Ӏарамийн Димашкъ
Ӏа́рамийн Дима́шкъ (Ӏарам) — Шеман шира Ӏарамийн пачхьалкх. Лаьттина вайн эрал X бӀешо хьалхара — вайн эрал хьалхара 733 шо кхаччалц.
Хьалхара истори
бӀаьра нисйанДимашкъ лаьтта Гута оазисан йуккъехь, иза йахйелла къилбаседера къилбехьа 25 км, малхбузера малхбалехьа — 16 км. Дуьххьара хьахийна иза вайн эрал 2500 шо гергга хьалха, ткъа археологин ахкарша гойту, вайн эрал 4 эзар шо хьалха кхузахь гӀалин бахархой бахар. Латта лелорал совдаьккхина, меттигерчу бахархоша генарчу заманара дуьйна махлелийна. Оцунна аьтту бора гӀала латтаран чӀогӀа дика меттиго — Малхбален гӀум-арен йисттехь, кеманаш лела шина эркан гергахь, некъ малхбузе, къилбе, малхбале бекъалучу меттигехь. Иза бахьнехь, Димашкъо ладаме роль ловзайора йерриг а дукха бӀешерийн Шеман исторехь.
Цуьнан хьалхарчу историн къегинчех цхьа мур хилира вайн эрал хьалхара X — VIII бӀешераш, оцу хенахь паччахьаша Ризон I-чо а, Таб-Риммона а мехкаш дахаран тӀемаш динчул тӀаьхьа, Димашкъ гӀалех онда Ӏарамийн паччахьаллин йукъ хилира, цунах сихха йерриг Шеман гегемон хилира.
Вайн эрал IX бӀешо хьалха — вайн эрал 854 шо хьалха
бӀаьра нисйанИ лакхара хьал лаьттира церан тӀаьхьенашна а. Вайн эрал хьалхара IX бӀешераш йуьххьехь Таб-Риммона кӀанта, Бен-Хадад I-чо, тӀом бира Израилан паччахьаллийца, цаьргара схьадаьккхира къилбаседа Галилеян дакъа. Амма масех итт шо даьллачул тӀаьхьа Димашкъан кхерамаш тийса буьйлабелира сихха чӀагӀбелла ассирийхой. Цара дуьххьара йал гулйира Шеман урхалчашкара вайн эрал 859 шо хьалха. МостагӀчунна аьттонца дуьхьала латтархьама, меттигерачу урхалчаша барт бира шайн ницкъаш цхьаьнатоха. Бен-Хадад I-чун кӀента, Бен-Хадад II-гӀачун, аьтту белира ассирийн дуьхьала онда барт кхолла, цул сов бартхошна йукъа бахара хаматийн, израилан, арвадийн, аманан, кхин а паччахьаш. Вайн эрал 854 шо хьалха Каркар гӀалин пенашна кӀелахь, Оронт эркан бердашна тӀаьхь, хилира къиза тӀом. Цигахь чӀогӀа цӀий Ӏанийра, амма чекхбелира жамӀ доцуш. Цхьа хан йаьлчи ассирийн паччахь Шульмануашаред III-гӀа йуха а тӀелетира Шеман, Димашкъан гуо лецира, амма йаккха ца йелира.
Ассирийн тӀемаш
бӀаьра нисйанАмма ассирийхошна кхераме шемахойн а, израилан а урхалчийн барт дукха ца лаьттира. Дукха хан йалале израилан паччахьан Ахаван а, Бен-Хадад II-гӀачун а йукъахь тӀом белира. Римот-Гилеадера тӀамехь, вайн эрал 850 шо хьалха, жуьгтий эшийра, ткъа Ахав вийра. Цул тӀаьхьа вайн эрал 843 шо хьалха велира ша Бен-Хадад II-гӀа а — цуьнан уллерачу Газаила, паччахь цомгаш хиларх аьтту баьлла, йургӀанца са а дукъдина, Ӏедал дӀалецира. Вайн эрал хьалхара 834 шарахь ассирийн 120 эзар барам болу эскар шозлагӀа а тӀедеира Димашкъан. Ассирин паччахьан Шульмануашаред III-гӀачуш карийра, Ливанан Сенира ломан бохь тӀаьхь шемахоша позици дӀа а лаьцна, чӀагӀбалар. Ассирийхошка иэшаделира шеман эскар, ткъа ша Газаилан вада дийзира Димашкъе. Ассирийхоша гӀалан гуо а бина, цуьнан йисташкара боьлакаш хьаькхира. Шульмануашаред III-гӀачунга йаккхайелира йоккха хӀонс, амма гӀала йуха а ца йаккхайелира. Газаил хетарехь башха гӀел а ца вира цуо.