Ӏарамийш
Ӏарамийш — Ӏаьрбаша мехкаш бахале Шеман, Ӏиракъан, Эрмалойчоьнан махкахь даьхна семийн къаьмнаш.
Библица, Ӏарамийн да ву Семан кӀант: «Семан кӀентий: Ӏелам, Асур, Арфаксад, ЛутӀ, Ӏарам» (ХӀусаман бахам. 10:22).
Дуьххьара хьахийна вайн эрал хьалхара III-гӀа эзарлагӀа шеран юккъехь; вайн эрал XIV шо хьалха ӀарамгӀеран кхерста тайпанаш хевшира Шеман гӀум-аренашкахь, цигара юккъера Евфрат тӀекхочура уьш; вайн эрал хьалхара XII—XI бӀешераш декъалучу заманахь баьржира ерриг Хьалхара Азехь. Цхьацца меттигашкахь (масала, Урдан эркан малхбалехьа) арамийх охьахевшина бахархой хилира.
Вайн эра долалуш Ӏарамийн мотт хилира Хьалхара Азин коьрта юкъахь лела мотт.
Ӏарамийн тӀаьхьенаш лору хӀинцалера ассирийхой, хӀунда аьлча Страбона шемахой а, Ӏарамийн а грекийн цхьаьна цӀарца олу[1].
ХӀинца беха Ӏарамийш — коьртаниг малхбуза-шеман Ӏадатан керстанаш бу, уьш Туркойчохь, Шемахь, Израилехь еха ассирийхойн бухара тоба ю (масех бӀе стаг)[2], дуьненахь уьш бисина 5 эзар стаг гергга.
Истори
бӀаьра нисйанӀаьрбийн гӀум-аре къилбаседехьа лаьтта шуьйра аса, иза юкъаяхна КанӀанан а, Месопотамин а, яхъелла Анатолийн лаьмнийн къилба йистте кхаччалц. Оцу юккъера махко шен заманахь ладаме роль ловзийра КанӀанан а, Месопотамин а исторехь. Ханаанан иза шен рогӀехь яра, йоцучу хенан политикин сацам барехь, дозанера, юха терза нисдаран фактор. Месопотамийн пачхьалкхашна и аса яра хӀорд тӀе а, Палестине а, Мисар а воьду кевнаш. Шеман-Палестинан регионан дисина дакъа санна, оцу махкахь а, хуьлура тӀемаш а, йаьржара оьздангаллаш а.
СемигӀарах болу талорхоша, долчу тешаллашца баьхна вайн эрал хьалхарчу II-гӀачу эзар шарахь Лакхара Палестинехь, цигара тӀелетара луларчу мехкашна, географин хьолаша шайна билгала йаьккхина роль ловзайора. Иштта цкъан а ца кхоьллира цхьан а масштаб йолу хӀума, кегийра паччахьаллаш йоцург, уьш чӀагӀбала буьйлабелира месопотамин ницкъ байначу муьрехь, амма тӀаьхьа, шозлагӀа тӀелетта, къарбира.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Страбон и армяне. География. 34
- ↑ В Израиле появился первый признанный государством арамеец . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 15 август. Архивйина 2016 шеран 4 мартехь Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine