Ӏарафат де

зул-хьижжат беттан уьссалгӀа де
ХӀокху версин 27 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2016, 29 апрель).

Ӏарафат де (Ӏаьр. يَوْمُ عَرَفَةَ‎‎) — иза зул-хьижжат беттан уьссалгӀа де ду. Бусалбанийн уггар дезачу денойх цхьа де ду иза, зул-хьижжат беттан хьалхарчу итт дийнах цхьаъ долу дела. Цу дийнахь хьаьжой Ӏарафат лам тӀехь лаьтта, хӀунда аьлча цу тӀехь латтар хьажан арканех уггар коьрта рукна йолу дела. Ӏарафат лам бу Маккин Малхбалехьа, изий, ТӀаифий цхьаьнатухучу некъа тӀехь 22 км гергга, 10 км Минана, 6 км Муздалифатна гена. Иза Хьараман дазонал арахьа цхьаъ бен йоцу йеза меттиг йу.

Ӏарафат де
Ӏаьр. يوم عرفة‎‎
Ӏарафат лома тӀехь лаьтташ хьаьжой
Ӏарафат лома тӀехь лаьтташ хьаьжой
Тайпа Зул-хьижжат беттан итт дийнах цхьаъ
МаьӀна цу дийнахь кхочуш до Ӏарафат лома тӀехь латтар
Даздо бусалбанаша
Терахь 9 зул-хьижжат
2024 шарахь 15 июнехь
Доьзна ду хьаж

Зул-хьижжат беттан уьссалгӀачу дийнахь малх схьакхетарца, хьаьжой дӀабоьлху Минара Ӏарафате, цигахь латтархьама. Ӏарафатехь латтар кхочуш хуьлу цуьнан муьлххачу агӀора хьаьжо веана хилчахьана, хиъна Ӏаш хуьлийла и, йа воьдуш, йа дӀатевжина. Амма, цу дийнахь хьаьжо Ӏарафатан билгалдинчу дазонашкахь сецна вацахь, цуьнан хьаж доьхна лорур ду. Ӏарафатехь латтар хьаьжан арканех уггар коьрта рукна йу, цу хьокъехь деана Мухьаммад пайхамаран ﷺ къамел долу дела: «Хьаж — иза Ӏарафат ду, ткъа гуллучу буьйсанна Ӏуьйр-ламазе веъначун хьаж къобал хир ду»[1]. Иштта цо дийцина: «Дала дозалладо Ӏарафатан охӀланах стигалан охӀланна хьалха, тӀаккха Цо олу: Хьовсийша Сан лешка, Со волчу баьхкина-кх уьш, месаш хьирчина а йолуш, ченах буьзна а болуш»[2].

ЦӀе тиллар

бӀаьра нисйан

Ат-ТӀабарсис аьлла: «Ӏарафат — иза шена тӀехь латтар важиб долчу гӀарайаьллачу меттиган цӀе йу, ткъа Ӏарафат де — цигахь латтаран де ду». Цунна иштта цӀе тилларан хьокъехь деана массийта къамел ду Ӏеламнехан. Цхьаболчара аьлла: цунна иштта цӀе тиллина, Адам а, Хьавваъ а цигахь девзина дела. Ткъа кхечара боху, цигахь Джибрил малико Ибрахӏим пайхамаран хьаьжан белхаш Ӏамийна дела тиллина. Ткъа кхечара боху, цигахь вовше нах бойзу дела тиллина. ГӀолехь дерг хьалхара ши къамел ду: Адам а, Хьавваъ а йалсамани чуьра арадаьккхинчу хенахь, цигахь цхьаьнакхетта и шиъ, цундела аьлла цуьнах Ӏарафат. Ткъа шолгӀа къамел: Джибрила цигахь гуо тосуш ИбрахӀиман гайтина хилла хьаьж до меттигаш а, цуьнан белхаш а, цуьнга хоттуш хилла цо: «Девзаний хьуна, девзаний хьуна?» ИбрахӀима жоп луш хилла: «Девзина, девзина!».

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Сунан ат-Тирмизи; Сунан ан-Насаи, Муснад Ахьмад
  2. Аль-Мустадрак Ӏалас-сахьихьайн

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан