе бигна уьш»﴿ [Къуръан 20:85].

  1. https://bibeltext.com/study/exodus/32.htm
  2. «هارون» نبي رسول ووزير موسى وأخوه الأكبر - الاتحاد للأخبار. web.archive.org (2023 шеран 12 декабрь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 8 май.
  3. هارون | St-Takla.org. web.archive.org (2023 шеран 21 июль). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 8 май.