ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Шуре ( лат. imperium — власть) — историн пачхьалкхан кеп. Стивен Хау цle йолу историко ма-бохху шуре билгайолу шен йолу йукъца а , шена кleлдитина долу латтанашца а ; дукхахьолахь и латтанаш тleмаца дlaлаьцна хуьлу[1]. Фредерик Купера а , Джейн Бербанка а гойту шуренийн leдал дуй урхаллин бакъонан тайп-тайпаналла хилар цуьнан чудогlyш долу латтанаш тleхь[2]. Ламастан кхетамехь шуренна куьйгалла деш ву паччахь: Далин дошамо билгалйоккхур шуре «доза доцу, лаккхарачу даржехь волу паччахьан керахь йолу пачхьалкх»[3]; Йоккха Кхеташонан Энциклопедис «йеккъа паччахьан керахь йолу монархин пачхьалкхаш» йагар а йеш (Республикан дожар хиллачул тlaьхь Рум, Руман шуренан болера дакъа — Византи (1453 шо кхаччалц лаьттина), Сийлахь Карлин пачхьалкх (768—814), девтойн Сийлахь Руман шуре (962—1806), Оьрсийн шуре (1721—1917), Наполеонин I а , Наполеонин III а Галойчоь (1-гla а , 2-гla шуре) а , Остройн шуре (1804—1918, 1868  шо доладаларца — Острой-Мажаройн)) , «Къаьстина буржуазин пачхьалкхан колонин олаллин организаци»-ех а шуре алар билгалоккху , кху маьlнаца дийца мега Галойн шуренах , иза догlyш ду Галойчоьнехь пачхьалкхан дlaxloттам республикан амал йолучу муьрна а [4].

Руман шуренан зазадаккхаран са
Оьрсийн шуренан са
Бриттойн шуре — нухьаллин исторехь уггар йоккха шуре
  1. Howe, Stephen. Empire: A Very Short Introduction. — Oxford University Press, 2002. — P. 30.
  2. Burbank, Jane; Cooper, Frederick. Empires in World History: Power and the Politics of Difference. — Princeton University Press, 2010. — P. 8.
  3. Даль В. И. Толковый словарь живого великорусского языка. — СПб.–М.: Товарищество М. О. Вольф, 1907. — Т. 3. — С. 96.
  4. Большая Советская Энциклопедия. — 2-е. — М.: Гос. изд-во Большая Советская Энциклопедия, 1952. — Т. 17. — С. 590.