«Уьпа-Хьаьжи» йа «Ӏусман Хьаьжа» — иза веза-эвлаяъ а, устаз а ву.

Ӏусман Хьаьжа
Ӏусман-Хьаьжин сурт
Ӏусман-Хьаьжин сурт
Вина терахь 1830({{padleft:1830|4|0}})
Вина меттиг Девкар-Эвла
Кхелхина терахь 1894({{padleft:1894|4|0}})
Кхелхина меттиг Лаха-Невре
Корматалла эвлаяъ, устаз, молла
Да Ханти
Нана Захира
Зуда Дулай, Дода, Хазбат, Жада
Бераш Заидат
Динлелор Ислам

Ӏусман Хьаьжа вина 1830-чу шарахь, Девкар-Эвлахь. Цуьнан да Ахьмадханан кӀант Ханти ву. Цуьнан дайш Нохчи-Аула халкъах схьабевлла бара. Цуьнан деда Ахьмадхан, дийцарехь вуьйцуш ву, Шамилан наибех цхьаъ ву аьлла, Ӏаларойн тайпанах а волуш. Девкар-Эвлахь, Хантис зуда йалира Захира, цуьнгара кӀант хилира Упа (Ӏусман-Хьаьжи). Ӏусманан нана хьалхе дӀакхелхира. Иза Девкар-Эвлахь дӀа а йоьллина, Ханти а цуьнан вежарий, шайн даьхнийн дажа меттиг а лохуш, Лаха-Невре схьабаьхкира. Кхузахь Упан дас, ЖовхӀар цӀейолу зуда йалира, Курчалойн тайпанах а йолуш. Цо пхи бера дира: кӀентий Вазархан, Бокаш, Дака, Кана, а йоӀ Залих.

Ӏусман деша дӀавеллера Мелчхера хьуьжарехь, масех шарахь цигахь дийшира цо. Хьуьжарехь дешна ваьлча, Ӏусман молла хилира. 12-чу октябрехь 1874 шарахь, шен цӀачуьра араваьлла Зиярт дан, Макка (ХьаьжицӀа) вахара иза, 17-чу апрелехь 1875-чу шарахь цигара схьавеара иза.

ТӀаккха цо суфийн хьалхара школа схьайоьллу, кхузткъе муталимаш доьшу цигахь, царех цхьаболчарех бакъболу шейхаш хуьлу.

1894(96) шерашкахь декабрехь, Ӏусман дӀакхелхина, иза дӀавоьллина ву Лаха-Неврехь долчу кешнашкахь.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан