ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а къаьмнийн юкъараллаш
ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а къаьмнийн йукъараллаш — ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан (ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара Комитетан а, ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а йукъараллин дуьненайукъара Федерацин а цхьаьна) дакъа. Тахана ЦӀЖ а, ЦӀБДФ юкъайогӀу 186 къоман йукъаралла.
Шайн балхатӀехь къаьмнийн йукъараллаш 1965 шарахь Венехь ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара ХХ конференцехь кхайкхинадолу ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан хьесапаш леладо.
ЦӀен ЖӀаран коьрта хьесапаш
бӀаьра нисйанЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан коьрта вархӀ хьесап кховдина доктора Пикте Жана. ТӀеэцна 1965 шарахь Венехь хиллачу ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара конференцехь. Оцу хьесапашца куьйгалла до массо а ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а къаьмнийн йукъараллаша, ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а йукъараллин дуьненайукъара Федерацино, ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара Комитето. Коьрта хьесапаш чӀагӀдина ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан уставан преамбулехь.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |