Ӏаббасийн халифат

(ӀаббасгӀеран халифат тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 1 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2024, 16 май).

ӀаббасгӀеран халифат (БагӀдадан халифат; Ӏаьр. الدَّولَةُ العَبَّاسِيَّةُ‎‎ Al-Dawlah al-Abbāsiyyah) — феодалан теократин пачхьакх, лаьттина 750 – 945 шерашкахь а, 1194 - 1258 шерашкахь а, урхаллин некъашца — ӀаббасгӀаьрца.

Историн пачхьалкх
ӀаббасгӀеран халифат
Ӏаьр. الدَّولَةُ العَبَّاسِيَّةُ‎‎
Байракх
Байракх
 
 
 
 
 
 
Коьрта гӀала Эль-Куфа (750762)
БагӀдад (762836)
Самарра (836892)
БагӀдад (8921258)
Мотт (меттанаш) Ӏарбийн, тюркийн, берберийн, африкин латина, коптийн, Ӏарамийн, ассирийн желтойн, гӀажарийн, эрмалойн, жуьгтийн-арбийн меттадакъой, кхин а
Официалан мотт Ӏаьрбийн мотт
Ахча динар а, дирхьам а
Майда 6,8 млн км²
Бахархой 62 млн ст.
Урхаллин тайпа Теократин монархи
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

БагӀдадан халифатан йукъайодара хӀинцалера Ӏаьрбийн мехкийн Азин а, Йуккъера Азин а, Мисран а, Иранан а, Къилбаседа Африкин а, Пакистан а[1]. БуййагӀара халифат 245 шарахь схьайаккхале, халифато шен политика лелайора[2]. 1055 шарахь БагӀдад сельджукаша йаккхале ӀаббагӀеран халифашкахь йара коьрта шахьран тӀекхетта область.[3].

ӀаббасгӀеран пачхьалк шина бӀешарахь айайелира, амма халифат феодалийн йекъайелла хиларна, гвардин политикин Ӏаткъам айабаларца, туьркий лайшах гулямех дина эскар бахьнехь, некъий тӀехь-тӀехьа гӀелйелира.

Халифа аль-Мансура дехьайаьккхина пачхьалкхан коьрта шахьар Эль-Куфера БагӀдаде — керла гӀала, ша Тигр эрк тӀехь йина йолдера[4]. 836 - 892 шерашкахь халифатан коьрта шахьар йара гӀала Самарра.

Схаьабовлар. Ӏедал бух тӀе далор гӀертар

бӀаьра нисйан

Лакхара Ӏедална претензи йолуш ӀаббасгӀар аргумент йалайора Уммийаташ, къурайшех белахь а, исламан пайхамарах Мухьаммадах , аьлчи а ХашимгӀеран бац уьш. Шешша ӀаббасгӀар схьабевллера пайхамаран девешех Аль-Ӏаббас ибн Ӏабд аль-МуттӀалибах маккара Хашим тайпанах. ТӀаххьарниг хуьлура Мухьаммадан ден, ӀабдуллахӀан ваша а, Ӏалин ден, Абу ТӀалибан ваша а. Йуьхьанца ӀаббасгӀара цхьа роль ца лозайора Ӏедалан гӀуллакхашках. Амма, халифатехь Умиййаташ некхъашшан реза ца хилар айалушшехь, оцу тайпанан маьӀна айалора. ӀалигӀар уллера гергара хиларна ӀаббасгӀар чот йора церан гӀоьнна. Ӏаббасан кӀентакӀентакӀентакӀантан, Мухьаммад ибн Ӏали ибн ӀабдаллахӀан, аьтту белира VIII бӀешеран йуьххьехь гӀо деха масех шиӀийн тайпанан, цара иза шайн имам къобал вира. Ибн ат-Тиктакас йаздира, цунна кхечира имаматера цхьаьна шиӀийн имамера Абу Хашима Ӏабдаллера, лечу хенахь, цуо кхайкхийна иза шен когаметтаверг.

«ӀаббасгӀеран революци»

бӀаьра нисйан
 
Мохк 750 ш.

Оцу хенахь дуьйна ӀаббасгӀар къайлаха кечлуш бара Умиййаташ эго, массанхьа а шайн агенташ а хьовсийна. Бакъ йолу йукъ антиумиййатаин боламан йара Эль-Куфа, амма дика латта шайн пропагандан ӀаббасгӀарна карийра Хорасанехь а, Мавераннахрехь а цигара шиӀийшан йукъахь. 743 ш. Мухьаммад схьа а лаьцна вийра. Имамат цуьнан кӀантанна ИбрахӀимна йисира. И волуш Хорасане вахара говза хьехамча а, тӀемабаьчча а Абу Муслим, гӀажар схьаваларца. Йоцачу хенахь Абу Муслиман аьтту белира дукха нах тӀехьахитто, ӀаббасгӀеран агӀо баха Ӏедалах гена баьхна Ӏарбий-кальбиташ боцуш шортта исламе балийна гӀалин бахархой Иранан. Иза къобал вира дуккха а шиӀийш, уьш тешаш бара Умиййаташ эгийначул тӀехь Ӏедал Ӏалин тӀаьхьенашка кхочур ду.

ӀаббасгӀеран аьтту баккхира Умийаташна йукъара тӀемо, иза баьлла халифа Хишам 743 шарахь веллачул тӀехьа. 747 шарахь Хорасанехь болабелла Умийадашна дуьхьла гӀаттам, цуьнан куьйгалла дора ӀаббасгӀеран векалш — ИбрахӀим ибн Мухьаммад, ткъа иза кхелхинчул тӀехьа — цуьнан вашас Абуль-Ӏаббас ас-Саффахь. 749 шеран 26 июнехь ӀаббасгӀар туьйлира Нехавендехь. Оцу шеран 28 ноябрехь Куфин рузбанан маьждигехь Абу-л-Ӏаббас байӀат дайтина шен куьйгакӀеларчаьрга.

ТӀеххьара умийатийн халифо Марван II кхин а эха шарахь урхалла дира халифатан малхбузан декехь, цул тӀехьа ведда Мисар, цигахь 750 шарахь вийна. ӀаббасгӀар берриш аьлча санна хӀаллакбира УмийадӀтгӀар, кхин а хӀаллака бира, шайн дукха хан йоццуш хилла агӀончаш УмийатгӀарна дуьхьала боламна — Абу Салама (750) а, Абу Муслим а (755).

751 шарахь Ӏарбаша схьайаьккхира Иран, Ӏиракъ, Шема, ПиластӀина. Малхбузен-туьркийн каганатан дуьхьалоне хьаьжна ца Ӏаш, церан аьтту белира дӀалаца церан къилба дакъа, иза халифат йукъа тоха. /арбашца цхьаьна регионехь ислам даржа доладелира. 751 шеран аьхка хилира Талассан тӀом ӀаббасгӀеран халифатан эсакарна карлукашна а, цхьаьна агӀор, танан Цийчоьнан а йукъахь Йуккъера Азина терго йархьама. ТӀеман жамӀ хилира ӀаббасгӀеран карлукашца толам, цуо йуьхьиг йолийра ислам даржаран Мавераннахрехь а, Йуккъера Азехь а, кхин а Ӏарбийн Ӏаткъам бира Боккха дарин некъан дакъошна регионехь.

Къагар (752—775)

бӀаьра нисйан

Хьалхара хийцам бира ӀаббасгӀара куьйгаллехь аль-Мансур волчу хенахь, дехьайаьккхира коьрта шахьар Димашкъера дукха хан йоццуш йиллинчу Ӏиракъера гӀала БагӀдаде, герга церан гӀажарийн гӀолацаран базанна мавали, цуо реза бора уьш тӀедилларца Ӏарбийн хӀу имперехь кӀезга хилийта бохуш. БагӀдад йиллира Тигр эрк тӀехь 762 шарахь. Цул сов, йукъадаьккхира визиран керла дарж иза векал вохийтара йуккъера Ӏедалан тӀера, ткъа кхин а йаккхий бакъонаш дӀаелира меттигерачу эмирашка[5].

Иза бохург дара, дукхаха болу ӀаббасгӀеран халифаш охьабехира алсама церемонин ролашка, Умийаташкахьчул, хӀунда аьлча визираша алсама Ӏаткъам бора, ткъа шира Ӏарбийн элийн роль тӀехь-тӀехьа хуьйцура гӀажарийн бюрократино[5]. Аль-Мансуран заманахь аль-Андалусан терго йайинера, ткъа шиӀийш гӀевттира, шо даьлча ийшира Бахамрехь[6].

ӀаббасгӀеран халифатан халифаш схьабовлар ӀаббасгӀеран некъера ду.

ЦӀе Урхалла Билгалдаккхар
Нуьцкъалалла

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. «…Abbasid Caliphate, which had extended from India to North Africa, and the emergence of successor states afterward.» Confounding Powers — Anarchy and International Society from the Assassins to Al Qaeda, Cambridge University Press, 2016, page 72.
  2. Беляев Е. А. Аббасидов халифат // Советская историческая энциклопедия. — М.: Издательство «Советская энциклопедия». — Т. 1. — С. 28—32. Архивйина 2018  шеран  5 мартехь.
  3. Аббасидов халифат // Исторический словарь. Исторический словарь. 2000.
  4. Аббасиды // Энциклопедия «Кругосвет»
  5. 1 2 Anon 1928
  6. Dupuy & Dupuy, 1986, p. 233.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
  • Наумкин В. В. Халифат. Как это начиналось // Военное обозрение. — 23.01.2015.