Чарльз, Тина (баскетболхо)
Чарльз Тина Александрия (инг. Tina Alexandria Charles; йина 1988 шеран 5 декабрехь Куинсехь, Нью-Йорк, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо, левзина Зударийн къоман баскетболан ассоциацин «Вашингтон Мистикс» командехь. 2009 а, 2010 а шерашкахь «Коннектикут Хаскис» командин йукъахь иза хилира NCAA турнира чемпион. Левзина центровойн позицехь. АЦШ къоман гулйина командин йукъахь дехира 2012 шеран Лондонера Олимпийн ловзарш а, 2016 шеран Рио-де-Жанейрора Олимпийн ловзарш а, йехира 2010 шеран Чехера а, 2014 шеран Туркойчуьра а, 2018 шеран Испанера а дуьненан чемпионаташ.
Ишкол а, колледж а
бӀаьра нисйанКинган Лакхара ишколан баскетболан командехь ловзуш, 2006 шарахь Чарльз Тина лерира ишколахошна йукъахь АЦШ USA Today, McDonald's, Parade журналан, Gatorade, зударийн баскетболан командийн тренерийн ассоциацин, EA Sports версешца уггаре дика баскетболхо. ТӀаьхьарчу классехь Тинас цхьаьна ловзарехь йоккхура йуккъера барам 26,5 очко, 14,8 буьрка схьаоьцура, 5,2 блок-шот йора. Цуьнан гӀоьнца Кинган ишколан команда туьйлира 57 ловзарехь тӀаьхьий-хьалхий, 2006 шарахь цкъан а ца ийшира, USA Today версица уггаре дика ишколан командийн рейтингехь хьалхарчу меттиге йелира.
2006 шарахь ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа Чарльз Коннектикутан Университете хӀоьттира. 2009 а, 2010 а шерашкахь иза коьрта ловзархо йара университетан баскетболан «Хаскис» командехь, цуо шозза АЦШ студентийн чемпионат йаьккхира, шина шарахь цкъан а ца оьшуш. 2010 шарахь Чарльзан делира студентийн шеран уггаре дика баскетболхочун Нейсмитан цӀарах совгӀат, кхин дуккха а совгӀаташца билгал а йаьккхира.
Университетехь Тинас шен говзалла хаьржира психологи а, криминалан бакъо а. Баскетболан карьера чекхйаьллачул тӀаьхьа цуьнан ойла йара нисбаран хьукматийн системехь болх бан. 2010 шарахь цуо кӀирнах йалх сахьтехь интернаца болх бира Бергина нисбаран институтехь, цигахь набахтехь хан токхуш болчарна йукъараллин дахаран адаптаци йан гӀодора[1].
Профессионалан карьера
бӀаьра нисйан2010 шеран 8 апрелехь Чарльз хаьржира зударийн КъБА драфтехь «Коннектикут Сан» клубо хьалхарчу лоьмарца[2].
Гулйина команда
бӀаьра нисйан2009 шеран гурахь Тинега кхайкхира АЦШ къоман гулйина командин тренировкаш йечу лагере, цигахь гулйеш йара 2010 шеран дуьненан чемпионатехь а, 2012 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь а толам къуьйсур болу команда. Тина колледжера цхьа дешархо йара гулйинчу командин йукъахь Екатеринбургера дуьненайукъара баскетболан турнире кхайкхинчех. Турнирехь Тинас гӀодира шен командина толаме кхача, хӀора кхаа ловзарехь кхуссура 10 очко сов.
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- 2006 – Gatorade версица шеран ловзархо
- 2006 – USA Today версица шеран ловзархо
- 2007 – USBWA версица шеран хьалхара курсерниг
- 2009 – NCAA чемпион
- 2009 – NCAA уггаре гӀарайаьлла ловзархо
- 2009 – АЦШ баскетболан федерацин версица шеран спортхо
- 2010 – Зударийн КъБА дерриг седарчийн гулйина 2-гӀа команда
- 2010 – Зударийн КъБА шеран керла ловзархо
- 2010 – Зударийн КъБА керла ловзархо гулйина команда
- 2010 – Зударийн КъБА рожера чемпионатан схьаэцарехь лидер
- 2010 – Нейсмит Джеймсан цӀарах совгӀат
- 2010 – Вуден Джонан цӀарах совгӀат
- 2010 – USBWA версица шеран ловзархо
- 2010 – AP версица шеран ловзархо
- 2010 – NCAA чемпион
- 2010 – Big East конференцин шеран ловзархо
- 2011 – ДКъБА ASG
- 2011 – Зударийн КъБА дерриг седарчийн гулйина 1-ра команда
- 2011 – Зударийн КъБА дуьхьалонан дерриг седарчийн гулйина 2-гӀа команда
- 2011 – Зударийн КъБА рожера чемпионатан схьаэцарехь лидер
- 2012 – Зударийн КъБА уггаре мехала ловзархо
- 2012 – Зударийн КъБА дерриг седарчийн гулйина 1-ра команда
- 2012 – Зударийн КъБА дуьхьалонан дерриг седарчийн гулйина 2-гӀа команда
- 2012 – Зударийн КъБА рожера чемпионатан схьаэцарехь лидер
- 2012 – ДКъБА лидерийн амалийн совгӀат
- 2013 – ДКъБА ASG
- 2013 – Зударийн КъБА дерриг седарчийн гулйина 2-гӀа команда
- 2014 – ДКъБА ASG
- 2014 – Зударийн КъБА дерриг седарчийн гулйина 2-гӀа команда
- 2015 – ДКъБА ASG
- 2015 – Зударийн КъБА дерриг седарчийн гулйина 1-ра команда
- 2015 – Зударийн КъБА дуьхьалонан дерриг седарчийн гулйина 2-гӀа команда
- 2016 – Зударийн КъБА дерриг седарчийн гулйина 1-ра команда
- 2016 – ДКъБА уггаре жамӀе ловзархо
- 2016 – Зударийн КъБА рожера чемпионатан схьаэцарехь лидер
- 2017 – ДКъБА ASG
- 2017 – Зударийн КъБА дерриг седарчийн гулйина 1-ра команда
- 2017 – Дуьхьалонан дерриг седарчийн гулйина 1-ра команда
- 2018 – ДКъБА ASG
- 2019 – ДКъБА ASG
Командийн кхиамаш
бӀаьра нисйан- Дуьненан чемпион: 2010
- Европин кад баьккхинарг: 2014
- Российн чемпионатан борзанан совгӀатхо: 2011
Статистика
бӀаьра нисйанКоннектикутан Университет йукъахь ловзаран статистика[3] | |||||||||||||||||||
Year | G | FG | FGA | PCT | 3FG | 3FGA | PCT | FT | FTA | PCT | REB | AVG | A | TO | B | S | MIN | PTS | AVG |
2006-07 | 36 | 190 | 322 | 0.590 | 0 | 0 | 0.000 | 76 | 128 | 0.594 | 296 | 8.2 | 30 | 67 | 81 | 13 | 827 | 456 | 12.7 |
2007-08 | 38 | 220 | 364 | 0.604 | 0 | 0 | 0.000 | 100 | 173 | 0.578 | 351 | 9.2 | 49 | 75 | 68 | 28 | 982 | 540 | 14.2 |
2008-09 | 39 | 259 | 418 | 0.620 | 0 | 0 | 0.000 | 124 | 182 | 0.681 | 348 | 8.9 | 41 | 74 | 62 | 35 | 982 | 642 | 16.5 |
2009-10 | 39 | 299 | 484 | 0.618 | 0 | 0 | 0.000 | 110 | 161 | 0.683 | 372 | 9.5 | 63 | 87 | 93 | 22 | 1078 | 708 | 18.2 |
Totals | 152 | 968 | 1588 | 0.610 | 0 | 0 | 0.000 | 410 | 644 | 0.637 | 1367 | 9.0 | 183 | 303 | 304 | 98 | 3869 | 2346 | 15.4 |
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ UConn basketball star Tina Charles helping inmates make turns for the better with prison internship Архивйина 2010-03-11 — Wayback Machine. Kristie Ackert. Daily News. 6 марта 2010
- ↑ 2010 WNBA Draft Board. WNBA.com
- ↑ UConn Media Guide 140. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 19 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 26 февралехь
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- UConn Huskies Bio (ингалс.)
- Профайл на сайте WNBA.com (ингалс.)
- Профайл на сайте сборной АЦШ (ингалс.)
- Статистика в WNBA на сайте Basketball-reference.com Архивйина 2015-09-05 — Wayback Machine (ингалс.)