ХӀуӀаьржа раса
ХӀуӀа́ьржа ра́са (кхин а экваторан раса, малхбузаэкваторан раса) — уггаре яккхийчех цхьана могӀарехь кавказан, монголоидан, австралоидан расанашца адамийн раса[1][2][3].
XIX—XX бӀешерашкахь адамийн расийн дукхаха йолчу классификацешкахь хӀуӀаьржнарш цхьаьнатохара австралоидашца хӀуӀаьржа-австралоидан (экваторан) расане (масала, Г. Ф. Дебецан, Я. Я. Рогинскийн, М. Г. Левинан, кхечу а антропологийн классификацешкахь)[4][5]. Таханлерачу талламаш гайтина оцу шина расан йукъара генетикан башхаллаш, оцу шиннан кхечу расашца ериг а, ткъа цхьадолу тера хӀуманаш (чкъоьран, бӀаьргийн, месийн таьӀна бос, хьийзина месаш, кхин дӀа а) кхетадо терачу дахаран хьолашка воларца[6].
Дуьненан литературехь «хӀуӀаьржа» термин лело таро ю негрийн раса билгалйоккхуш, негрилли (пигмейш) а, койсаноидаш боцурш[7].
Америкин антрополога К. С. Куна хӀуӀаьржа расан термин лелайора «конгоидаш»[8][9].
Билгалонаш
бӀаьра нисйанХӀуӀаьржа раса къаьста тӀаьхьайогӀучу антропологин башхаллашца[1][10][11]:
- Ӏаьржа чкъор (кхечу расашца юьстича, царна йукъахь австралоидан а, меланезийн а ю, чӀогӀа пигментаци хилла);
- хьийзина Ӏаьржа месаш;
- Ӏаьржа бӀаьргаш;
- кхоалгӀа месийн чкъор гӀийла кхиар, дегӀан тӀехьдерг муххале а;
- долихокранан лекханартолан туьтан кеп дика къаьсташ йолу тӀуьскан областца, хӀуӀаьржачеран туьта жима ю кавказоидчерал а, монголоидчерал а;
- юьхь лоху ю, мочхалаш шуьйра дац;
- йуккъера лекха хьаж, гӀийла кхиина цӀоцкъмашца[en];
- прогнатизм, мочхалаш хьалха таьӀна, лахара мочхалан чӀениг аратаьӀна йац;
- даккхий бӀаьргаш;
- шуьйра чӀапа гӀийла гуш мара;
- стаммий балдаш, лакхара балда аратаьӀна (прохейлин);
- яккхийра цергаш;
- долихоморфан (озийна) дегӀ;
- дуткъа куьг а, ког а.
Шайн ареалан тайп-тайпанчу дакъошкахь хӀуӀаьржанарш къастало локхаллийца, чкъоьран бесца, балдийн стоммаллийца, меран шораллийца, кхечу сипташца (хийца ца лург массеран а хьийзина месаш ю), морфологица массарел чӀогӀа къаьсташ бу негрилли (чӀога лоха дегӀ) а, койсаноидаш (чкъор кӀаййо ду, юьх чӀапа, эпикантусца ю)[12] а.
Баржар
бӀаьра нисйанХӀуӀаьржа расан векалш баьржина коьрта мохк — Саьхьаран къилбехьара Тропикан Африка. Кхин а хӀуӀаьржанаш дукха бу Латинан Америкехь, Вест-Индехь, АЦШ — оцу мехкийн а, регионийн а хӀуӀаьржа бахархой Африкера балийна лайшан тӀаьхьенаш ю. хӀуӀаьржа расан векалш кхечарел алсама бу Гвианехь, Ямайкехь, Гаити Республикехь, Вест-Индин цхьацца кхин гӀайренийн пачхьалкхашкахь[1][12].
Кегийра расаш
бӀаьра нисйанХӀуӀаьржа расан йукъатуху Ӏаьржа, йуккъераафрикин, къилбаафрикин кегийра расанаш. Наггахь шен коьрта векалш бушменаш а, готтентоташ а болу къилбаафрикин расане хьоьжу адамийн уггаре яккхийчу расане санна[13]. Кхин а ламастан классификацешкахь (масала, В. В. Бунакан классификацехь) хӀуӀаьржачарна йукъатуху йоккха хӀуӀаьржа расин малхбалеэкваторан (океанин) га долу меланезийн раса, дуьхьала хӀоттийна йолу малхбузаэкваторан (африкин) га Ӏаьржачу, йуккъераафрикинчу, къилбаафрикинчу расашна[1][14][15].
Негрийн раса
бӀаьра нисйанНегрийн раса — йоккхачу хӀуӀаьржа расехь, дукхаллин барамца а, дӀалоцу ареалца а коьрта ю. Негрийн жима расан векалш абсолютан дукха бу Саьхьаран къилбехьарчу Африкин махкахь. Оцу расан амалийн васташ: чӀогӀа Ӏаьржа чкъор; Ӏаьржа бӀаьргаш; Ӏаьржа хьийзина месаш; чӀогӀа шуьйра мара, чӀапа мерадукъ; чӀогӀа стаммий балдаш; долихокефали; юьхь лоха ю[16].
Негрийн расин йукъахь къаьста масех антропологин тайпа[17][18]:
- суданан (негрийн-гвинейн) тайпа, максимум билгалъйаьлла хӀуӀаьржачеран коьрта билгалонаш ю;
- йуккъераафрикин (малхбуза-бантоидан, палеонегроидан) тайпа, суданчуьнца юьстича дегӀана лоха бу, йоккха маж а, мекхаш а довлу, кӀеззиг сирла чкъор ду;
- малхбален-бантоидан тайпа, суданчуьнца юьстича юьхь юткъа ю, маара а буткъа бу, кӀеззиг ара а таьӀна, балдаш иштта стаммий дац;
- къилбаафрикин тайпа, суданчуьнга хьаьжчи амалехь ду сирла чкъор, алссама лоха а бу;
- нилотийн (малхбаленафрикин) тайпа, дуьненахь уггаре лекха бу, тӀех еха дегӀан меженаш, чӀогӀа Ӏаьржа чкъор, наггахь чим басахь, мара а, балдаш а кӀеззиг дуткъа ду, ткъа иштта готта юьхь.
ХӀора а антропологин тайпа, суданийн доцург, иэделла кхечу луларчу тайпанан я расан хӀуӀаьржачу тобанашца: йуккъераафрикин тайпа — иэделла негриллийн (йуккъераафрикин) расин векалшца, къилбаафрикин тайпа — иэделла койсаноидашца, нилотийн тайпа — иэделла Эфиопийн расан векалшца[17][18].
Йуккъераафрикин раса
бӀаьра нисйанЙуккъераафрикин (пигмейн, негриллийн) жима раса йаьржина Йуккъера Африкин экваторан догӀанийн хьаннашкахь пигмейшна (негриллишна) йукъахь. Оцу расан аматаш: дегӀан чӀогӀа лоха; мелла а сирла чкъоьран бос; жима юьхь, арадевлла бӀаьргаш; маж, мекхаш, дегӀан тӀиера месаш чӀогӀа йовлу; чӀогӀа шуьйра а, боца а маара, меран дукъ чӀапа, дукъ тӀедаьлла а долуш; дуткъа балдаш[19][20].
Йуккъераафрикин расан йукъахь билгалдолу ши тайпа: малхбузан (бакола, бабинга, бака къаьмнаш Республика Конгохь, ткъа иштта ака къам Йуккъерчу Африкин Республикехь) а, малхбален (къаьмнаш мбути Демократин Республика Конгон (ДРК) малхбалехь, тва ДРК, Руандехь, Бурундехь, Угандехь). Церан гергарлонех а, кхолладаларех а талламхойн цхьа ойла йац. Цхьаболчу антропологаш лору, малхбузан а, малхбаленм а пигмейн краниологин башхаллаш чӀогӀа ю, луларчу негрийн тобанел а. Малхбузан пигмейн тобанийн яккхийро яххьаш, дегӀана лекхо хуьлу малхбалерчу тобанел[21].
Йуккъерачу Африкехь йуккъераафрикин а, негрийн а расашна йукъара аматаш йолуш шортта популяцеш ю[21].
Къилбаафрикин раса
бӀаьра нисйанКъилбаафрикин (капоидан, койсаноидан, бушменийн) раса — йоккхачу негрийн расан вариант ю, йаьржина Къилба Африкин екъачу областашкахь. Оцу расан амале аматаш: дегӀан лоха; дикка чӀапа юьхь; жима лахара мочхала, иза бахьнехь юьхь кхосаберг санна хуьлу; мара дикка буткъа чӀапа дукъ долуш; кхиина эпикантус; гӀеххьа сирла можо-боьра чкъор; йоца хьийзина месаш; зударийн стеатопиги; чӀогӀа гӀийла маж а, мекхаш а довлу. Койсаноидийн цхьа дакъа, уггаре хьалха, эпикантус хиларна, монголийн сипташ тера догӀуш ду[22].
Ширачу заманахь къилбаафрикин расан векалш лоцура кхин а шуьйра мехкаш, амма дӀатеттира къилбехьа, екъачу регионашка негрийн расера банту къаьмнаш дӀасакхалхар бахьнехь. Банту меттанара тобанаш дӀасакхелхачу заманахь тарло, койсаноидаш шина тайпана кхоллабелла хилар — бушменийн а, готтентотийн. ТӀаьхьара тайпа билгалдолу лекха, доккха дегӀаца. Тардолийта, готтентотийн тайпа бушменийчух къастар хилла готтентоташ негрийн расан векалшца иэр бахьнехь, цул сов, тера ду, готтентоташа банту къаьмнашкара схьаэцна даьхний лелор, иза бахьнехь ширачу лахьош болчеран дахаран васт а, дааран тайпа а хийцаделла, цуо а Ӏаткъам бина куьцан[23].
Ийна а, шина тобана йукъара тобанаш а
бӀаьра нисйанАфрикин тайп-тайпанчу кӀошташкахь, ткъа дикка хьалхарчу хенахь, царна арахьа а, метисаци яр бахьнехь кхоллаелла кхечу расийн аматаш йолу хӀуӀаьржачеран популяцеш. Иштта, масала, кавкасионашца иэелла тобанаш хаало негроидийн ареалан дозанехь сахаран бухара зона. Кавкасионашна а, негроидашна а йукъара меттигехь лаьтта Малхбуза Суданан тобанаш — церан векалш фульбе а, кхин долу къаьмнаш а. Иштта шира схьадалар долу Эфиопийн раса йаьржина Африкин МаӀанехь — меран кепаца а, юьхьан куцаца а эфиопаш ца къаьста къилба кавкасионех, ткъа чкъоьран бесца уьш тера бу негроидех. Суданера тӀаьхьа евлла ийна тобанаш хилла Къилбаседа Африка Ӏаьрбаша яккхар а, Ӏаьрбийн мотт буьйцу кавкасионийн къилба тобанаш Африкин кӀоргене кхачар а бахьнехь. Негроидийн а, къилба монголоидийн а ийна сипташ ду Мадагаскаран бахархойн (тайп-тайпана расийн сипташ оцу я кхечу малагасийхойн чӀогӀа хийцалуш ду). Ийна кавкасионийн-негроидийн сипташ хаало Намибин (готтентотийн-европахойн метисаш — рехоботан бастардаш) а, КЪАР а бахархойн декъан. Тайп-тайпана тӀегӀанера негроидийн сипташ хаало цхьайолчу Америкин популяцийн — негроидашца ийна тобанийн векалех олу мулаташ а, самбо а. Бахархойн доккхаха долу дакъа мулаташ бу Бразилехь, Венесуэлехь, Кубехь, кхечу мехкашкахь а, мулаташна йукъадоьду иштта къилба АЦШ къилбаамерикахой [12].
Схьабовлар
бӀаьра нисйанЦхьацца «негроидийн» сипташца (масала, прогнатизмаца) йолу уггаре шира туьта Назлет Хатер 2, Къилба Мисрахь карийна, цуьнан 40—35 эзар шо зама ю[24].
Цуьнца цхьаьна, ширачу заманера билггала хӀуӀаьржачеран ю ала мегардолу карийнарш, хуьлуьйту генарчу заманера (хан 18—12 эзар шо), уьш карайо дукхах дерг Къилбаседа Африкехь. Оцу муьрера хӀуӀаьржа расан аматаш билгалъяхало цхьа могӀа даьӀахкаш йевза Экваторан Африкехь, амма церан классификаци ян халаду даьӀахкийн дакъош бен ца карадар бахьнехь. ХӀуӀаьржа расан хӀинцалера вариант, тера ду, голоценал хьалха ца кхоллаялар (11 эзар шо гергга хьалха)[7].
Къилбаафрикин расица гергарло гучудоккху бакъ долу карораш, иштта, хила герга ду, голоценера. Иштта тайпа кхолладаларан Ӏаткъам бина хила тарло, 25 а, 16 а эзар шераш хьалха шен максимуман къасторан хьолаш, оцу хенахь Африкин къилбан доккхаха долу дакъа якъолаш хӀиттина дахаран пайден дацара, цара къастийра къилбаседаафрикин популяцеш къилбачарех. Бушменийн а, готтентотийн а генетикан къастар алсама хилар бахьана ду генийн дрейфан жигара процессаш, уьш хуьлура койсаноидийн кӀезиг хиларна, ткъа ехачу заманахь шеш Ӏийна болу австралийн аборигенийн кӀезига ю генетикан бошхаллаш. Хетало, Бушменаш а, готтентоташ а къастийна латтор дахделира йоккхачу хенан заманна (75—60 эзар шо)[23].
Йуккъераафрикин раса схьаяларх масех гипотеза ю. Царех цхьаьнца, пигмейш генара орамаш болуш бу (кхоллабелла 40 эзар шо хьалха), иштта оцу гипотезаца пигмейн дикка хьалхара декъадалар хилла малхбуза а, малхбален а тобанашка (18 эзар шо хьалха), цу тӀе пигмейш къилбаседехьара баьхкинчу хӀуӀаьржачаьрца иэр къобал ца до. Иштта пигмейш шира схьадалар долуш хилар къобалдечу кхечу гипотезица, лору, малхбуза а, малхбален а тобанашка бекъабалар гуттара тӀаьхьа хилар — 5 - 3 эзар шо хьалха. Кхин а цхьаьна гипотезица, хила тардолуьйту, пигмейш 4—5 эзар шо хьалха латта лелор тӀиера юха а шозлагӀа лахьор тӀедевлла популяцеш хилар, цу тӀе малхбуза тобанаш кхоллаелла оццу хенахь малхбален тобанаш малхбузехьа кхелхаш, цул тӀаьхьа метисаш хуьлуш хӀуӀаьржа расийн тобанашца. Цхьаболчу талламхоша кховдайо пигмейн малхбуза а, малхбален а тобанаш къаьстина бух болуш хиларан верси, цуо таро ло, царна хетарехь, цхьаъ а ца къастош, хӀуӀаьржачеран ши раса къасто[21].
Ша-кепара хьажар ло хӀуӀаьржа расан схьаяларе генетикан талламаша. Иштта, хиина, африкин популяцеш дуьхьала лаьтта йерриг йисина адаман тобанашна цхьанне схьаэцна. Цу тӀе хӀуӀаьржачеран цхьаалла йац, уьш ю мелла а хьалхо къаьстина адаман асанаш. Ишттачу цхьаьна асан тӀаьхьенаш хилла африкин йоцу адамаллин тобанаш — кавкасионаш, австралоидаш, монголоидаш. Кхин африкин асанаш, масала, койсаноидаш а, пигмейш а, дуьхьала лаьттина ца Ӏа массо а хӀуӀаьржачеран асанашна, уьш дуьхьала лаьтта кхечу континенташ тӀиера йерриг йисина цхьаьнатоьхна адамаллин тобанашна[25].
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 Негроидная раса / Пестряков А. П. // Нанонаука — Николай Кавасила. — М. : Большая российская энциклопедия, 2013. — С. 268. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 22). — ISBN 978-5-85270-358-3.
- ↑ Расы человека / Перевозчиков И. В. // Пустырник — Румчерод. — М. : Большая российская энциклопедия, 2015. — С. 257—259. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 28). — ISBN 978-5-85270-365-1.
- ↑ Брук С. И., Чебоксаров Н. Н. Расы человека // Народы мира: историко-этнографический справочник / Редкол.: С. А. Арутюнов, С. И. Брук, Т. А. Жданко, А. Н. Кожановский, Л. Е. Куббель, В. М. Макаревич, А. И. Першиц, В. В. Пименов, П. И. Пучков, Н. Е. Руденский, В. А. Тишков; гл. ред. Ю. В. Бромлей; Науч.-ред. совет изд-ва «Советская энциклопедия», АН СССР; Ин-т этнографии им. Н. Н. Миклухо-Маклая. — М.: «Советская энциклопедия», 1988. — С. 16.
- ↑ Негро-австралоидная раса // Нанонаука — Николай Кавасила. — М. : Большая российская энциклопедия, 2013. — С. 268. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 22). — ISBN 978-5-85270-358-3.
- ↑ Схемы расовых классификаций человечества Г. Ф. Дебеца и Я. Я. Рогинского и М. Г. Левина в статье И. В. Перевозчикова «Расы человека». — Пустырник — Румчерод. — М.: «Большая российская энциклопедия», 2015. — С. 257—259. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—, т. 28). — ISBN 978-5-85270-365-1.
- ↑ Дробышевский С. В. Достающее звено. Родственны ли австралийцы негроидам? Antropogenez.ru (2017). Архивйина 2017 шеран 30 декабрехь
- ↑ 1 2 Дробышевский С. В. Достающее звено. Происхождение негрской расы . Antropogenez.ru (2017). Архивйина 2017 шеран 29 декабрехь
- ↑ Coon C. S. The Origin of Races. — New York: Alfred A. Knopf[en], 1962.
- ↑ Конгоид . Физическая Антропология. Иллюстрированный толковый словарь. EdwART (2011). Архивйина 2017 шеран 30 декабрехь
- ↑ Алексеева, Богатенков, Дробышевский, 2004, с. 167.
- ↑ Брук С. И., Чебоксаров Н. Н. Расы человека // Народы мира: историко-этнографический справочник / Редкол.: С. А. Арутюнов, С. И. Брук, Т. А. Жданко, А. Н. Кожановский, Л. Е. Куббель, В. М. Макаревич, А. И. Першиц, В. В. Пименов, П. И. Пучков, Н. Е. Руденский, В. А. Тишков; гл. ред. Ю. В. Бромлей; Науч.-ред. совет изд-ва «Советская энциклопедия», АН СССР; Ин-т этнографии им. Н. Н. Миклухо-Маклая. — М.: «Советская энциклопедия», 1988. — С. 17.
- ↑ 1 2 3 Брук С. И., Чебоксаров Н. Н. Расы человека // Народы мира: историко-этнографический справочник / Редкол.: С. А. Арутюнов, С. И. Брук, Т. А. Жданко, А. Н. Кожановский, Л. Е. Куббель, В. М. Макаревич, А. И. Першиц, В. В. Пименов, П. И. Пучков, Н. Е. Руденский, В. А. Тишков; гл. ред. Ю. В. Бромлей; Науч.-ред. совет изд-ва «Советская энциклопедия», АН СССР; Ин-т этнографии им. Н. Н. Миклухо-Маклая. — М.: «Советская энциклопедия», 1988. — С. 23—24.
- ↑ Алексеева, Богатенков, Дробышевский, 2004, с. 161.
- ↑ Схема расовой классификации человечества В. В. Бунака в статье И. В. Перевозчикова «Расы человека». — Пустырник — Румчерод. — М.: «Большая российская энциклопедия», 2015. — С. 257—259. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—, т. 28). — ISBN 978-5-85270-365-1.
- ↑ Алексеева, Богатенков, Дробышевский, 2004, с. 165—166.
- ↑ Негрская раса / Пестряков А. П. // Нанонаука — Николай Кавасила. — М. : Большая российская энциклопедия, 2013. — С. 268—269. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 22). — ISBN 978-5-85270-358-3. Error in Webarchive template: Empty url.(Хьаьжина 30 декабрехь 2017)
- ↑ 1 2 Дробышевский С. В. Достающее звено. Первые настоящие негроиды: голоцен . Antropogenez.ru (2017). Архивйина 2017 шеран 29 декабрехь
- ↑ 1 2 Алексеева, Богатенков, Дробышевский, 2004, с. 167—168.
- ↑ Центральноафриканская раса / Пестряков А. П. // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
- ↑ Алексеева, Богатенков, Дробышевский, 2004, с. 168.
- ↑ 1 2 3 Дробышевский С. В. Достающее звено. Происхождение центральноафриканской (пигмейской) расы . Antropogenez.ru (2017). Архивйина 2017 шеран 30 декабрехь
- ↑ Южноафриканская раса / Пестряков А. П. // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
- ↑ 1 2 Дробышевский С. В. Достающее звено. Древнейшие бушмены — спорные и бесспорные . Antropogenez.ru (2017). Архивйина 2017 шеран 30 декабрехь
- ↑ Дробышевский С. В. Достающее звено. «Протонегроиды» . Antropogenez.ru (2017). Архивйина 2017 шеран 30 декабрехь
- ↑ Козинцев А. Г. Мир антропологии. Публикации. Расовая классификация в свете новых генетических данных . Antropogenez.ru (2018). Архивйина 2017 шеран 30 декабрехь
Литература
бӀаьра нисйан- Алексеева Т. И. (ред.), Богатенков Д. В., Дробышевский С. В. Антропология: Учебно-методический комплекс [Электронный учебник]. — М.: Институт дистантного образования Российского университета дружбы народов, 2004. — 459 с.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- ХӀуӀаьржа раса — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.
- Дробышевский С. В. Достающее звено. Происхождение негрской расы . Antropogenez.ru (2017). Архивйина 2017 шеран 29 декабрехь
- Негроидная раса . Физическая Антропология. Иллюстрированный толковый словарь. EdwART (2011). Архивйина 2017 шеран 30 декабрехь
- Негроиды — Станислав Дробышевский («ПостНаука») (Хьаьжина 30 декабрехь 2017)