Цийн импери
Сийлахь Цийн импери, Цийн импери йа Сийлахь Цийн пачхьалкх[2] (маньчж. ᡩᠠᡳᠴᡳᠩ
ᡤᡠᡵᡠᠨ дайцин гурунь, ций. 大清國, 大清国, : Да Цин го), маньчжурийн некъийн урхалча — тӀаьххьара импери, цунна чу йогӀу йерриг Цийчоь. Цийн импери хилла 1644 шерера 1912 шо кхаччалц 1917 шарахь йоццачу реставрацица (тӀаьхьарниг йахйелир 11 денна), цул хьалха оцу латтанаш тӀехь импери Мин йара, ткъа хийцира иза Цийн республико. Мультиоьздангаллин Цийн импери лаьттина кхо бӀешо гергга, кхоьллина хӀокху заманан цийн пачхьалкхан мехкан база.
Историн пачхьалкх | |||||
Сийлахь Цийн пачхьалкх | |||||
---|---|---|---|---|---|
ций. 大清國 | |||||
|
|||||
Шатлакхан илли: Золотой кубок | |||||
Коьрта гӀала |
Мукден (1636—1644) Пекин (1644—1912) |
||||
Мотт (меттанаш) | маньчжурийн, монголийн, цийн, тибетан | ||||
Официалан мотт | маньчжурский язык, монгольский язык, Китайн мотт, тибетский язык | ||||
Ахча |
детин лян (1636—1835) цийн юань (1835—1912) |
||||
Майда | 14,7 млн км² (1790 шо) | ||||
Бахархой |
432 000 000 ст. (1850) 400 000 000 ст. (1900) 383 100 000 ст. (1912) |
||||
Урхаллин тайпа | абсолютан монархи | ||||
Хьалха хилларш а, когаметтанигаш а | |||||
|
|||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Импери кхоьллинера чжурчжэнин тайпано Айсинь Гьоро Маньчжурера. XVI бӀешо чекхдолуш империн вассал Мин Айсиньгьоро Нурхаци волавелира вовшахтоха чжурчжэнин тайпанаш «бархӀ байракх йолу эскар». Нурхацис кхоьлллира царех тӀеман ницкъ боцург, амма социалан йукъаралла а, иза девзира маньчжураш санна. 1616 шарахь Нурхацис кхайкхийра чжурчжэнин пачхьалкх Цзинь меттахӀоттор (исторехь иза йевзина «ТӀаьхьара Цзинь»), ткъа ша хан кхайкхийна.
1636 шарахь цуьнан кӀанта Айсиньгьоро Абахайс долийна арататта цийн ницкъаш (тъӀаьхьарчу хьосташкахь олу минан)[3] Ляонинера, кхоьллира керла импери Цийн. 1644 шарахь ахархойн гӀаттаман эскаро, коьтехь Ли Цзычэн вара, схьайаьккхира импери Минан коьрта шахьар Пекин. Китайн инарла У Саньгуй берта вахана маньчжурашца, дӀайиллира Шаньхайгуанан дехьаволийла бархӀ байракх йолчу эскарна, коьртехь принц Доргонь волчу, цуо иэшийна гӀовттамхой, аракхийсина уьш Пекин чуьра. Маньчжураш Цийчоь йаккхар лаьттира 1683 шо кхаччалц, чекхйелира император Канси (урхалла дина 1661—1722) волчу хенахь. Императоран Цяньлунан Итт сийлахь гӀала[en], цуо кхоьллина уьш 1750—1790-гӀа шерашкахь, Цийчоьнан Ӏаткъам шорбина Йуккъерачу Азехь. ХӀетте а Цийн хьалхара урхалчаш маньчжурийн кепара дахар леладора, лелайора официалан императоран титул, кхин дӀа цуьнца цхьаьна буьсура монголин ханаш, дола дора Тибетера буддизман, цара урхалла дора махкахь конфуцийн хьесап лелош, Цийчохь ламаста хилла йолу бюрократин аппарат а лелош. Цара Ӏалашйира ламаста экзаменийн система, цийн-хань Ӏедалан аппарат йукъа битархьама, даржийра вассалан йукъаметтигаш гергарчу пачхьалкхашна йукъахь, царех боьллера уьш хьалхарчу империн заманахь дуьйна. Тайвань санна регионашкахь, цийн паччахьийн арахара политика тера йара колониаланчух[4].
Императоран Цяньлунан (1735—1796) урхалла императоран ницкъалин апогей хилира, цигара йолайелира чуйуза Ций. Империн бахархой тӀекхийтира 400 миллион стаг гергга, амма налогаш лахара йуьсура, цуо бух биллира хин болчу баланийн а, къоьллан а. Коррупци массанхьа а йара, ткъа гӀовттамхоша правительствога кхойкхура лата, оцу хенахь урхалла ден элитин ца лаара, дуьненахь хийцамаш болучу хенахь, шайна гар хийца. Хьалхара опиуман тӀамехь тоьлла Цийн имперел, европин пачхьалкхаш цхьатеррабакъонаш йоцу барт бира цаьрца, маьрша йохк-иэцар, эксмехкалла, маьрша порташ йукъайехира, уьш кхечу мехкийн тергонехь йара. Тайпинийн гӀаттамо (1850—1864) а, Дунганийн гӀаттамо а Йуккъерачу Азехь дӀадахьира 20 миллион сов стеган дахар[5]. Берриг и бохамаш цхьанатуьйхира йукъараллин элиташ а, гӀоьртира рогӀера боцу хийцамаш бан[en]. Амма церан хьалхара жамӀаш хӀаллакдира Цийн импери иэшаро Хьалхара японан-цийчоьнан тӀамехь. 1895 шарахь иэшоро йайира Тайванан а, Корейн а терго. ТӀеман хийцамаш болийра, амма амбицеш йолу Хийцамийн бӀе де 1898 шарахь буьйхира, император-аьзни Цыси дуьхара латтарна. Цул тӀаьхьа, Боксёрийн гӀаттамна дуьхьало йеш, бархӀ пачхьалкх тӀелетира Маньчжурина а, Цийчоьнна а. Империн гӀуллакхашна кхи пачхьалкхаш йукъагӀертарна дуьхьала болу гӀаттамна, цуо цийн къоман-маршонан боламан амал лелайора, нийса ца кхийтира урхалин чкъор (иза хьалха санна алсама маньчжурийн дара). Император-аьзни Цыси йуьхьанца гӀовттамхошца йара, цул тӀаьхьа, цаьрга толам баккхалур боцийла кхетта, интервентийн агӀо йелира.
ТӀаьххьара барт бан реза хилла, правительство бира цул тӀаьхьа махкахь ца хиллачу кепара налогийн а, административан а хийцамаш[en], цара шайна чулоцура, керла законийн гулам а, пачхьалкхан экзаменаш дӀайахар а. Сунь Ятсена а,кхечу революционераша а къосам латтабора, ишттачу хийцамхошца, масала, Лян Цичаоца а, Кан Ювэй тайпана монархисташца а, уьш гӀертара хийца Цийнан монархи хӀокху заманан пачхьалкхаца. Император Гуансюй а, император-аьзна Цыси а беллачул тӀаьхьа 1908 шарахь компромисс йоцучу маньчжурин суьдо совцийра хийцамаш. 1911 шеран 11 октябрехь дуьйладелира адам сийсар, цунах хилира Синьхайн революци. ТӀеххьара императоро Пу Ис йитира Ӏарш 1912 шеран 12 февралехь.
ЦӀе
бӀаьра нисйанНурхацис шех олура «Лепаш волу Хан» а, «ТӀаьхьара Цзинь» (дуьххьала дӀа «деши»). И дош лелийна империн цӀарчохь Цзинь а, цуьнан шен тайпанех Айсиньгьоро (Айсин маньчжурийн маттахь «деши» бохург ду)[6]. Его сын Айсиньгиоро Абахай переименовал государство в Великая Цин в 1636 году[2]. Кхин а цхьа маьӀна ду дешан Цийн («цӀена»). ЦӀе харжа тарлора кхин а дӀахалор а, контрбарам санна хьалхалерачу пачхьакхах Мин, цу йукъахь гуш дара маьӀна «малх» (日) а, «бутт» (月) а, уьш цийн зодиакехь йогӀу цӀеран йуьхьигца. Цу тӀе «Цийн» йогӀура хица. Иштта йешаро таро йора дов гайта Минна а, Цийнна а йукъахь, дов цӀарна а, хинна а йукъахь санна (Цийнан толам цӀе дӀайайина хи ду), кхин тӀе йара буддийн коннотацеш[7] Маньчжурий daicing схьадаьлла хила тарло монголийн дашах «тӀемло». Шен рогӀехь, Daicing gurun, билгала доккхура «тӀемлойн пачхьалкх» монголашна а, маньчжурашна а. Амма гуттар тӀаьхьачу заманахь маньчжурашна шайна дицделлера и маьӀна[8].
Чоьхьара Цийчоь схьайаьккхина, маньчжураша элира шайн пачхьалкхах Цийчоь а, Китай а (中國, Zhōngguó; «Йуккъера Паччахьалла»), маньчжурийн маттахь олура Dulimbai Gurun (Dulimbai бохург «йуккъера» ду, gurun — «къам» йа «пачхьалкх» ду). Официалан документашкахь махках олура «Китай» а, «Цийн» а, цу йукъахь дуьненайукъара берташкахь, Китай йевзара дуьненахь Цийн санна[9] йа «Китайн Импери»[10]), ткъа «китайн матто» (Dulimbai gurun i bithe) йукъаозабора китайниг, маньчжурийнаг, монголийнаг, оцу заманахь, «китайхой» (中國之人 Zhōngguó zhī rén; маньчжурийн: Dulimbai gurun i niyalma) кхетабора берраш империн бахархой[11]. Оцу бертийн Китайн версехь дешнаш «Цийн» а, «Китай» а леладора вовшашца хийцалуш дерш санна[12].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- Комментареш
- Хьосташ
- ↑ Encyclopædia Britannica (инг.)
- ↑ 1 2 Yamamuro, Shin'ichi. Manchuria Under Japanese Domination(бил-боцу.). — University of Pennsylvania Press, 2006. — С. 246. — ISBN 978-0-8122-3912-6.
- ↑ Секретные маньчжурские записи . ТӀекхочу дата: 2022 шеран 15 январь. Архивйина 2022 шеран 15 январехь
- ↑ Teng, Emma Jinhua. Taiwan's Imagined Geography: Chinese Colonial Travel Writing and Pictures 1683–1895(ингалс.). — Cambridge, MA, USA: Harvard University Asia Center, 2006. — ISBN 978-0674021198.
- ↑ Platt, 2012, p. p. xxiii.
- ↑ Elliott (2001), p. 56.
- ↑ Crossley (1997), pp. 212–213.
- ↑ Elliott (2001), p. 402, note 118.
- ↑ Treaty of Nanking. 1842.
- ↑ McKinley, William. «Second State of the Union Address». 5 Dec. 1898.
- ↑ Zhao (2006), pp. n 4, 7–10, and 12–14.
- ↑ Bilik, Naran. Names Have Memories: History, Semantic Identity and Conflict in Mongolian and Chinese Language Use. // Inner Asia 9.1 (2007): 23-39. p. 34
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- China’s Population: Readings and Maps(ингалс.)
- Дмитриев С. В., Кузьмин С. Л. Империя Цин как Китай: анатомия исторического мифа // Восток (Oriens). — 2014, № 1. — С. 5—17
Литература
бӀаьра нисйан- Bartlett, Beatrice S. (1991), Monarchs and Ministers: The Grand Council in Mid-Ch'ing China, 1723–1820, Berkeley and Los Angeles: University of California Press, ISBN 978-0-520-06591-8.
- Cassel, Pär Kristoffer (2012), Grounds of Judgment: Extraterritoriality and Imperial Power in Nineteenth-Century China and Japan, Oxford University Press, ISBN 978-0-19-979205-4
- Crossley, Pamela Kyle (1997), The Manchus, Wiley, ISBN 978-1-55786-560-1.
- —— (2010), The Wobbling Pivot: China since 1800, Malden, MA: Wiley-Blackwell, ISBN 978-1-4051-6079-7.
- Dvořák, Rudolf (1895), Chinas religionen ..., vol. 12, 15 of Darstellungen aus dem Gebiete der nichtchristlichen Religionsgeschichte (illustrated ed.), Aschendorff (Druck und Verlag der Aschendorffschen Buchhandlung)
- Ebrey, Patricia (1993), Chinese Civilization: A Sourcebook (2nd ed.), New York: Simon and Schuster, ISBN 978-0-02-908752-7.
- —— (2010), The Cambridge Illustrated History of China, Cambridge University Press, ISBN 978-0-521-12433-1.
- Platt, Stephen R. Autumn in the Heavenly Kingdom: China, the West, and the Epic Story of the Taiping Civil War. — New York : Knopf, 2012. — ISBN 978-0-307-27173-0.
- Elliott, Mark C. (2000), "The Limits of Tartary: Manchuria in Imperial and National Geographies" (PDF), Journal of Asian Studies , 59: 603—646, JSTOR 2658945.
- —— (2001), The Manchu Way: The Eight Banners and Ethnic Identity in Late Imperial China, Stanford University Press, ISBN 978-0-8047-4684-7.
- Faure, David (2007), Emperor and Ancestor: State and Lineage in South China, Stanford University Press, ISBN 978-0-8047-5318-0.
- Hauer, Erich (2007), Corff, Oliver (ed.), Handwörterbuch der Mandschusprache, vol. 12, 15 of Darstellungen aus dem Gebiete der nichtchristlichen Religionsgeschichte (illustrated ed.), Otto Harrassowitz Verlag, ISBN 3447055286
- Hsü, Immanuel C. Y. (1990), The rise of modern China (4th ed.), New York: Oxford University Press, ISBN 978-0-19-505867-3.
- Kaske, Elisabeth (2008), The politics of language in Chinese education, 1895–1919, Leiden: BRILL, ISBN 978-90-04-16367-6.
- Li, Gertraude Roth (2002), "State building before 1644", in Peterson, Willard (ed.), The Ch'ing Empire to 1800, The Cambridge History of China, vol. 9, Cambridge: Cambridge University Press, pp. 9—72, ISBN 978-0-521-24334-6.
- Liu, Kwang-Ching; Smith, Richard J. (1980), "The Military Challenge: The North-west and the Coast", in Fairbank, John K.; Liu, Kwang-Ching (eds.), Late Ch'ing, 1800–1911, Part 2, Cambridge History of China, vol. 11, Cambridge, England: Cambridge University Press, pp. 202—273, ISBN 978-0-521-22029-3.
- Murphey, Rhoads (2007), East Asia: A New History (4th ed.), Pearson Longman, ISBN 978-0-321-42141-8.
- Myers, H. Ramon; Wang, Yeh-Chien (2002), "Economic developments, 1644–1800", in Peterson, Willard (ed.), The Ch'ing Empire to 1800, The Cambridge History of China, vol. 9, Cambridge: Cambridge University Press, pp. 563—647, ISBN 978-0-521-24334-6.
- Naquin, Susan; Rawski, Evelyn Sakakida (1987), Chinese Society in the Eighteenth Century, Yale University Press, ISBN 978-0-300-04602-1.
- Perdue, Peter C. (2005), China Marches West: The Qing Conquest of Central Eurasia, Harvard University Press, ISBN 978-0-674-01684-2.
- Platt, Stephen R. (2012), Autumn in the Heavenly Kingdom: China, the West, and the Epic Story of the Taiping Civil War, Alfred A. Knopf , ISBN 978-0-307-27173-0.
- Rawski, Evelyn S. (1998), The Last Emperors: A Social History of Qing Imperial Institutions, Berkeley and Los Angeles: University of California Press, ISBN 978-0-520-21289-3. Paperback edition (2001) ISBN 978-0-520-92679-0.
- Reynolds, Douglas Robertson (1993), China, 1898–1912 : The Xinzheng Revolution and Japan, Cambridge, Mass.: Council on East Asian Studies Harvard University : Distributed by Harvard University Press, ISBN 978-0-674-11660-3.
- Rowe, William T. (2002), "Social stability and social change", in Peterson, Willard (ed.), The Ch'ing Empire to 1800, The Cambridge History of China, vol. 9, Cambridge: Cambridge University Press, pp. 473—562, ISBN 978-0-521-24334-6.
- —— (2009), China's Last Empire: The Great Qing, History of Imperial China, Cambridge, MA: Harvard University Press, ISBN 978-0-674-03612-3.
- Spence, Jonathan D. (2012), The Search for Modern China (3rd ed.), New York: Norton, ISBN 978-0-393-93451-9.
- Tejapira, Kasian (2001), "Pigtail: a prehistory of Chineseness in Siam", in Tong, Chee Kiong; Chan, Kwok B. (eds.), Alternate Identities: The Chinese of Contemporary Thailand, Singapore: Times Academic Press, pp. 41—66, ISBN 978-981-210-142-6.
- Têng, Ssu-yü; Fairbank, John King, eds. (1954) [reprint 1979], China's Response to the West: A Documentary Survey, 1839–1923, Cambridge, MA: Harvard University Press, ISBN 978-0-674-12025-9.
- Torbert, Preston M. (1977), The Ch'ing Imperial Household Department: A Study of Its Organization and Principal Functions, 1662–1796, Harvard University Asia Center , ISBN 978-0-674-12761-6.
- Wakeman, Frederic (1986), The Great Enterprise: The Manchu Reconstruction of Imperial Order in Seventeenth-century China, Berkeley and Los Angeles: University of California Press, ISBN 978-0-520-04804-1.
- Wright, Mary Clabaugh (1957), The Last Stand of Chinese Conservatism: The T'ung-Chih Restoration, 1862–1874, Stanford: Stanford University Press, ISBN 978-0-80470475-5.
- Wu, Shuhui (1995), Die Eroberung von Qinghai unter Berücksichtigung von Tibet und Khams 1717 – 1727: anhand der Throneingaben des Grossfeldherrn Nian Gengyao, vol. 2 of Tunguso Sibirica (reprint ed.), Otto Harrassowitz Verlag, ISBN 3447037563
- Zhao, Gang (2006), "Reinventing China Imperial Qing Ideology and the Rise of Modern Chinese National Identity in the Early Twentieth Century" (PDF), Modern China , 32 (1): 3—30, doi:10.1177/0097700405282349, JSTOR 20062627, Архивировано (PDF) из оригинала 2014 ш. 25 мартехь, Дата обращения: 2016 ш. 28 январехь. Архиван копи 2014 шеран 25 мартехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- Дополнительная литература
- Bickers, Robert (2011), The Scramble for China: Foreign Devils in the Qing Empire, 1832–1914, Penguin, ISBN 978-0-7139-9749-1.
- Cotterell, Arthur (2007), The Imperial Capitals of China – An Inside View of the Celestial Empire, London: Pimlico, ISBN 978-1-84595-009-5.
- Dunnell, Ruth W.; Elliott, Mark C.; Foret, Philippe; et al., eds. (2004), New Qing Imperial History: The Making of Inner Asian Empire at Qing Chengde, Routledge, ISBN 978-1-134-36222-6.
- Esherick, Joseph; Kayalı, Hasan; Van Young, Eric, eds. (2006), Empire to Nation: Historical Perspectives on the Making of the Modern World, Rowman & Littlefield, ISBN 978-0-7425-4031-6.
- Fairbank, John K.; Liu, Kwang-Ching, eds. (1980), Late Ch'ing 1800–1911, Part 2, The Cambridge History of China, vol. 11, Cambridge: Cambridge University Press, ISBN 978-0-521-22029-3.
- Paludan, Ann (1998), Chronicle of the Chinese Emperors, London: Thames & Hudson, ISBN 978-0-500-05090-3.
- Peterson, Willard, ed. (2003), The Ch'ing Empire to 1800, The Cambridge History of China, vol. 11, Cambridge: Cambridge University Press, ISBN 978-0-521-24334-6.
- Rowe, William T. (2009), The Great Qing, Cambridge, MA: Harvard University Press, ISBN 978-0-674-03612-3.
- Smith, Richard Joseph (1994), China's Cultural Heritage: The Qing Dynasty, 1644–1912, Westview Press, ISBN 978-0-8133-1347-4.
- Spence, Jonathan (1997), God's Chinese Son: The Taiping Heavenly Kingdom of Hong Xiuquan, New York: W. W. Norton & Company, ISBN 978-0-393-31556-1.
- Struve, Lynn A. (1968), Voices from the Ming-Qing Cataclysm: China in Tigers' Jaws, New Haven: Yale University Press, ISBN 978-0-300-07553-3.
- —— (2004), The Qing Formation in World-Historical Time, Harvard University Asia Center, ISBN 978-0-674-01399-5.
- Waley-Cohen, Joanna (2006), The culture of war in China: empire and the military under the Qing dynasty, I.B. Tauris, ISBN 978-1-84511-159-5.
- Woo, X.L. (2002), Empress dowager Cixi: China's last dynasty and the long reign of a formidable concubine: legends and lives during the declining days of the Qing dynasty, Algora Publishing, ISBN 978-1-892941-88-6.
- Zhao, Gang (2013), The Qing Opening to the Ocean: Chinese Maritime Policies, 1684–1757, University of Hawaii Press, ISBN 978-0-8248-3643-6.
- Историография
- Newby, L.J. (2011), "China: Pax Manjurica", Journal for Eighteenth-Century Studies, 34 (4): 557—563, doi:10.1111/j.1754-0208.2011.00454.x.
- Ho, Ping-Ti (1967), "The Significance of the Ch'ing Period in Chinese History", The Journal of Asian Studies, 26 (2): 189—195, JSTOR 2051924.
- —— (1998), "In Defense of Sinicization: A Rebuttal of Evelyn Rawski's 'Reenvisioning the Qing'", The Journal of Asian Studies, 57 (1): 123—155, JSTOR 2659026.
- Rawski, Evelyn S. (1996), "Reenvisioning the Qing: The Significance of the Qing Period in Chinese History", The Journal of Asian Studies, 55 (4): 829—850, JSTOR 2646525.
- Waley-Cohen, Joanna (2004), "The New Qing History", Radical History Review, 88 (1): 193—206, doi:10.1215/01636545-2004-88-193.
- Wakeman, Frederic E. The Fall of Imperial China(бил-боцу.). — New York: Free Press, 1975. — ISBN 0029336902.