Яковлев, Николай Феофанович
Никола́й Феофа́нович Я́ковлев (1892 шеран 22 (10) май — 1974 шеран 30 декабрь) — советски лингвист-кавказовед а, фонолог а, социолингвист а, абатийн кхоллархо а, таханлера нохчийн абат кхоьллинарг а ву.
Николай Феофанович Яковлев | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | лингвистика |
Вина терахь | 1892 шеран 10 (22) май |
Вина меттиг | Волгоградан область |
Кхелхина терахь | 1974 шеран 30 декабрь (82 шо) |
Кхелхина меттиг | Москва, СССР |
Корматалла | абаташ кхоллар |
Гражданалла | СССР |
Дахар
бӀаьра нисйанИза винера элий гӀалгӀазакхий хӀусамехь Булгурино юртехь (тахана Волгоградан область). Цо Москвахь гимназехь дишира, 1916 шарахь Москохан университет чекхйаьккхира. Иза вара Москохан лингвистийн кружок кхоьллинчарех цхьаъ. Цуьнан хьехархо вара Ф. Ф. Фортунатов.
1917 шарахь цо дакъа лецира Москвахь большевикаш Ӏедал даккъарехь. Иштта иза РКП(б) декъашхо хилира. 1918 шарахь иза волавелира Ӏилманан болх бан.
Граждански тӀом болучу хенахь юрхош цуьнан нана дийна йолушехь лаьттах дӀайоллира. Цуьнан ваша кӀайн эскирехь тӀом беш вара. Шен эскир эшинчултӀехь иза Туркойчоь ведира.
1920 шо дуьйна цо хӀора шарахь йора Къилбаседа Кавказан а, ДегӀастанан а къаьмний меттанаш толлуш экспедициш.
Иза вара Керла абатан йерригсоюзан йуккъера комитетан Технографически комиссин председатель. И комисси йара йоза доцу (я Ӏаьрбийн йоза долу) къамнийн абаташ кхуллуш. Иштта Яковлев дакъа лоцуш вара оьрсийн мотт латинан абате баккхархьам кхоьллина комиссин балхехь. Цо кхоьллира меттан фонологи хьаьжна абатан математикин формула. Цо элира абаташ кхоьллина нахехь лаьцна (Ульфил, Месроп Маштоц, Кирилл а, Мефодий а) уьш Ӏаламан фонологаш бу аьлла. Цо йукъайехира диграфаш а, гӀонан хьаьркаш а кавказан абаташкахь (масала, къ, кӀ). Иза вара кавказан меттанашах лаьцна дукха белхий автор.
1930-гӀа шерашкахь иза марризман позице велира.
Москохан малхбалин Ӏилманийн институтан профессор (1946), Кхоьчу пачхьалкхийн меттанийн тӀеман институтан профессор, филологийн Ӏилманийн доктор (1947). Меттанийн а, ойлайаран а институтан белхало (1936), 1942—1950 шерашкахь оцу институтехь кавказан меттанийн секторан куьйгалхо.
Сталинас марризм хӀаллакйиначултӀехь 1950 шарахь Яковлев массо а меттера балхара дӀавеккхира. Цунна синӀаткъаман цамгар кхитира. Оцу хьолехь иза ша валлалц 20 шарахь сов вехира.
Доьзалла
бӀаьра нисйанН. Ф. Яковлеван йоӀ йоӀ йу йаздархо Людмила Петрушевская.
Ӏилманий белхаш
бӀаьра нисйан- Таблицы фонетики кабардинского языка. М., 1923 (фонологическая часть перепечатана в журнале «Вопросы языкознания», 1983, № 6, с. 128—134);
- Ингуши, М. — Л., 1925;
- Материалы для кабардинского словаря, М., 1927;
- Краткая грамматика адыгейского (кяхского) языка для школы и самообразования. 1930 год (в соавторстве с Д. А. Ашхамаф);
- Синтаксис чеченского литературного языка, М. — Л., 1940;
- Грамматика адыгейского языка. Совместно с Д. А. Ашхамаф. 1941;
- Грамматика литературного кабардино-черкесского языка, М. — Л., 1948.
Литература
бӀаьра нисйан- Алпатов В. М. Москва лингвистическая / Научный совет Российской Академии наук по изучению и охране культурного и природного наследия. — М.: Изд-во Института иностранных языков, 2001. — С. 30 - 34. — 104 с. — (Природное и культурное наследие Москвы). — 500 экз. — ISBN 5-88966-028-4.
- Людмила Петрушевская. Маленькая девочка из «Метрополя»