Эмбарго
Эмба́рго (испан. embargo) — лацар, бехкамбар, embargar — бахам лацар, эмбарго; дуьхьалояр, новкъарлояр, схьадаьлла лат. imbarricare — дуьхьалояр, новкъарлояр.
- пачхьалкхо кхечу пачхьалкхашна ца магадар чудан я арадаккха пачхьалкхера деший я кхечу пачхьалкхийн валюта, шакепара товараш — герз, керла технологеш, кхин а;
- пачхьалкхан Ӏедало шайн порташ чу кхечу пачхьалкхийн кеманаш дахкийта, я шайн порташкара кхечу пачхьалкхийн кеманашна арадовла ца магадар;
- кӀеззиг я юьззина йохк-эцар сацаяр билгалчу пачхьалкхашца ВКЪКХ лаамца я кхечу пачхьалкхашна юкъарчу цхьанакхетараллин ВКЪКХ Устав дохадарна я кхин гӀуо болх барна та1зар дархьама оцу пачхьалкхана.
Эмбаргон Ӏалашо хила тарло репрессалеш яр кхечу пачхьалкхана дуьхьал, лаам цунна экономикин зие а дина шеш боххург дайта.
Пачхьалкхашна юкъара къаьмнийн уьйранийн практикан эзар шеран истори ю, дуккха а масалаш ду йохк-эцар ца магорехь. Тайп-тайпана исторехь а, хӀинца а эмбарго хӀотторо таро ло оцу гӀирсан арахьара йохк-эцаран гӀуллакхийн цхьацца бахьнашца классификаци ян.
Санкцийн Ӏаткъаман субъектаца эмбарго дукхаха дерг хьажийна ю пачхьалкхана (я масех пачхьалкхана) дуьхьал, амма наггахь хила тарло персонификацин амал, иза йозуш яц йолчу а, вехачу а пачхьалкхех (масала, эмбарго терроран кхолламашна дуьхьал).
Официалан тӀегӀанца йохк-эцаран эмбарго лело тарло официалан амал, хила тарло гӀара ца йоккхуш а.
Ца магоран барамца билгалъяккха мега юьззина я кӀеззиг эмбарго. Юьззина эмбарго кхето мегар ду массо а агӀора ца магоран дуьхьалонаш яр пачхьалкхашна юкъара арахьара йохк-эцар лелорехь, юкъара яха мегар ду цхьайолу гуманитаран программаш кхочушъяран Ӏалашо. КӀеззиг эмбарго яьржина цхьайолчу агӀонашна я арахьара йохк-эцаран объекташна. КӀеззиг эмбарго ян тарло экспортан юкъаметтигашкахь а, импортан операцешкахь а, цуьнца цхьаьна хила тарло тайп-тайпана санкцийн комбинацеш.
Экспортийн а, импортийн а сурсатийн йохк-эцаран эмбаргон кепаш
Эмбаргон хӀума | Санкцийн пачхьалкх-инициатор | Эмбарго йина пачхьалкх |
---|---|---|
Экспорт | Пачхьалкхо мага ца до арадаккха товараш шайн дозан тӀиера | Пачхьалкхана санкцеш йо шайн дозанал товараш ара ца дахийта |
Импорт | Пачхьалкхо мага ца до чудан товараш шайн дозан тӀе | Пачхьалкхана санкцеш йо церан дозан тӀе товараш ца дахийта |
Экспорт а, импорт а | Пачхьалкхо мага ца до арадаккха шайн дозанал, чудан шайн дозан тӀе | Пачхьалкхана санкцеш йо церан дозан тӀе товар дан а, церан дозан тӀиера товар арадаккха а |
Эмбаргон классификаци юкъадалочу ца магоран деклараци яран мотивацийн кепаш.
- Политикин амалан эмбарго.
- Экономикин амалан эмбарго.
- Пачхьалкхан къоман кхерамазалла латто Ӏалашон эмбарго.
- Пачхьалкхийн лаьттан дозанашца болу къийсамаш ца хилийтаран эмбарго.
- Пачхьалкхан гражданийн могашалла ларъяран Ӏалашон эмбарго.
- Экологин амалан эмбарго, йо пачхьалкх кхечу пачхьалкхан экологин политикин я дийнаташца дика ца хиларна реза ца хилар гайтархьама.
Хьаьжа ишттаНисйе
БилгалдахаршНисйе
ЛитератураНисйе
- Эмбарго // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Глаженков К. Есть ли жизнь после эмбарго? // Маслоделие и сыроделие. — № 5. — С.10-11.
- Милосердов В. В. Санкции, эмбарго продовольствия, импортозамещение // Экономика сельского хозяйства России. — 2014. — № 11. — С.13-20.
- Ассортиментная матрица Санкт-Петербурга после продовольственного эмбарго // Хлебопродукты. — 2015. — № 1. — С.69.
- Степанов А. С. «Моральное эмбарго» 1939 г.: нарушенное сотрудничество СССР и США в области авиастроения // Вестник Санкт-Петербургского университета. Серия 2. История. — 2004. — № 1-2. — С.26-39.
ХьажоргашНисйе
- Эмбарго. dictionary-economics.ru. — Понятие слова в Экономическом словаре. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 26 майхь. Теллина 2012 шеран 21 мартехь.
- Эмбарго. feb-web.ru. — Понятие слова в Толковом словаре русского языка в 4 томах. Т. 4. — 1940. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 26 майхь. Теллина 2012 шеран 21 мартехь.
- Эмбарго. dic.academic.ru. — Понятие слова в словаре „Академик“. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 26 майхь. Теллина 2012 шеран 21 мартехь.
ХӀара политикехь лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |