Курчалой
Курчалой — Нохчмахкахойн тукхуман нохчийн шира тайпа. Тайпанан мохк — Курчала. Еллачу ДНК тесташа гойту Курчалой J2 а, R1a гаплотобанера хилар, амма дукхах берш J2 тобанера бу. Курчалой, ЦӀонтарой, Аьрсаной цхьаьна дех схьабевлла[1].
Къена тайпа | |
Курчалой | |
---|---|
| |
Кхин цӀерш | Куршалой |
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | нохчмахкахой |
Йукъара хаамаш | |
Дин |
• дин • ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Росси: хууш дац : хууш дац : хууш дац |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• ист. мохк Нохч-Мохк |
Географи
бӀаьра нисйанНохчийчохь кхоъ эвла йу Курчала цӀе йолуш, Гумс эркан аьтту бердаца Ширдий-Мохкана къилбехьа, ЦӀоьнтаран къилбаседа-малхбузехьа, ЭгӀашбетан малхбалехьа[2].
Курчалан йукъайогӀу: Ботака кӀотар, Лакха Курчала, Лаха Курчала[3], Хизар ваьхна кӀотар, Элжархан кӀотар[4].
Топонимаш
бӀаьра нисйан- Курчалойн кешнаш – Соьлжан аьтту бердашца, Гихан хикхочен гена доццуш лаьтта дӀатесна кешнаш[5].
- Курчалойн йукъ – Курчалара куп[6].
- Курш-пхьатӀи – Барснахан а, Эзин а йукъара саьлнаш. Хьалхарчу декъо Куршалой дош дагадоуьйту. Куруш хьалха хилла долу тӀепаза дайна къам[7].
- Курчалой-ГӀала - Курчалойн кӀоштан йукъ, лаьтта Хумг хин тӀехь, Гуьме-дукъ иа, Эртинан-дукъ а йукъахь[6].
Беха меттигаш
бӀаьра нисйанКурчалой беха меттигаш: Бена-Йурт[8], БердакӀел[9], Жима АтагӀа[10], Курчалой-ГӀала[6], Лаха Невре, Макане[11], Нойбоьра[12], Шела[13], Ӏалхан-Йурт[14].
Тайпа декъадалар
бӀаьра нисйанКурчалой бекъало некъешка-гарашка: Алмакхой-гар, КӀайчхой-гар, Байсалан-некъе, Батайн-некъе, Гасканан-некъе, ГIоли-некъе, Дади-некъе, Кажин-некъе, Обурган-некъе, Сувби-некъе, Хьазбиган-некъе, ЦIуькин-некъе, Шахьболтан-некъе, Iелин-некъе[2]
Силсил
бӀаьра нисйанКурчалойн силсил: Кушул — Курчалхан — Хьанбилхан — ЧӀабалхан — ЧӀайхан — Чергисхан — Бегал — Оку — Товла — Майла (МаьӀиг) — Товболат — Темболат — Тимирболат — Берса (XVI бӀешарахь Нохчийчохь ислам дин дендинарг ) — ТӀурло — Ӏаббас — МохьмадӀела — МуртазӀела — Айдамир — Эдалгир — Баду[2]…
Берсин кхин а кӀант хилла Аьрсамик, цуьнан тӀаьхьенаш: Ильяс – Нурбахьад - Ӏали-Хаьжа – Мачу – Бекмарза – Хьамий – Исраил – Солт-Ахьмат – Султан (Ӏабдул-Паттахь) – Нохчо – Берс.
МуртазӀелин кӀант хилла Ӏамар-Ӏела, ткъа цуьнан тӀаьхьенаш: Ӏаьмир-молла – Мустап-Шайх – Ибрахим-хьаьжа (1844 - 1937 шераш) – Хьамид – Нажмудди – Ризван.
Истори
бӀаьра нисйанКурчалой лору Сайд-Ӏали Шамин тӀаьхьенах волу, Нашах йиллиначу, Фахрутдинах схьабевлла. Ткъа Кушул Нашхара схьаваьлла.
Легенда йу, Нашхара Кушул кхелхина сецна Куьрчалахь Йуьртачоь олучу меттигехь. Цуьнан кхоъ кӀант хилла: ШаӀа, ТӀелип, Курчалхан. ШаӀех Зандакъой бевлла, ТӀелипах – Билтой, ткъа Курчалханах – Курчалой.
Алмакх эвла йиллина курчалойша а, чунгаройша а[15].
