ШахӀидийн ХӀоллам (Бакох)

(ШахIидийн ХIоллам (Бакох) тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 2 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2022, 8 апрель).

ШахӀидийн хӀоллам (азербайджанийн маттахь Şəhidlər Xiyabanı; 1990 шо далле Кирован цӀарах парк йа Ламанан парк азер. Киров Паркы / Дағлыг Парк)- Бакох-шахьрехь долу мемориалан кешнаш. Цигахь дӀабоьхкина шахӀидаш, царна йуккъахь бу 1990-чу шеран Ӏаьржачу кхолламехь хӀаллакхилларш а, Къарабахан тӀамехь белла азербайджанаш а. Иштта хӀолламехь девзина доцу декъаш дӀадоьхкина цӀейоцу вежараллин каш ду.

Сийлахь меттиг
ШахӀидийн ХӀоллам
Şəhidlər Xiyabanı
40°21′29″ къ. ш. 49°49′37″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Азербайджан
ГӀала Бакох
Лаьтта меттиг Сабаилан кӀошт, Бакох
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Хьалхара хӀолламан меттехь бусулба незан кешнаш дара. Цу меттехь 1918-чу шарахь Бакох-гӀалахь хиллачу бекарг-беттан хиламашкахь беллачу нехан кешнаш дара.

Азербайджанийн Демократийн Республика (1918) йолуш дуьйна 1939 шо кхаччалц Чамбаракан кешнаш дара кхузахь. Иштта кхузахь шай тӀаьххьара Ӏер карина Азербайджанан гоьбевлла гӀуллакххошан, царна юкъахь ву Расизаде Алирза а, Мехмандаров Самедбек а, Мамедкулизаде Джалил а, Мамедгулузаде Мидхат а, Ахвердиев Абдуррагим-бек а, Везиров Наджаф-бек а, Араблински ХӀусейн а, Нагиев Ага Муса а, Ахундов Сулейман Сани а, Карьягды Джаббар а, Мустафеев Рустам а.

Бакох-шахӀаран коьрта архитектор волу Ахмедбеков Зивер-беко Чамбарака цӀе йолу  хӀолламан комплекс кечйинера. Иза 1918-чу шарахь тов-бецан баттахь Бакох паргӀатйоккхуш заманчохь хӀаллакхиллачу азербайджанийн а, туркойн а тӀемлойн сий деш меттиг йара.

1935-чу шарахь и кешнаш дӀадехира. Наха гергарчийн декъий кхечу меттиге дӀадаьхьира. Цу меттехь С. М. Кирован цӀарах оьздангаллин а, садаӀаран а парк йиллира, Кирован статуй а хӀоттийра.  Советийн Барт бохарца цигара парк а,  Кирован статуй а, синкъераман хӀуманаш а дӀайаьккхира.

1990-чу шеран кхолламан (январан) 21-чохь хиллачу бохаман тӀаьхьа Азербайджанан лаамалла ларйеш белларш дӀабохкаран белхан комисси кхоьллинера. Комиссин куьйгалхо вара Ӏилманийн доктор Набиев Азер. 26-чу бакохан комиссаран цӀарах йолу халкъан депутатийн Кхочушдаран комитетан пирсдатал волу Мамедов Ӏелица билгал а яьккхира кешнийн керт. Иштта меттиг хоржуш архитектор волу Алиев Наримане а дагабевлара уьш.

 
Зирте баьхкина шахьаран бахархой. 1992 шо

1990-чу шеран кхолламан (январан) 21-чохь Азадлыг майданехь (азерб. Azadlıq meydanı — «Маршонан майда», хьалхалера «Ленинан майда») къастаран хашле (церемони) чекхяьллачул тӀаьхьа, Ламанан парке сехьа даьхнера кхолламан 19-20-чу буьйсанашкахь кхелхинчеран декъий. Цу деношкахь бӀе ткъа кош даьккхира. Масийтта сахьтехь хьеделира белларш дӀаберзор. 22-чу дийнахь кхиъ шовзткъе итт стаг дӀаверзийра кешнашкахь. Царех кхоъ 1918-чу шеран кхолламан-беттан геноцидехь велла вара. Цера декъий кош доккхуш карийра. Кхаъ чуртан тӀехь «1918-чу шеран шахӀидаш» йоза ду. ШахӀидийн кешнаш тӀехь а, уьш кхелхина меттигашкахь а наха безамна зезагаш (алзам/гвоздика) дохку. И зезаг Азербайджанехь ирчачу деношан билгало (символ) йу.

Диццадалар

бӀаьра нисйан

«Даим лаьтта цӀе» комплекс йан хьалхара хьахийра 1994-чу шарахь. 1998-чу шеран хьаьттан (августан) 5-чу дийнахь Азербайджанан президент волу Алиев Гедаро ШахӀидийн ХӀолламехь «Даим лаьтта цӀе» сагӀдар (алтар) хьалайотта сацам арахийцира.

Бакох-гӀалин Кхочушдаран Ӏедало сацам бира «Даим лаьтта цӀе» хӀолламан комплекс йан, ткъа министрийн кабинето ши миллиард манат къастийра белхаш дан. 1998-чу шеран эсаран (октябран) 9-чу дийнахь сийлахь меттиг схьайиллира .

1996-чу шарахь Туркойчура хьаькамаш гӀодарца цигахь ШахӀидийн маьждиг дотта аьтто белира. 2009-2017-чу шерашкахь юхадарна (реконструкци) белхаш беш дӀакъоьвлина дара маьждиг.

Кешнийн керта волуш хьалхара кош мар-зудчун кош ду. Церан цӀерш Аллахвердиев Ильхам а, Аллахвердиева Фариза а яра. Советийн эскархоша герзаш тоьхна вийра Ильхам, ткъа и хаам хезначул тӀаьхьа Фаризо ша-шена тӀе куьг даьхьира.

ШахӀидийн хӀоллам — Бакохан сийлахь меттиг йу, гӀалин хьеший оьху кхуза ирчачу деношкахь хӀаллакхилларш дагалаца.