1002 шо
1002 (эзар шолгӀа) шо Юлианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу йеарахь. Иза вайн эран 1002 шо ду, 2 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 2 шо бӀешеран, 2 шо 1-гӀа иттаннаш шерашкахь XI бӀешеран, 3 шо 1000-гӀа шерийн.
Хиламаш
бӀаьра нисйан- Бриан Бору хӀутту лакхара паччахь Ирландин.
- Данихошна кхаьчна Ингалсера мах 24 эзар фунт детий.
- 1002, конец года — Ингалсахь данихошна еттар. Байина закъалтана битинарш, царна йукъахь Свейнан йиша. Данихой юха тӀелетар.
- 13 ноябрь — Ингалсан къилба графаллашкахь Этельред II-гӀачун омарца данихой байар.
- Викингаш тӀаьххьара Францин тӀелатар.
- 23 январь — Сийлахь Руман империн император а, Германин паччахь а волу Оттон III-гӀа валар, Ӏарш тӀе цуьнан шича Генрих II-гӀа (Сийлахьверг) (973—1024) ваьлла, иза хуьлу Франконан некъийн хьалхара векал. Оттон III-гӀаниг веллачул тӀаьхьа мехкаш дӀакъаьста Сийлахь Руман имперех.
- Полабийн славянийн гӀаттам бахьнехь, саксонийн феодалийн Эльбан дехьара латташ дайра, бодричаш а, лютичаш а маршо йаьккхира.
- Цийчуьра керстанаш лахкар.
- Сурьяварман I Камбоджин урхалча хуьлу.
- Ӏаьрбаша масех баттахь аьттонза гуо латтабо Италин византийн урхаллин центран Барин.
- Византийн эскарш тӀом бо Малхбален Болгарехь. БархӀ баттахь гуо латтийна йаьккхина Видин (Бдын), цул тӀаьхьа гӀаланаш Плисков а, Преслав а гуонахьарчу областашца.
- Гренландхо Торфиннс Карлсефн гӀоьртина дӀакхалха Винланде. 60 стага а, масех зудчо а доккху кхузахь ши шо, амма, меттигерчу бахархошца хиллачу дар-дацарш бахьнехь и мохк бита бийзира.
- Болеслав I Майраниг тӀелета Лужицан. Полякийн паччахьо дӀалоцу германин латтанаш Эльбан тӀекхаччалц, дӀалоцу гӀопаш Баутцен, Стрела, Мейсен.
- Чехаша кхайкхина олалла дан полякийн элин кӀенте Владивойга.
- Григор Нарекацис чекхйаьккхина поэма «Сингаттаме эшарийн жайна»
Бина
бӀаьра нисйанХьажа иштта: Категори:Бинарш 1002 шарахь
- Конрад II (Каринтийн герцог)
- аль-ХатӀиб аль-БагӀдади, Ӏаьрбийн историк (велла 1071).
- 21 июнь — Лев IX, руман папа (велла 1054).
Белла
бӀаьра нисйанХьажа иштта: Категори:Белларш 1002 шарахь
- аль-Мансур, Кордован халифатан урхалча.
- Абу-ль-Хьасан Кисаи, таджикийн поэт (вина 953).
- 23 январь — Оттон III, Германин паччахьийн Саксоний некъийн тӀаьххьара векал (вина 980).
- 29 - 30 апрелан буьйса. Маркграф Экхард Мейсенан виер.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |