Ибра̄хӀим (Ӏаьр. إِبرَاهِيم‎‎; шир.-Ӏеб.אַבְרָהָם‏‎ АврахӀа̄м) — иза Делан пайхамар а, элча а ву. Иза улул-Ӏазм олучу пхеа элчанех шолгӀаниг ву. Иза Ӏаьрбийн а, жуьгтийн а йукъара деда ву. Къуръан чохь 69 меттехь хьехийна ву. Цуьнан Ӏалашо а, элчаналла а шен дерриг дахаран йохаллехь, Дела цхьаъхилар дӀакхайкхор хилла. Исламан ламасташкахь иза ислам динан дуьххьарлера куьйгалхо лоруш ву. Исламехь цунах «ИбрахӀим аль-Халил (йа халилуллахӀ)» (Ӏаьр. إبراهيم الخَلِيل‎‎ — «Делан доттагӀ ИбрахӀим») олу[1]. Бусалбанаша шайн ламазаш дерзадо ИбрахӀимна салават дилларца, цу йукъахь ду Мухьаммад ﷺ пайхамарна а, ИбрахӀим ﷺ пайхамарна а, цу шиннан доьзална а доӀ дар а, салават диллар а[2].

ИбрахӀим
Ӏаьр. إبراهيم‎‎
«Сулюс» йозанца йазйина ИбрахӀиман цӀе
«Сулюс» йозанца йазйина ИбрахӀиман цӀе
ХалилуллахӀ, Абуз-Зифан, Абул-Анбияъ
Вича тиллина цӀе Ӏеб. אַבְרָם
Говзалла Ӏу, динан бухбиллархо, пайхамар
Вина терахь в. э. тӀейалале 2200 шо хьалха
Вина меттиг Калданхойн Ур йа Хьарран, Месопотами
Кхелхина терахь в. э. тӀейалале 2000 шо хьалха
Кхелхина меттиг Халил
ДӀавоьллина меттиг
Да Тарахь (Азар)
Нана Амилат
Зуда Сарат, ХӀажар, КъатӀурат
Бераш ИсмаӀил, Исхьакъ, Замаран, Якъишан, Мадан, Мадьян, Шаякъ, Шухь
Силсила ИбрахӀим ибн Азар (Тарахь) ибн Нахьур ибн СаругӀ ибн РагӀу ибн ФалигӀ ибн Ӏабир ибн Шалих ибн Арфахшад ибн Сам ибн Нухь
ГӀарадевлла белхаш
Лоруш волу динаш ислам, насаралла, жуьгталла
Къуръанан адам
Къуръан чохь хьехор 69-зза
СовгӀаташ
Доссийна жайна ИбрахӀиман тептарш

Иза ву: ИбрахӀим ибн Азар (Тарахь) ибн Нахьур ибн СаругӀ ибн РагӀу ибн ФалигӀ ибн Ӏабир ибн Шалих ибн Арфахшад ибн Сам ибн Нухь[3].

Ибн Касира шен «Аль-бидаяту ван-нихӀаяту» цӀе йолчу жайни чохь хьахийна: иза ву ИбрахӀим ибн Тарих ибн Нахьур ибн СаругӀ ибн РаӀу ибн ФалигӀ ибн Ӏабир ибн Шалихь ибн Арфахшаз ибн Сам ибн Нухь, аьлла. Ткъа цо аьлла: «ХӀара Жайнин ОхӀланан жайнийн чуьра текст йу»[4].

Дахар дӀайаздар

бӀаьра нисйан

Дуьнен чу валар

бӀаьра нисйан

ИбрахӀим вина Диярбакирна гена йоццучу Хьарран олучу гӀалахь, Жимачу Азин къилбехь. Хьарран-гӀала йиллинарг а, йинарг а цуьнан ваша Хьарран ву. ИбрахӀим кхиъна Бабилан лаьтта тӀехь, хӀуьппалгийн гонахехь, АллахӀ витина шайн Ӏибадат деш дерш даьржина хиллачохь. Цхьа тоба хӀуьппалгашна Ӏибадат деш хилла, ткъа вукху тобано седарчашна деш хилла. Иштта дийцина ду, уьш массо а Ӏибадат деш хилла седарчашна, амма цара уьш билгалдеш хилла хӀуьппалгашца а, уьш гергабоьдуш хиллачу суьрташ динчу тӀулгашца а. Къуръан чохь хьахийна ду, Библи чохь долчунна дуьхьал, ИбрахӀим Азаран кӀант ву аьлла: ﴾ИбрахӀима элира шен дега Азаре: «Баккъалла а, цӀунаш, деланаш а бина, [накъостий] муха лоьцу ахь? Суна-м хьо а, хьан къам а билгалчу тиларехь гуш ду»﴿ [Къуръан 6:74]. Кху айатан тафсирехь Азар цуьнан деваша ву, цуьнан да вац аьлла ду, цо ша кхиийна дела цунах шен да олуш хилла цо, аш-ШаӀравин тафсиро ма-бохху[5][6].

Къуръан чохь хьахийна ду цуьнан шен къомаца хилла дийцар. Цо шен къам кхайкхина хӀуьппалгашна Ӏибадат дар Ӏаддитаре а, Цхьаъ бен воцучу Делана Ӏибадат даре а. Ткъа уьш дуьхьалбевлира, шайн дайн дин лардарца бехказ а буьйлуш. Цул тӀаьхьа уьш боцучу хенахь, ИбрахӀима церан хӀуьппалгаш йохийра, царах уггар йоккханиг йоцург: ﴾Цул тӀаьхьа (уьш дIабахча) йерриге (хӀуьппалгаш) кескашка кегйира (этӀийра) цо, царах йоккханиг (коьртаниг) йоцург. Ткъа (и Ӏадйитира цо) — уьш цуьнга берзийтархьама﴿ [Къуръан 21:58]. Иза шайна гучуваьлча, цара сацам бира иза цӀергахь ваго, амма Делан лаамца, и цӀе шелйира, цунна маьрша а хилийтира.

 
ИбрахӀиман маьждиг (المسجد إبراهيمي)

Намрузца къовса велла хиллера иза, ИбрахӀима аьлла: «АллахӀ дала малх гучуболийта, дӀабузийта. Амма ахьа хьо дела ву бахахь, малхбузехьара гучубалийта иза». Цунах цецваьлла тап-аьлла Ӏаш вара Намруд. Кхин ИбрахӀима аьлла, «шен Дала адам дийна а дуьту, дӀа а кхелхита». Намруда цхьа стаг а вийна, шолгӀаниг дӀа а хецна, аьлла: «Соьга а дало и санна гӀуллакх». Дала чуьркаш тӀе а хецна хилла оцунна гӀаролашна. Иштта Намруд хӀаллакх вира цхьана чуьрко.

 
ИбрахӀим хьозанца хилла болу лам

Шен зудчуьнца Саратца иза Къудс-ГӀалахь а, Мисаре а, Халиле а вахара. Шен зудчуьнна лай ХӀаджар цо маре йигира. ХӀаджарас, ИсмаӀил вира. ИбрахӀим-пайхамаран 86-шо долчу хенахь дуьнен чуваьлла ИсмаӀил.

ИбрахӀим-пайхамаран   хенахь, цуьнан зуда ХӀаджар хӀинцца виначу жимачу ИсмаӀилца, йовхонан тов хӀоьттича, хьогало хьовзийча, АллахӀ-дала шен цӀенчу маликашка шийлачу шовдана хьоста баккхийтина, Адам пайхамарна   даийтина маьждиг хиллачу меттехь. ХӀинца Замзам хи олуш дерг ду иза.

ИсмаӀилна а, цуьнан нана а маликаша гӀу йаьккхинчу хенахь цига кхочу йайна эмкалш лоьху ши стаг. И шиъ доккхачу дегӀехь дукха айдинчу нахах хилла. ТӀехьаьжча, кӀеззиг бен ца хеталучу шовдано цу шинна стеган хьогалла Ӏабайо, тӀера дӀа ца мелча санна дуьззина а дуьсу. ТӀаккха цу шимма шайн накъостий хьовсабо цига. Оццул токхе а, аьхна а долчу шовданах баккхийбеш, эццахь туп тухий совцу уьш. Жима ИсмаӀил а, цуьнан нана а, дола деш, шайн йукъа оьцу оцу ондачу адамаша.

ТӀаьхьо меттигерчу наха дӀалохку цигара и зоьртала нах. ИсмаӀил а, цуьнан нана а кхузарчу нахаца дуьсу. Ша кхиъна ваьлча, царех зуда а йалайо ИсмаӀила, — цхьана хьал долчу элан йоӀ. Цу шиннан дукха хиллачу берех схьадаьлла Ӏаьрбийн къам.

ИбрахӀим пайхамаран   да Азар (Тарахь) а, кхин болу нах а Дела цхьаъ веш хилла бац. ЖӀарашна а, кхечу хӀуманашна а ламазаш деш хилла цара, и хӀуманаш деланаш лоруш.

 
ИбрахӀим а, цуьнан зуда хилла меттигехь долу деза наж дитт

ИбрахӀима аьлла шен дега: «Хьо а, хӀара дерриге къам а, тилла харц новкъахь ду. ХӀунда теша шу шаьш куьйга йина хӀуманаш деланаш хиларх?»

Стигал йекъа а йалийтина гайтина хилла АллахӀ-дала ИбрахӀимна дуьненан Ӏаламан къайле. Буьйса йоьлла Ӏаьржа бода лаьтте бижна, сирла седа кхетча, кхайкхина ИбьраьхӀим тӀаккха халкъе, седарчашна ламазаш деш долчу: «Аш чӀагӀдо и седа Дела хилар». Седа дӀабайча аьлла ИбрахӀима: «Со ца теша дӀавовш волчу Делах». Гина цунна бутт схьакхеташ, йуха а аьлла: «ХӀара бу-кх массо а серлонех сирланиг, йовхонах бовханиг, хӀара хила тарло-кх Дела», — аьлла. Амма малх а суьйранна дӀабуьзна. ТӀаккха аьлла ИбрахӀима шен хьалкъе: «Сан халкъ! Со ца теша аша деланаш бу бохучу хӀуманех. Аса сайн йуьхь дӀаерзайо Цуьнгахьа, дуьне а, Ӏалам а кхоьллина, кхобуш волчу, цхьаъ ша бен воцчу АллахӀе!»

Адамашна Дела цхьаъ хиларан дин Ӏаморехь хьалхарниг хилла ИбрахӀим пайхамар. Иза цахилла жуьгтий, цхьа керста а, амма хьаниф хилла. Къаьсттина хьанифизм Мухьаммад-пайхамаран латта тӀехь дендала тӀера хилла.

Шен берриг доьзал эцна, Мисарера Шема СабаӀ олучу метте дӀавахара ИбрахӀим  . ХӀаджаран доьзалхо дуьнен чу ваьлчхьана иза ца йеза йолаеллера Сарат. ХӀаджар а, цо вина ИсмаӀил а эцна, хӀинца Макка шахьар лаьттачу метте дӀавахара ИбрахӀим. Оцу заманахь, дийна дегӀ доцуш, иштта хи доцуш, йеккъа цхьа гӀамаран аре йара и меттиг. Нохь пайхамаран   заманчохь, хӀорд тӀебаьлча Дала стигал даьккхина «Байтуль-МаӀмур» (маликаша тӀаваф дарца Далла Ӏамал йеш хилла долу цӀа) цӀа хиллачохь (тахана ХьаьжцӀан КаӀбат долу меттиг) уьш а битина, царна хурманийн тӀоьрмиг а, цхьана хӀуманчохь хи а дитина, йуханехьа Шема дӀавахара ИбрахӀим. Иза дӀавоьдуш тӀаьхьакхайкхира ХӀаджар:

— Тхо кхузахь дита аьлла Дала дина хьоьга омра? — аьлла.

ИбрахӀима, дина аьлла жоп делча:

— тӀаккха цо Ӏалашдийриг хир ду тхо, — элира ХӀаджара.

Акхарой а ца лелачу товна кхехкачу оцу эрна арахь шаьшшиъ дисира ХӀаджар а, ИсмаӀил а. ИбрахӀима дитина хи а кхачийра церан. Вакхорах а йуккъах ваьккхинчу (ваккханза цаваьлла) ИсмаӀилан балдаш хьогалла дакъаделлера. Сов са ца тохалуш, лаьттах мӀараш хьоькхуш, текхара ИсмаӀил. Шен бӀаьра хьалха ИсмаӀила балахьегар ца лалуш, хи лоьхуш, Сафа а, Марват а олучу шина лома йуккъехула дӀасауьдура ХӀаджар. Оцу лаьмнийн баххьашка а йуьйлуш, аренга дӀахьоьжура иза цхьа а гур вацара те бохуш. Амма цхьа дийна дегӀ дацара гуш. Лаьххьара а, аль-Марват лома буьххье йаьлча цхьа аз хезира цунна. Тап-аьлла ладоьгӀуш а лаьттина. цо элира: «Хьо суна хазам хазийти ахь, ткъа суна гӀo дан аьтто буй хьан?» — аьлла. Йуха, иза дӀахьаьжча (тахана ХьаьжицӀахь «Замзам» олучу меттехь), шен тӀам хьокхуш, хи лохуш доллучу маликех бӀаьрг кхийтира цуьнан. ТӀаккха цигахь хи гучуделира «Замзам» хьоста дара иза. Цу хьоста тӀера кхоьхьу, тахана, ХьаьжцӀа баханчу наха хи. Дала беркате дина оцу хьостан хи мала а, ламаз эца а бен кхечу гӀуллакхана лело магийна дац. Хих Ӏабийра уьш Дала Шен къинхетамца ХӀажара вакхорца ИсмаӀил. Оцу хи даьккхинчу малико элира цуьнга: «ХӀаллакхиларна ма кхера, баккъал а, кхузахь АллахӀан ЦӀа хир ду оцу кӀанта а (ИсмаӀила), цуьнан дас а доьттина. Баккъал а, АллахӀа Ӏуналла ца деш буьтур бац шена сужуд дийриш».

 
ИсмаӀилна урс хьокхуш ву ИбрахӀим, Джабраиль-малико Ӏад дита и гӀуллакх олу.

Шайна ХӀаджарера бакъо а ехна (цигахь хи хиларна), цига йуххе охьахиира Маккан лакхарчу aгӀop схьадеана джурхум тайпа. Кхуьуш вара ИсмаӀил. Оцу тайпанера Ӏаьрбийн мотт Ӏемира цунна. Цул тӀаьхьа ИбрахӀим пайхамар йухавеара Макка. Иза гӀадвахара ХӀажар а, ИсмаӀил а могуш-маьрша карийча. Цхьана буьйсанна ИбрахӀимна гӀан гира, ша ИсмаӀилна урс хьокхуш. Иза пайхамар хиларе терра, цунна гӀенах гинарг кхочушдан дезаш хилла, хӀунда аьлча пайхамаршна гуш долу гӀан Делера омра (Дала тӀедиллар) хиларна. «Халилур-рахьман» (Къинхетамечу Делан доттагӀ) аьлла цӀе йолчу ИбрахӀимна Дала шена тӀедиллинарг кхочушдан лиира. Цо ИсмаӀиле элира: «ГӀена кхоьлах айса хьуна урс хьокхуш гина суна, хьуна хӀун хета цунах?». ИсмаӀила жоп делира: «ХӀай, сан да! Хьайга Дала дина омра кхочушде ахь, Дала мукълахь, со собар долчарех а волуш, карор ву хьуна!» — аьлла.

 
ИбрахӀиман каш, Маьждиг чохь

ИсмаӀил а эцна, цунна урс хьакха дагахь Мина вахара ИбрахӀим. Иза охьа а виллина, цо цунна урс хьаькхча, Дала дӀа ца латийтира ИсмаӀилан дилханах. ИбрахӀима дуьззина кхочушдира шен Делан омра. «ХӀокхунна хьакха урс, ИсмаӀилна а ца хьокхуш!» — аьлла, Жабраил малик даийтира Дала, ялсмани чуьра ка а бохьуш.

Цул тӀаьхьа, Шема дӀавахара ИбрахӀим. Воккха а хилла, шайна йуххехь дехачу джурхум тайпанан йоӀ йалийра ИсмаӀила. ХӀаджар а дӀакхелхира. ТӀаккха кхин цкъа йухавеара ИбрахӀим. Цо ИсмаӀиле элира: «Дала цхьа хӀума тӀедиллина суна». ИсмаӀила элира: «Дала хьайна тӀедиллинарг кхочушде» — элира. Цо (ИбрахӀима) хаьттира: «Ахь гӀo дийр дуй суна?» «Дийр ду», — жоп делира ИсмаӀила. «ХӀоккхахь ЦӀа догӀа аьлла омра дина соьга Дала», — элира ИбрахӀима.

Ламчуьра тӀулгаш кхоьхьуш, тахана (Маккахь) ХьаьжицӀа лаьтта КаӀбат йоьттира цу шимма, Дела а хьехош, цуьнга доӀанаш а деш: «Тхан Дела! Тхоьгара къобал делахь, Хьо-ТӀеххезашверг а, тӀех хууш верг а ву-кх».

Иза доьттинчул тӀаьхьа ломан буьххье а ваьлла кхайкхира ИбрахӀим «ХӀай нах! ХӀаждар шуна парз тӀедиллина дина Дала».

Саратас къена йолчу хенахь вина Исхьакъ  . ИбрахӀим кхелхинчул тӀаьхьа, АллахӀа пайхамар хаьржина хилла Исхьакъ. Исхьакъан кӀант Якъуб а хилла пайхамар, цуьнан кӀант Юсуп а. Церан тӀаьхьенах Айюб а, Муса а, ХӀарон а пайхамарш хилла.

ИбрахӀим пайхамара   дуьненчохь йаьккхина хан 175 шо йу. Саратий, ХӀаджаррий дӀакхелхинчул тӀаьхьа кхин ши зуда а йалийра цо. Цара вина 11 кӀант а хилла ИбрахӀиман. Делан лаамца, уьш берриш тайп-тайпанчу мехкашка дӀасабахийтина цо. ИбрахӀим дӀавоьллина (Халиль) шахьаран гена йоцчу МагӀарат хьеха чохь.

ХьаьжцӀийнах лаьцна

бӀаьра нисйан
 
ХьаьжцӀа

АллахӀ-дала хаам бинера, ХӀаджар а, ИсмаӀил а гена махка дӀадига аьлла, цо иза кхочуш дира. ЯахӀума дӀа а йаьлла, цуьшинна мацалла хаалора, ИсмаӀил гӀора дайна охьавоьжнера. ХӀаджар б арз йелла дӀа-схьа уьдура шинна лам тӀе, Сафа а, Марват а. ИсмаӀил воьлуш гира, цуьнан когашкахь лаьттара арадетташ хи дара, и хи дара «Замзам».

Оцу метте Ӏаьрбийн къам кхечира, царех цхьа йоӀ ИсмаӀилас маре йигира. Оцу метте ИбрахӀим кхечира, шен доьзал лаха. Иштта цунна карийра и шиъ ХӀаджар а, ИсмаӀил а. ИбрахӀиме АллахӀ-дала кхин цхьа хӀума тӀедиллинера: «ИсмаӀилан урс хьакхар, гӀурба дар», иза кхочуш дан гӀортир иза. Дала цуьнга Ӏад вита элира ИсмаӀил, цуьнан меттан уьстагӀ баийтира.

Делан пурбанца а, лаамца а ИсмаӀил волало хьалха хиллачу меттехь духа маьждиг — КаӀбат дан. Оцу деза-доккхачу гӀуллакха тӀехь ИсмаӀилна гӀо деш цуьнан да ИбрахӀим а хуьлу. Сийлахь цӀа деш тамашийна гӀо до цхьана тӀулго. ХӀинца а хаалуш йу оцу тӀулга тӀехь, ИбрахӀим-пайхамаран когийн лараш. Эшча хьала айлуш а, охьа лахлуш а хилла и тӀулг. Шен декхарш кхочушдан ца ларорна Адамца цхьана ялсаманих къастийна, таӀзар деш, тӀулг бина малик ду, боху иза.

 
ХӀара бу-кх и ХаьжицӀийна Ӏаьржа тӀулг, чухула гуш бу.
 
Чухула иштта бу Ӏаьржа тӀулг

ИбрахӀима а, ИсмаӀила а, Джабраиль-малико схьакховдийна и беза тӀулг, воккха вийна ца волуш, Далла хастамаш барца, схьаэцна, хьаладеш долчу ХьаьжцӀийнан арахьара агӀор пенан соне биллина.

АллахӀ-делан парз кхочушдечу бусалба наха ХьаьжцӀенна шаьш гуо боккхуш куьг Ӏуттуш а, барт боккхуш а бу и беза-сийлахь тӀулг. Дуьххьара дӀабуьллуш, бӀаьрса кхолош, кӀайн хилла и тӀулг, къинойх цӀена боцчу нехан барташа Ӏаьржа бина бу хӀинца. Адамаш ден-дина Махьшарен майдана гӀовттинчу дийнахь и беза сийлахь-тӀулг, шен хиллачу цӀенчу Маликийн нурца лепаш, Далла хьалха цӀенчу некъаца, ойланца Хьаьж кхочушдинчу бусалба нахана теш хилла хӀуттур бу, царна Делера къинхетам боьхуш.

Маккара ХьаьжцӀа массо а бусалбанин къилба ду. Цуьнгахь йуьхь йерзош дӀахӀутту дуьнен массо а маьӀӀера бусалба нах, АллахӀ-дала тӀедиллина ламаз деш.

Цу тайпана деза, сийлахь долчу ХьаьжцӀенна КаӀбатна Ӏуьналла а, дола адар Маккарчу наха шайх тешош хиллачарех бу вайн Мухьаммад-пайхамар , ӀабдуллахӀин ваша Абу ТӀелип а, цуьнан да Ӏабдул-МуттӀелип а, цуьнан да ХӀашим а  .

Ишттачу цӀийнах, тайпанах схьаваьлла а, ларам болчу доьзалехь кхиъна а хилла, Делан элча — Мухьаммад-пайхамар .

Цу кеппара ИсмаӀил а, цуьнан да ИбрахӀим а ХаьжицӀа дуттуш воллуш АллахӀ-делера Джабраиль-малик догӀуцхьа тӀулг а бохьуш. Дуьххьара ялсаманера кху харц дуьненчу Адам-пайхамар араваьккхича, цуьнца цхьана ялсаманера схьабеана, охьабоьжна хилла а, дуьненчу хӀорд хӀоьттинчу хенахь къайла баьлла хилла а сийлахь беза тӀулг лору иза цхьаболчу Ӏеламнаха. Ткъа кхечара дийцарехь, ялсаманичохь волуш, Адам-пайхамар вочу хӀуманах ларван хӀоттийначу малийках хилла бу и тӀулг.

ИбрахӀима а, ИсмаӀила а АллахӀна гӀуллакх нахе дайта дина хилла КаӀбат. Амма Дела цхьаъ веш боцчу наха шайн «деланаш» бу бохуш цхьацца жӀараш, тӀулгаш суьрташ цу цӀачу кхехьна а, царна шайн «ламазаш» деш а хилла.

Дийцарехь ма-баххара, ИбрахӀим пайхамаран каш ПалестӀинехь ду, Халиль йуьртахь, ИбрахӀиман маьждиг чохь. Иза алсамо дозуш ду бусалба килсанан, цкъа а меттахдаьккхина лаьттина хӀума хилла дац бусалба нахаца сионизмхойца.

ИбрахӀиман меттиг

бӀаьра нисйан
 
ХьаьжицӀахь йолу ИбрахӀиман меттиг (Макъам ИбрахӀима), оцу чохь тӀулг бу, ИбрахӀиман когийн лараш тӀехь йолуш

Макъа́м ИбрахӀима (مقام إبراهيم‎‎ — ИбрахӀиман меттиг) — Аль-Хьарам маьждиган дозанца меттиг йу иза, КаӀбат дечу хенахь ИбрахӀим лаьттина меттиг йу. ХӀинцалерачу хенахь цигахь йина нартолца гӀишло йу.

Макъам ИбрахӀим цӀе къуръан тӀехь хьехош йу, 97-чу аятехь 3-чу Къуръанан суратехь.

Исламан дийцарехь ма-бохху, АллахӀ-дала ИбрахӀиме КаӀбат ден аьллачул тӀаьхьа, шен кӀант ИсмаӀилца иза болх бан волавеллера. ИсмаӀилас тӀулгаш кхоьхьуш хилла, а ИбрахӀима царах хазна йеш хилла. Пенаш лакха хьаладоьттича, ИсмаӀилас тӀулг лаьтта охьабиллина хилла, ИбрахӀим тӀекхачийта. ТӀулган тӀеваьлча ИбрахӀим шен болх беш вара. Оцу тӀулган тӀехь ИбрахӀиман когийн ларш йу.

Хьостанаш

бӀаьра нисйан
  1. Mecca, Martin Lings, c. 2004
  2. سبب تخصيص إبراهيم بالصلاة عليه بعد التشهد (Ӏаьр.). www.islamweb.net. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 13 июль.
  3. تاريخ الطبري/الجزء الأول . ذكر إبراهيم خليل الرحمن عليه السلام وذكر من كان في عصره من ملوك العجم / الصفحة 233 / تحقيق محمد أبو الفضل إبراهيم / الطبعة الثانية / دار المعارف بمصر
  4. البداية والنهاية، الجزء الأول، قصة إبراهيم خليل الرحمن، ابن كثير، صفحة 139، مكتبة المعارف بيروت، طبعة 1410هـ-1990م.
  5. ص5541 - كتاب تفسير الشعراوي - - المكتبة الشاملة. shamela.ws. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 23 июль.
  6. والد ابراهيم تارح او آزر ؟ (Ӏаьр.). مركز الإشعاع الإسلامي (2019 шеран 20 декабрь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 23 июль.

Кинематографехь

бӀаьра нисйан

Кхин а хьажа

бӀаьра нисйан