Ӏали (цӀе)
Ӏали́ (Ӏаьр. علي) — Ӏаьрбийн мехкашкахь а, дуьненахь бусалбачарна юкъахь а йаьржина боьршачу стеган цӀе. Схьайаьлла Ӏаьрбийн орам тӀиера ʿ-L-Y, литературин маттера гочдича хуьлу «лекха», «дозал дийриг», «вазвинарг».
Ӏали | |
---|---|
Ӏаьр. علي | |
Схьайалар | Ӏарбийн |
Сте-боьрша | боьрша |
Этимологин маьӀна | лекха |
Ден цӀе | Ӏалин кӀант |
Зударийн шала цӀе | Ӏалия, Ӏалет |
Кхечу меттанашкара аналогаш |
|
Бихкина йаззамаш |
ЦӀе лелочех дуьххьарлера гӀараваьлларг ву Мухьаммад пайхӀамаран шича а, нуц а, асхьаб а хилла волу Ӏали ибн Абу ТӀалиб. Цуьнан цӀе схьайаьлла АллахӀан цӀарех цхьаннах — «аль-Ӏалий» (лекха).
Известные носители
бӀаьра нисйан- Ӏали ибн Абу ТӀалиб (599—661) — Мухаммад пайхӀамаран шича, нуц а, 656 шарахь дуьйна веалгӀа хӀалиф.
- Ӏали ар-РидӀо — шиӀийн бархӀалгӀа имам.
- Ӏали ат-ТӀабари — лор, дуьххьара медицинан энциклопеди йинарг, психолог, педиатрин пионер.
- Ӏали аль-АстӀурлаби (IX бӀешо) — IX бешерера Ӏарбийн астроном а, географ а.
- Ӏали ан-Насир — Кордован халиф (1016—1018).
- Ӏали ибн Юсуф — Юсуфа ибн Ташфинан кӀант, альмурабитӀийн эмир (1106—1143).
- Ӏали — сибрехан хан (1600—1607).
- Ӏали-бей аль-Кабир — Мисран а, Хиджазан а султан, абхазхойх схьавалар долу мамлюк.
- Ӏали I аль-Мансур Нуруддин — Мисран мамлюкийн султан, Айбекан кӀант.
- Ӏали АсгӀар — гӀажарийн художник.
- Ӏали аш-Шатранджи — XIV—XV бӀешерашкара шатранджах ловзарехь гӀажарийн говзанча.
- Ӏали ибн СаӀид — 1890—1893 шерашкара Занзибаран султан.
- Ӏали-Акбар Зарфам (англ. Ali-Akbar Zargham) — иранан политик, министр (велла 1976).
- Ӏали Васиб — 1977-1983 шерашкара Ӏусманийн цӀийнан 41-гӀа корта.
- Ӏали аль-Джифри Хьабиб — суьпийн исламан Ӏелам стаг а, Хьадрамавтера а, Йеменера а син кхиорхо ву.
- Ӏали Хаменеи — гӀажарийн пачхьалкхан а, динан а гӀуллакххо, Иранан хилла президент.
Литература
бӀаьра нисйан- Али // Энциклопедический словарь, составленный русскими учеными и литераторами. — СПб., 1861.