Ӏазраил

мулкалмот, мукъаррабун маликех цхьаъ
ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Ӏазра̄ил (Ӏаьр. عَزْرَائِيلُ‎‎; Ӏеб. עזראל‎) йа Мӯлкалмот (Ӏаьр. مَلَكُ المَوْتِ‎‎) — иза исламан а, жуьгтийн а динехь адамийн саэца тӏехӏоттийна малик ду. Къуръан чохь хьахийна йац и цӏе, цуьнан метта хьахийна «Малакул-мавт» аьлла. Цуьнан цӏе Ӏазраил йу аьлла дийцарш даьхкина муфассирийн исламан хьосташкахь. Ӏазраил жуьгтийн маттара схьайаьлла цӏе йу, цуьнан маьӏна «Да̄ла гӏодийриг» бохург ду [1].

Цуьнан ӏалашо

бӀаьра нисйан

Адам кхоллале хьалха, Дала омрадина хилла мулкалмоте хӏор тайпанах долу латта дан аьлла, цуьнах Адам кхоллархьама. Цул тӏаьхьа адамийн синош иэца тӏехӏоттийра Цо иза. Са чохь долчу хӏуманех а, маликех а тӏаьххьара лийр дерг ду иза къемат-дийнахь.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Davidson, Gustav (1967), A Dictionary of Angels, Including The Fallen Angels, Entry: Third Heaven, p. 288, Library of Congress Catalog Card Number: 66-19757, ISBN 978-0-02-907050-5 Архивйина 2016-05-18 — Wayback Machine