1653 шо
Григорианан рузма | 1653 MDCLIII |
Юлианан рузма | 1652—1653 (11 январехь дуьйна) |
Юлианан рузма византийн эрица |
7161—7162 (11 сентябрехь дуьйна) |
Рум йиллинчара дӀа | 2405—2406 (1 майхь дуьйна) |
Жуьгтийн рузма |
5413—5414 ה'תי"ג — ה'תי"ד |
Исламан рузма | 1063—1064 |
Шираэрмалойн рузма | 4145—4146 (11 августехь) |
Эрмалойн килсан рузма | 1102 ԹՎ ՌՃԲ
|
Цийн рузма | 4349—4350 壬辰 — 癸巳 Ӏаьржа саьрмик — Ӏаьржа лаьхьа |
Эфиопийн рузма | 1645 — 1646 |
ШирахӀиндин рузма | |
- Викрам-самват | 1709—1710 |
- Шака самват | 1575—1576 |
Иранан рузма | 1031—1032 |
Буддийн рузма | 2196
|
Хиламаш
бӀаьра нисйан- Цхьа могӀа баккхий ингалсан-голландин хӀордан тӀемаш (хӀора агӀора 200 сов кема, 20-30 эз. ст., 6-8 эз. йоккха топ). Июнь-июль — коьртехь Мартин Тромп волу голландин флотан цхьа могӀа иэшамаш. Ингалсан флото гуо бина къевлина голландин бердйист.
- 20 апрель — Кромвела Йеха парламентан «цӀога» лаллар[1]. Июль — Жима (Бербонан) парламент кхайкхар, цуьнан декъашхой факт хилла дӀахӀиттийна бара Пачхьалкхан кхеташоно. ХӀоттийна гражданийн зуда ялоран махбар, бакъонийн кодаш хӀитто комитет кхоьллина. 26 сентябрехь — «Ирландин хӀоттамах акт» дина. Ирландхой охьаховшо мохк белла Коннотехь. Декабрь — парламент дӀасахецна. 16 декабрехь — Пачхьалкхан кхеташоно тӀеэцна Ингалсан республикин конституци («Урхаллин герз»). Ӏедал декъна лорд-протекторан, Пачхьалкхан кхеташонна, парламентана йукъахь.
- 1653—1658 — Ингалсан лорд-протектор Кромвель Оливер (1599—1658) ву.
- Голландехь гӀалин лахенаш гӀевттина.
- Филипп паччахьо чӀагӀдина каталонхошна йелла йерриг маршонаш а, гӀоленаш а.
- Янсени жайнахь Ӏосаллин пхи хӀума далийна Папин булло.
- Голштинан герцога Российн схьавелла Анкудинов.
- Патриарх волчу Никонан Оьрсийн Килсан хийцамийн йуьхьиг.
- 1 август — Аввакуман мурид Неронов Сибрех хьажийна.
- Март — С.Чарнецкийн польшин-литван эскаро тӀемаш болийна Украинехь. 15 эзар долу эскар чудахна Брацлав махка. Богунан гӀазакхийн дакъоша мостагӀ гӀел а вина Монастырищен гергара тӀамехь вадийтира. Гуьйре — Украина агӀора таттаделира доккха Польшин эскар. Хмельницкийс лелайо партизанийн тӀеман тактика, ткъа тӀаьхьа Жванецан гуо бина, цунна чохь къовлабелла полякаш. Ислам-Гирей кӀелдахула барт бан волавелла Казимир Янаца. Жванец уллохь бинчу барто меттахӀоттадора Зборовн бертан хьал. Москохара Украине йахара В. В. Бутурлинан йоккха вакийлат.
- Чунминдао гӀайре Чжэн Чэнгуна дӀалацар. Цуьнан флот олалла деш йу Янцзы а, Доккха татолна а чохь.
- Махлелоран устав.
Бина
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Бинарш 1653 шарахь
- 8 май — де Виллар Клод Луи Эктор, Франци баьчча, маршал-инарла (велла 1734)
- Пахельбель Иоганн, немцойн композитор (велла 1706).
Белла
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Белларш 1653 шарахь
- 26 апрель — Фабер Матей (вина 1586), динан йаздархо, иезуит, католикийн мозгӀар.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйанХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |