ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара болам

ХӀокху версин 8 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 9 январь).

ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара болам (кхин а бевза Дуьненайукъара ЦӀен ЖӀар йа Дуьненайукъара ЦӀен Бутт аьлла) — дуьненайукъара гуманитаран болам, кхоьллина 1863 шарахь, цхьанатуху дуьненахь 100 миллион сов белхалой а, волонтераш а.

ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара болам
Административан центр
Организацин тайпа международная негосударственная организация, агентство по оказанию помощи
Кхоьллар
Кхоьллина терахь 1863 шеран 17 февраль[1]
Белхалойн барам
  • 300 000 стаг
СовгӀаташ
icrc.org(ингалс.)
ifrc.org(ингалс.)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Боламо «Цхьан а къестамаш а боцуш массо а халонехь волчунна гӀодар, иза бахьнехь Дуьненан тӀехь машар хӀотторхьама» шен коьрта Ӏалашо лору[2].

Дуьненайукъара ЦӀен ЖӀаран коьрта дакъош:

Боламан куьйгаллин меженаш:

  • ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан дуьненайукъара конференци — хуьлу 4 шарахь цкъа. Цигахь къаьмнийн йукъараллин вовшехкхетарш хуьлу Женеван Конвенцин пачхьалкхийн-декъашхойн векалшца.
  • Векалийн Кхеташо — Кхеташо вовшахкхетарш хуьлу 2 шарахь цкъа.
  • Даиман йолу комисси — йу Дуьненайукъара конференцин векалйина меже Конференцешна йукъарчу муьрехь.

Бух буьллу принципаш

бӀаьра нисйан
 
ЦӀен бутт тӀехь болу сиха гӀоьнан автомобиль. Бакох, Азербайджан
 
ЦӀечу Беттан автомобиль Туркменехь

Кхайкхийна 1965 шарахь ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а Дуьненайукъара ХХ конференцехь Венехь.

Шен балхехь волонтёраша а, ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а йукъараллин белхалоша а куьйгалла до оцу фундаментан принципашца.

Адамалла

ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара болам, гӀодан Ӏалашо йолуш кхоьллина тӀеман аренашкахь массо а чевнаш йинчарна цхьа йукъара а ца воккхуш, цхьаьн озабезам а ца беш, гӀерта муьлххачу хьолехь а, дуьненайукъара хуьлда иза йа къоман тӀегӀан тӀиера хуьлда иза, адамо бала хьегар дӀадаккха а, аттачу даккха а. Боламан декхар ду адамийн дахар а, могашалла а ларъян, адаман сий дайтар. Цуо аьтту бо вовшех кхета, доттагӀалла лело, вовшен гӀодан, халкъашна йукъахь чӀоггӀа машар латтабан.

Озабезам ца хилар

Боламо ца йо цхьан а дискриминаци къам, бос, дин, класс йа политикин ойла бахьнехь. Иза адамийн баланаш лагӀбан бен ца гӀерта, уггар хьалха, уггар чӀогӀа оьшучунна а беш.

ЙукъацагӀертар

Массеран а тешам хилийтархьама, Боламан йишяц тӀеман девнехь цхьан а агӀо лаца, политикин, расан, динан йа идеологин амалийн къийсамаш йукъагӀерта.

Бозуш цахилар

Болам бозуш бац. Къамнийн йукъараллаш, шайн правительствошна гуманитаран гӀуллакхехь гӀодеш, шайн пачхьалкхан законашна муьтӀахь йолуш, тӀаккха а даиман автономи латтон еза, ЦӀечу ЖӀаран принципашца лела таро хилийта.

Шен лаамехь хилар

Шен лаамца лелон гӀодаран белхашца Болам пайда баккха ца гӀерта.

Цхьаалла

Пачхьалкхехь цхьаъ бен хила йиш йац ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан къоман йукъаралла. Иза хилаеза йиллина массарна а, шен гуманитаран болх пачхьалкхан шайолчу меттигашкахь бан а беза.

Универсалалла

Болам дуьненайукъара бу. Массо а къаьмнийн йукъараллаш цхьатерра бакъонаш йолуш йу, декхарийлахь йу вовшен гӀодан.

 
ЦӀен кристалл, ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан динан нейтралитетан символ йу
 
Туркойчоьнан поштан-налогин марка. Гулделларг ЦӀен Беттан фонде доьду (1928, 1 пиастр).

ЦӀЖДЮК дуьххьарлера эмблема — цӀен жӀар кӀайчу баса тӀехь — йуьхьанца дуьйна а динан маьӀна дацара, гойтура ша швейцарин байракхан (цӀечу баса тӀехь кӀайчу жӀаран метта — цӀениг кӀайчун тӀехь) негативан копи (инверси). Амма 1877—1878 шерашкара оьрсийн-туркойн тӀамехь Хункар-мехко дӀайаьккхира и эмблема, хийцира цӀечу беттаца, хӀунда аьлчи цӀечу жӀаро йора негативан ассоциаци жӀарахошца.

1929 шеран Женеван конвенцис къобал бира цӀен бутт шолгӀа эмблема санна. И эмблема лелайо къаьмнийн кхолламаша дукхах йолу бусулбаченран мехкашкахь, амма массанхьа йац, алсама бахархой бусулбанаш болчохь бен. Иштта, ХӀиндонезехь къоман йукъаралло лелайо цӀен жӀаран эмблема: йукъараллин куьйгалхочо дийцарехь, иза доьзна ду кхоллам а, жӀаран эмблема а, пачхьалкх а — динан нейтралитет йолуш йу[3].

Иштта официалан символан статус йелла цӀечу лоьман а, маьлхан а хьаьркан, хьалха 1980 шо кхачале лелош хиллайолу Исламан Республикин Иранан пачхьалкхан ХӀост.

2005 шеран декабрехь, цхьана символан кховдина болу цӀен Давудан седа дӀатеттинчул тӀехьа, Исраил дипломатийн а, Америкин ЦӀен ЖӀаран векалшан а ницкъашца гучуйелира кхоалгӀа динан-нейтралан эмблеман проект — цӀен кристалл[4].

ЦӀен жӀар 1906 шарахь дуьйна йу иштта чӀагӀйина «Johnson & Johnson» фирман йохк-эцаран марка, ша эмблема лело йолийра фирмано 1887 шарахь. 1905 шарахь АЦШ Конгрессо цӀен жӀаран символ лело бакъо дӀайаьккхира муьлххачу кхолламна, ЦӀен ЖӀара йоцучунна. J&J шен эмблема хьалха чӀагӀйар бахьна долуш, иза декъара йаьккхира.

ЦӀен жӀар йу лардаран эмблема, чӀагӀйина йу ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан хьаьрк аьлла, цундела и символика лело кхечу кхолламашна магийна дац дуьненайукъара законашца. 1949 шеран Женеван конвенцино чӀагӀйина ЦӀЖДК бакъонан статус, иза бахьнехь ЦӀен ЖӀаран (ЦӀен Беттан) хьаьрк ларъеш йу дуьненахь.

Советийн Союзехь, тӀехьа ДЙП пачхьалкхаша а цӀечу жӀараца билгалйоккхура медицинех хьакхалуш йолу массо а хӀума. Иштта символ лелаяро хеттарш хиттор ду[5]. Цул сов, символ тӀеман хенан бен йогӀуш йац. Украинехь 2002 шарахь тӀеэцна закон, официалан ца магош символ шайна ма-луъу лелаяр. Иза бахьнехь цӀен жӀар яйна сихонан медицинан гӀоьнан машенаш тӀиера[6], ткъа некъан сервисан хьаьркаш тӀехь «Хьалхара медицинан гӀоьнан пункт» а, «Дарбанан цӀа» а хьаьркаш хийцира кӀайн жӀараца баьццарчу басар тӀехь йа баьццара жӀар кӀайн басар тӀехь.

ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитет

бӀаьра нисйан

Сольферино, Анри Дюнан а, ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитет кхоллар а

бӀаьра нисйан
 
Анри Дюнан, «Сольферинон дагалецамаш» жайнин автор

19 бӀешераш йуккъе даххалц йацара тӀамехь чевнашйина салташна дарбадаран эффективан система а, уьш дӀатарбан кхерам боцу меттиг а. 1859 шарахь июнехь швейцарин бизнесмена Дюнан Анри Францино оккупаци йинчу Итали веара французин императорца III Наполеонаца цхьанакхета а, Алжирехь бизнес лелоран халонех дагавала цуьнца. Сарахь 24 июнехь иза кхечира Сольферино гӀала, цигахь иза хилира тӀеман теш, цигахь велира йа чевнаш йира 40 эзар гергга салташна шине а агӀора. Дюнан Анри воьхна вара тӀеман тӀехье а, мискъалзарратал медицинан гӀо цахилар а бахьнехь. Цуо хьалха хилла Ӏалашо дӀатеттира, масех де дайира чевнаш йинчарна дарбадеш а, цаьрга хьожуш а. Женеве цӀа веачи, цунна жайна йаздан лиира, 1862 шарахь иза «Сольферинон дагалецамаш» цӀе йолуш зорбатуьйхира шен чоьтах. Цуо дӀасаяхьийтира жайнин масех экземпляр Европера коьртачу политикин а, тӀеман а гӀуллакххошна. Жайна арахецар доцуш, Дюнан волавелира тӀамехь чевнаш йинчу салташна гӀодан къаьмнийн шайн лаамца йолу кхолламаш кхолларан ойланаш йан. Цул сов, цуо кхайкхамбора нейтралан медикашна а, тӀеман аренашкара дарбанан цӀеношна а кхерамазалла луш дуьненайукъара барт кечбан а, куьг йаздан а.

1863 шеран 9 февралехь Женевехь, Дюнан Анрис кхоьллира «Пхеан комитет», Дюнан ша воцуш, оцу йукъавахара кхин а дош лелаш болчу женеверчу доьзалийн виъ векал: Муанье Гюстав, Женеван нехан аьттон йукъараллин юрист а, председатель а волу, аренан хьолашкахь дукха болх бина волу лор Аппиа Луи, цуьнан коллега Женеван гигиенан а, могашалла Ӏалашйаран а комиссера Теодор Монуар Аппиа, швейцарин эскаран гӀараваьлла инарла Дюфур Гийом-Анри. Комитет Женеван нехан хьолан йукъараллин комисси йара. Цуо шена Дюнанан ойланаш таллар а, кхочушйар а, уьш практике йахархьама дуьненайукъара конференци йан а Ӏалашо хӀоттийра. БархӀ де даьлча пхеаммо барт бира шайн комитетан цӀе хийца «Чевнашйинчарна гӀодаран дуьненайукъара комитет» аьлла. 1863 шеран 26-29 октябрехь Женевехь дӀайаьхьира комитето кечйина дуьненайукъара конференци. Конференцино тӀеман аренашкахь медицинан гӀуллакххошка болх тобайтархьама Ӏалашо хӀоттийра практикан белхан система кечйар. Конференцехь дакъалецира 36 делегата: пачхьалкхийн правительствошкара 18 официалан делегат, 6 векал правительствон боцу кхолламашкара, 7 официалан воцу кхечу пачхьалкхашкара делегат, 5 комитетан декъашхо. Конференцехь йара: Австро-Мажаран импери, Баден, Баварин пачхьалкх, Франци, Йоккха Британи, Ганновер, Гессен-Кассель, Италин пачхьалкх, Нидерландаш, Прусси, Российн импери, Саксонин пачхьалкх, Испани, Шведийн-норвегийн уния, Йоккха Британин а, Ирландин а цхьанатоьхна пачхьалкх.

Конференцино 1863 шеран 29 октябрехь тӀеэцначу резолюцехь, бара хӀара кховдамаш:

  • Чевнашйинчу салташна гӀоьнна къоман йукъараллаш кхоллар;
  • Нейтраналлан статус а, чевнашйинарш ларбар а;
  • ТӀеман аренашкахь гӀодан волонтераш лелабар;
  • Керла конференцеш яр, и концепцеш дуьненайукъара бертан бакъонаш ларйархьама йукъаягӀийтар Ӏалашо йолуш;
  • Медицинан персоналан уьш къастийтархьама, цӀен жӀар йолу бехчалг, йукъара символ хилийтар.

ШолгӀачу шарахь швейцарин правительствос кхайкхира массо а европин пачхьалкхийн, ткъа иштта АЦШ, Бразилин, Мексикин правительствош официалан дипломатийн конференце. Шайн делегаташ хьовсийра Женеве ялхийтта пачхьалкхо. 1864 шеран 22 августехь конференцис чӀагӀйира «ТӀеман аренашкахь тӀомбеш долчу эскарийн цомгашчеран а, чевнашйинчеран а хьал тодар» аьлла йолу дуьххьарлера Женеван конвенци. Цунна куьг йаздира 12 пачхьалкхан векалша: Баденан, Бельгин, Данин, Францин, Гессенан, Италин, Нидерландийн, Португалин, Пруссин, Швейцарин, Испанин, Вюртемберган. Конвенци латтара 10 статьях, цара хӀиттийра хьалхара тӀеэгийна бакъонаш, цара гаранти йелира нейтралаллин а, тӀеман конфликтехь чевнаш йина салташна, медицинан персоналан, гуманитаран кхолламашна гӀодаран а. Цул сов, конвенцис хӀоттийра Къоман йукъараллийн дуьненайукъара комитет къобалйархьама шиъ бехкам:

  • Къоман йукъаралла къобалйина хилаеза шен правительство
  • Пачхьалкхан къоман правительство Женеван конвенцин декъашхо хилаеза
 
Женеван хьалхара конвенцин оригинал, 1864

Женеван конвенцин куьг йаздешшехь кхоьллира къоман йукъараллаш Бельгехь, Данехь, Францехь, Ольденбургехь, Пруссехь, Испанехь, Вюртембергехь. 1864 шарахь дуьйна Аппия Луи а, голландин эскаран капитан волу ван де Вельде Шарль а, тӀеман конфликт йолуш цӀен жӀаран эмблемаца болхбан буьйлабелла дуьххьарлера бозушбоцу а, нейтралан а векалш хилира. Кхо шо даьлча, 1867 шарахь, кхайкхира дуьххьарлера тӀамехь чевнашйинчарна медицинан гӀодаран Къоман йукъараллин дуьненайукъара конференци.

Оццу, 1867 шарахь, Дюнан Анрин кхайкхо дийзира банкроталла Алжирера шен бизнесан аьтту цахиларна, цуьнан дукхах долу бахьна Дуьненайукъара комитетехь цахеддаш къахьегар дара. Бизнесан аьтту цахиларо а, Муанье Гюставца дов хиларо а дӀаваьккхира Дюнан Комитетан секретарь даржера, декъашхошна йукъара а дӀаваьккхира иза. Дюнан бехкевира харц банкроталлехь. Иза лаца йазйина ордер а йара. Цуьнан йита йийзира ша вина гӀала, кхин цкъа а йуха а ца веара цига.

Цул тӀехьа боламан къоман кхоьллира массо а аьлча санна европин пачхьалкхашкахь. 1876 шарахь комитето чӀагӀйира цӀе а «ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитет» аьлла, иза хӀинци а йолуш йу. пхи шо даьлчи Бартон Кларин ницкъашца кхоьллира Америкин ЦӀен ЖӀара. Женеван конвенцин куьг йаздина пачхьалкхаш алсам евлира, цуьнан низам кхочушдан долийра. ЦӀен ЖӀаран болам массара а къобалбира, шайн лаамца къоман комитеташкахь болхбан резахуьлура дуккха нах.

1901 шарахь дуьххьара Нобелевн дуьненан премеш лучу хенахь, Норвегийн Нобелевн комитето барт бира иза яла цхьанне Дюнан Анрин а, Пасси Фредерикана а — гӀараваьллачу пацифистана. Коьрта хилам, Нобелевн премица совгӀат дар доцуш, бара официалан ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитето декъалавар, цуо гайтира Дюнан Анрин реабилитаци а, цуо ЦӀен ЖӀара кхуллуш бинчу белхан йоккха роль а. Дюнан велира ис шо даьлчи жимачу швейцарин курортан Гейден гӀалахь. Дюнанан къена мостагӀ, Муанье Гюстав велира ши бутт хьалха. Иза Комитетехь президент лаьттира исторехь уггар дукха.

1906 шарахь 1867 шеран Женеван конвенци йухакегийра. Шо даьлчи ШолгӀа дуьненайукъара машаран конференцис Гаагехь тӀеийцира 1907 шеран Гааган конвенци, цуо шорбира Женеван конвенцин болх хӀордан тӀиера тӀеман гӀуллакхаш тӀе а тоьхна. Хьалхара дуьненан тӀом болалуш, ЦӀен ЖӀара кхоьллина а, Женеван хьалхара конвенци тӀеэцна а 50 шо даьлчи, дуьненахь 45 къоман йукъаралла йара чевнашйинчарна гӀодеш. Болам арабелира Европин а, Къилбаседа Америкин а дозанашкара, цунна йукъайахара Йуккъерчу а, Къилбан а Америкин пачхьалкхаш: Аргентина, Бразили, Чили, Куба, Мексика, Перу, Сальвадор, Уругвай, Венесуэла, Азин пачхьалкхаш: Цийн Республика, Япон, Корей, Сиам; Африкин пачхьалкхаш: Къилба-Африкин Республика.

Дуьненан хьалхара тӀом болучу хенахь

бӀаьра нисйан
 
1915 шеран Французийн листовка

Дуьненан хьалхара тӀом болалуш ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитет Ӏоттайелира чолхечу гӀуллакхех, цуьнца лара ца йелира къаьмнийн йукъараллийн гӀоьнца бен. Европин пачхьалкхийн медицинана гӀоьнна баьхкира шадолу дуьнен тӀиера ЦӀен ЖӀаран белхалой, царна йукъахь АЦШ а, Япон а. 1914 шеран 15 октябрехь, ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитето кхоьллира ТӀеман йийсархойн гӀуллакхийн дуьненайукъара агентство, 1914 шо чекхдолуш цигахь болхбеш вара 1200 стаг, дукхахберш волонтераш. ТӀом чекхболуш Агентствос дӀасадахьийтира 20 миллион сов кехат а, хаам а, 1,9 миллион совгӀат, 18 млн швейцарин франк сагӀа гулдина. Агентствон гӀоьнца 200 эз. гергга тӀеман йийсархочун цӀехьа воьрзийла хилар йийсархой хийцар бахьнехь. 1914—1923 шерашкара Агентствон картотекехь 7 миллион сов йийсархойн а, тӀепаз байначеран а карточка дара. Оцу каталого гӀодира 2 млн сов тӀеман йийсархо вовзийта, гергарчаьрца уьйр таса таро йелира. ХӀинца и каталог йу женеван ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара музейхь. Каталог лелоран бакъо дозатоьхна йу.

ТӀеман хенахь ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитето девнан агӀонаша 1907 шеран Женеван конвенци кхочушйар тергойора, нагахь йохийча, низам дохийначу пачхьалкхе арз дора. Исторехь дуьххьара химин герз лелийча ЦӀен ЖӀаро протест йира. Женевин конвенцин мандат доццушехь, Дуьненайукъара комитет гӀиртира зулам хиллачу гражданийн хьал тодан. ДӀалаьцна официалан статус йолу латтанаш тӀехь, Дуьненайукъара комитето гӀодора гражданийн бахархошна 1899 а, 1907 а шерийн Гаагин конвенцица. И конвенцеш хилира иштта ЦӀен ЖӀаран йийсархошца болу белхан коьрта бакъо. Дуьненайукъара агентствон лакхахь бийцина болх боцуш, ЦӀен ЖӀаро тӀеман йийсархойн лагершна инспекци йора. ТӀом боьдуш болуш ЦӀен ЖӀаран 41 векал 524 лагерехь хилла Европин массо а маьӀӀера.

 
Хемингуэй Эрнест ЦӀен ЖӀаран сихачу гӀоьнан шоферан духар доьхна

1916—1918 шерашкахь ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитето зорбатоьхна цхьа могӀа поштан открыткийн тӀеман йийсархойн лагерашкара суьрташ долуш. Царна тӀехь дара йийсархойн денна а долу дахар, цаьрга цӀера кехаташ дар, кхин а. Дуьненайукъара комитет гӀертара иштта тӀеман йийсархойн доьзалашна дегайовхо йита, церан гергарчу нехан хьолах лаьцна ца хуушдерг лагӀдан. ТӀом чекхбаьлчи ЦӀен ЖӀаро цӀехьа берзийра 420 эз. сов тӀеман йийсархо. 1920 шарахь дуьйна репатриацин Ӏалашонаш дӀайелира хӀинцца кхоьллинчу Къаьмнийн Лиган, цуо и болх кховдийра норвегийн дипломатан Нансен Фритьофан. ТӀехьа цуьнан бакъонан мандат шордира, цуьнан декхарш йукъа беира бевддалелачарна а, арабаьхначарна а гӀодаран болх. Нансен йукъадаьккхира Нансенан паспорт олушдерг, иза лора шайн гражданалла яйна бевддалелачарна. 1922 шарахь Нансенан къинхьегам билгалбаьккхира Нобелевн дуьненан преми.

ТӀеман хенахь бинчу шен пайден болх бахьнехь ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитетан совгӀат дира 1917 шеран Нобелевн дуьненан премица. И преми йара 1914—1918 шерашна йукъахь йелла цхьаъ бен йоцург.

1923 шарахь Комитето хийцира керла декъашхой харжаран политика. Оцу хене кхаччалц Комитетехь болхбан йиш йацара Женеван бахархойн бен. И бехкам дӀабаьккхира, Комитетехь болхбан бакъо массо а швейцархочун хилира. Дуьненан хьалхарчу тӀеман зеделларг лоруш, 1925 шарахь чӀагӀбира Женевской конвенцин керла тӀетохам, цуо законера арадаьккхира герз меттана садукъдо а, дӀевшен а, биологин хӀуманаш а лелор. Диъ шо даьлчи ша Конвенци йухакегийра, чӀагйира «тӀеман йийсархой лелабаран» шолгӀа Женеван конвенци. ТӀамо а, ЦӀен ЖӀаран балхо а тӀеман муьрехь хаъал айира Комитетан репутаци а, авторитет а дуьненан йукъараллехь, цуо шорйира белхан сфера.

1934 шарахь Дуьненайукъара комитето йукъа а йаьлла, чӀагӀйира тӀеман конфликтехь маьрша бахархой ларбаран керлачу конвенцин проект. Амма дукхах йолу правительствош йацара и конвенции йукъаяккха лууш, Дуьненан шолгӀа тӀом чекхбаллалц цуо шен ницкъ ца ийцира.

Дуьненан шолгӀа тӀом болучу хенахь

бӀаьра нисйан
 
ЦӀен ЖӀарин Лодзера хаам, Польша, 1940.

Дуьненан шолгӀа тӀом болуш ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитетан белхан бакъонан бух бара 1929 шеран редакцера Женеван конвенци. Комитетан болх Дуьненан хьалхарчу тӀамехь хиллачул хийцабелла бацара: тӀеман йийсархойн лагерийн инспекци, маьрша бахархошна гӀодар, тӀеман йийсархошна кехаташ яхдан таро йалар, тӀепаз байначарах хаамаш бар. ТӀом чекхболуш 179 векало 41 пачхьалкхера 12750 тӀеман йийсархойн лагершка зиярат дина. ТӀеман йийсархойн центран хаамийн агентствохь (Zentralauskunftsstelle für Kriegsgefangene) вара 3 эз. белхало, йийсархойн картотекехь 45 миллион карточка дара, Агентство дӀасадахьийтира 120 млн кехат. Йоккха дуьхьало йара Немцойн ЦӀен ЖӀара нацисташ тергоеш хилар, женеван статьяш лоруш йацара цара.

ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитетан аьтту ца хилира нацистийн Германица концентрацин лагерашкахь адамаш лартӀахь леладаран барт бан, тӀеххьаре а, шайн Ӏаткъам сацийра тӀеман йийсархошца бен болх саца ца байтархьама. Цуьнан иштта гӀуллакх ца хилира байаран лагеран хаттарехь а, шортта европин жуьгтий а, цигонаш а байаран хаттарехь а. 1943 шеран ноябрехь Дуьненайукъара комитетан пурба делира концентрацин лагерашка посылкаш яхьийта, нагахь хууш делахь адресатан цӀе а, волу меттиг а. Посылка схьаэцаран хаам тӀехь дукха хьолахь куьг йаздора кхин чубоьхкинчара, цунна Дуьненайукъара комитетан аьтту белира 105 эз. гергга чуьвоьллинарг вовза, дӀакхачо 1,1 млн гергга посылка, дукхах дерг Дахаухь, Бухенвальдехь, Равенсбрюкехь, Заксенхаузенехь.

Хууш ду, ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитетан векал волу швейцарин эпсар Россель Морис, хилла 1943 шарахь Освенцимехь а, 1944 шарахь Терезинштадтехь а. Цуьнан дагалецамаш дӀайазбина хилла Ланцманн Клода 1979 шеран «Дийначарехь тӀехӀотта веанарг» цӀе йолчу документалан фильмехь[7] .

 
Жуно Марсель, ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитетан векал Германехь тӀеман йийсархойн лагерехь. (© Benoit Junod, Switzerland)

1945 шеран 12 мартехь ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитетан президент волу Буркхардт Карл Якобе кхаьчна хаам СС инарлегара Кальтенбруннер Эрнстегара ЦӀен ЖӀарина бакъо луш концентрацин лагере бахка. Германис биллам бира, векалш биса беза лагерашкахь тӀом чекхбаллалц. Дуьненайукъара комитето хьажийра 10 векал. Царех цхьаъ, Гефлигер Луин, аьтту белира Маутхаузен-Гузен хӀаллакйар сацо, немцойн планаш америкин эскашка дӀа а хаийтина, иштта кӀелхьарваьккхина 60 эзар гергга чувоьллинарг. Дуьненайукъара комитето емалбира цуьнан болх, хӀунда аьлча иза шайн лаамца лелош дара, цуо тӀамехь йолу ЦӀен ЖӀаран нейтралалла шеконе хӀоттийра. Гефлигеран репутацин реабилитаци ца йира 1990 шарахь бен.

Кхин къинхетаман доккха масала гайтира Будапештера Дуьненайукъара комитетан векал хилла волу Борн Фридриха. Цуо кӀелхьарабаьхна 11 — 15 эзар жуьгтий. Женеван лор волу Жуно Марсель хилла европахойх хьалхарчех цхьаъ, Хиросиме кхаьчнариг ядеран бумбанаш тоьхначул тӀехьа.

1944 шарахь ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитетан йелла шолгӀа Нобелевн дуьненан преми. Дуьненан хьалхарчу тӀамехь санна, и преми 1939—1945 шеран тӀеман муьрехь еллайолу цхьаъ бен йоцург йара. Дуьненайукъара комитето тӀом чекхбаьлчи болх бира къаьмнийн йукъараллашца, тӀамах алссама зехиллачу пачхьалкхашна гӀодан гӀерташ. 1948 шарахь Комитето шаьш бина болх зорбанехь гайтина, цигахь йаздина дара тӀом болчу хенахь бинчу балхах лаьцна. 1996 шарахь Дуьненайукъара комитетан оцу муьран архив йиллина йара академийн а, публикан а талламашна.

ТӀемал тӀехьарчу муьрехь

бӀаьра нисйан
 
Женевера ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитета штаб-квартира

1949 шеран 12 августехь чӀагӀбира керла хийцамаш хьалхалерачу шина Женеван конвенцеш йукъахь. ХӀинца шолгӀа женеван конвенци олуш болу «хӀордатӀиера тӀеман ницкъийн декъашкара човйинчеран а, цомгушчеран а, хӀурдакема доьхначеран а хьал тодар» тӀетохам, бина Женеван конвенцин коьртачу текстан 1907 шеран Гааган конвенцин тӀехье лоруш. 1929 шеран «тӀеман йийсархошка хьажаран» Женеван конвенци йара историн агӀора хьаьжчи шолгӀа, амма 1949 шарал тӀехьа цунах кхоалгӀа ала буьйлабелира, хӀунда аьлчи иза йукъайелира Гааганчул тӀехьа. Дуьненан шолгӀачу тӀеман зеделларг лоруш, чӀагӀйира «тӀеман заманахь маьрша бахархой ларбаран» Женеван еалгӀа конвенци. 1977 шеран 8 июнехь кхин а тӀеэцначу протоколаша кхайкхийра, конвенцин ницкъ хилар чоьхьарчу девнехь а, масала, гражданийн тӀемашкахь. Тахана йиъ конвенцин а, царна тӀетоьхна протоколашна а тӀехь 600 сов статья йу, 1864 шеран дуьххьарлера Женеван конвенцехь 10 статья бен йацара.

1963 шарахь бӀешеран юбилей кхочуш, ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара комитетан цхьаьна ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а йукъараллин дуьненайукъара федерацица йелла кхоалгӀа Нобелевн дуьненан преми. 1993 шарахь дуьйна Дуьненайукъара комитетан векалш хила бакъо хилира швейцарин боцу гражданийн. Оцу хенахь дуьйна Дуьненайукъара комитетан иштта болу белхалойн барам кхаьчна 35 %.

ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан XXIX конференци (2006)

бӀаьра нисйан

2006 шеран июнехь хилира ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан XXIX конференци[8], цигахь коьрта хилам бара ПалестӀинан а, Исраилан а къоман йукъараллаш Боламан йукъаэцарехь хилла барт. ХӀинца пачхьалкхана арахьа Исраилан «Маген Давид Адом» йукъараллин лаамхойн болх ларбийр бу дуьненайукъара бакъонашца.

 
МДА эмблема

Конференцин декъашхоша барт бира Боламан кхоалгӀа нейтралан эмблемех — ЦӀен Кристалл.

Давудан ЦӀен Турс цӀе йолу къоман йукъаралла йукъаэцар дӀатоьттура 60 шарахь гергга кхолламан символикан гонахьа хиллачу къийсамаш бахьнехь, хӀунда аьлчи яхӀудаш къобал ца йора христианин жӀар а, бусулбачеран бутт а. Конференцехь тӀеэцначу декларацино боху, Исраилехь эмблема хилла лелор йу цӀен кристалл — кӀайн бос тӀехь цӀен биъсаберг. Оццу хенахь барт бира, Исраилан «Давудан ЦӀен Турс», йа «Маген Давид Адом» (МДА) кхолламо Исраилехь хьалхалера символ (цӀен ялх са болу седа — гонахьа цӀен ромб йолу «Давудан турс») лело магарехь.

Бусулбанийн пачхьалкхийн векалш дуьхьала бевлира Исраил йукъа ца эцийта — масала, Шемано шайн ЦӀен Беттан йукъаралла 1981 шарахь Исраило дӀалаьцначу Голанийн лакхенаш тӀейита бохура.

ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан XXX конференци (2007)

бӀаьра нисйан

ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан XXX-гӀа дуьненайукъара конференции хилира Женевехь (Швейцари) 2007 шеран 26 — 30 ноябрехь[9].

Дуьненан шолгӀачу тӀамера ДЦӀЖ болх тахана а емалбеш лаьтта. Тешалла деш долу тептарш а, гиначеран дийцарш а, шуьйра лелийна Рюттен Кристина «ЦӀен ЖӀар КхоалгӀа рейхан заманахь» фильм йоккхуш, иза гайтина 2007 шеран 26 сентябрехь немцойн-французийн Arte каналехь. Оцу чохь, чӀогӀа емал до ДЦӀЖ хӀара гӀуллакхаш[10][11]:

  • ЦӀЖДК хьалха хиира нацистийн жуьгтий хӀаллакбаран планах дерг, амма дукха лачкъийна латтийра и хаамаш.
  • ЦӀен ЖӀаран куьйгалхойн а, белхалойн а цхьа дакъа баккхийбеш бара Гитлеран гӀуллакхех.
  • ЦӀЖДК президента Хюбер Макса ша куьйгалла дира нацистийн Германица жигара болхбечу шина предприятехь.
  • ЦӀЖДК вице-президент Буркхард Карл Гитлера хьошалгӀа кхайкхина Германехь хилира, вахарх «цецваьлла вара».
  • 1938 шарахь августехь концлагерь Дахау зиярат дарах чот луш билгалдаьккхира лагерах «дика ойла» йисар.
  • 1942 шарахь ЦӀЖДК куьйгалхошна хаам кхечира, Берлинера тӀаьххьара жуьгтий Освенциме дӀабуьгу аьлла, амма хӀумма а ца дира, и хаам нахал а ца баьккхира.
  • 1942 шеран аьхка ЦӀЖДК куьйгалхошка кхечира Дуьненайукъара жугьтийн конгрессан женеван бюрон директорера Ригнер Герхартера «хадийна чекхдаккхаран» план кхочушйаран тешалла, амма йуха а хӀумма а ца дира и хаам дӀа а ца белира.
  • 1944 шеран 23 июнехь ЦӀЖДК векало Россель Мориса зиярат дира Терезиенштадт концлагере, шен чоьтехь гайтинарг — леррина схьахаьржина диелакъежучу берийн сурташ дара.
  • 1944 шеран сентябрехь оццу Россель Мориса зиярат дира Освенцим концлагере, цхьа а хаттар ца делира газан печех а, шортта нах байарех а лаьцна, амма билгалъйаьккхира чӀогӀа хазайолу эсэсахойн маникюр.

Филателихь

бӀаьра нисйан

ССРС арахецна йара ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а боламан лерина йолу поштан марканаш:

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 https://international-review.icrc.org/articles/international-committee-red-cross-was-founded-february-17-1863
  2. Международное движение Красного Креста и Красного Полумесяца на сайте Санкт-Петербургского отделения Российского Красного Креста]
  3. BeritaSatu (2012-02-26). "Indonesian Red Cross Refuses to Change Its Logo". Jakarta Globe. ТӀекхачаран де: 2017 ш. 05 апрелехь. Архивйина 2017-04-06 — Wayback Machine
  4. Красный кристалл: эмблема Третьего Протокола вступает в силу
  5. Красный Крест — НЕ символ медицины! Архивйина 2011-06-07 — Wayback Machine
  6. Красный крест — уже не символ медицины? Архивйина 2017-08-02 — Wayback Machine
  7. VIVANT QUI PASSE. AUSCHWITZ 1943 - THERESIENSTADT 1944. R: Lanzmann [FR, 1997]. Cine-holocaust.de. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 14 апрель. Архивйина 2013 шеран 29 апрелехь Архивйина 2013-05-10 — Wayback Machine
  8. 29-я Международная конференция Красного Креста и Красного Полумесяца(ТӀе цакхочу хьажорг)
  9. 30-я Международная конференция Международного движения Красного Креста и Красного Полумесяца. Архивйина 2009-02-20 — Wayback Machine
  10. Д. Домбр. Le Monde: «Первое впечатление о Дахау скорее благоприятное…» Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  11. Газета «Минский курьер», № 223 (1324) от 26 октября 2007 года

Литература

бӀаьра нисйан
  • Красный крест // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
 
Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш
Организацин устав темин