Этимологи
бӀаьра нисйанА.В.Твердыйс билгалдоккху, этнониман этимологи кегайелла хилар, цунна хета, цуьнан бух тӀехь жӀайхойн куруш – «ахча», «бахам» хилар, ткъа цунах схьайаьлла вайнехан этноним – Курчалой[16].
К.З.Чокаевс йоьхку и цӀе туьркийн Кырчейли – Азербайджанера меттиг[17].
Ӏ.Д.Вагаповс а, Р.П.Ахмадовс а боху, Куьрчала йоьзна йу туркойн дашах «Кырджалы» - аренийн бахархой, «кырджа» – жима аре йу («кыр» – аре), цигара схьа ду бессарабийн «кирджали» – талорхо, болгарийн «кърджали», сербин-хорватийн «крджалиja», румынийн «кирджали» – волавелла леларг[18].
ГӀараваьлла волу нохчийн Ӏилманчо Сулейманов Ахьмада дийцарехь, Гендарганой схьабевлла кхаа вешех: Гундалх, Гундаргенах, Нижалх. Церан йиша Курчала хилла[19].
ГӀарабевлла тайпанан нах
бӀаьра нисйан- Берса-Шайх (Дуча) (вина XVI бӀешо чекхдолуш Курчалахь, велла XVII бӀешарахь) — Нохчийчуьра дуьххьарчех суьпа стаг[20][21].
- Ахьмадукъ-Хьаьжа Батукаев — Берс-шайхан тӀаьхьенах хилла. Шайх — Накъшбанди. Зийарат ШаӀми-Йуьртахь ду[22].
- Мусп-Шайх — гӀараваьлла Ӏелам стаг, ИбрахӀим-Хьаьжин да. Зийарат Веданан кӀоштарчу Курчалахь ду[23].
- ИбрахӀим-Хьаьжа (Мусп-Шайхан кӀант). Шайх — Накъшбанди[24].
- Шелара ТIелхиг — имам Шемалан Шелан гуонан а, Йоккхачу Нохчийчоьнан а наиб[25]. Мудир, йаккхий тоьпийн декъан хьаькам. 1859 ш. паччахьан эскаре дехьаваьлла. Имам Шемалан кӀентан Джемал эд-Динан стунда. ДӀавоьллина Шелахь. ТӀаьхьенаш йеха Шелахь а, ЧӀулга-Йуьртахь а.
- Булун Ботакх — имам Шемалан эскаран къеда. 1858 шарахь къона Ботакха Ичкерин гуонан хьаькам хӀоттийна[25].
- Жанин Бук — имам Шемалан наиб Курчалахь[25].
- Нурадиев, ИбрахӀим Олхазурович — инарла, схьавалар Лаха Неврера, веха ЧӀулга-Йуртахь.
- Шатаев Мохьмад — нохчийн, советски, пачхьалкхан, йукъараллин гӀуллакххо.
Галерей
бӀаьра нисйан-
ТӀелипан дукъ, Попийн тӀе
-
Силсил чурта, Ведан кӀошт, Куьрчалахь йуьрт кешнаш
-
Шелара ТIелхиг наиб
-
Ибрахьим-Хьаж Хьамид (1846-1919 гг.)
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Chechen-Noahcho DNA Project - Y-DNA Classic Chart : [англ.].
- ↑ 1 2 3 Сулейманов, 1997, с. 286.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 287.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 289.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 537.
- ↑ 1 2 3 Сулейманов, 1997, с. 496.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 119.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 554.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 482.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 445.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 569.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 510.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 487.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 457.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 334.
- ↑ Твердый А.В., Топонимический словарь Северного Кавказа, Ч. 1, 2. Краснодар, 2006
- ↑ Чокаев К.3. Географические названия Чечено-Ингушетии. Архив ЧИИИСФ, ф. 1, оп. 1, д. 16.
- ↑ Вагапов А.Д., Ахмадов Р.П. Названия тэйпов восточной Чечни Лингвофилософия, 2010.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 321.
- ↑ Ахмадов Я. З., 2009, с. 167.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 658.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 664.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 663.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 660.
- ↑ 1 2 3 Далхан Хожаев. Чеченцы в Русско-Кавказской войне. Архивйина 2014-12-22 — Wayback Machine Издательство «СЕДА» 1998 ISBN 5-85973-012-8
Хьажоргаш
бӀаьра нисйанХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
Литература
бӀаьра нисйан- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Нальчик: «Эль-Фа», 1997. — 682 с. — 1000 экз. — ISBN 5-88195-263-4.