Шетиель Семёнович Абрамов (1918 шеран 11 ноябрь, Дербент, Дагестанская область — 2004 шеран 14 май, Москох) — советски эпсар, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, подполковник, Советски Союзан Турпал. ТӀом чекхбеллачултӀехьа — Соьлжа-Г1алан мехкдаьттан институтан геологан талламан факультетан декан.

Шетиель Семёнович Абрамов
Вина терахь 1918 шеран 11 ноябрь({{padleft:1918|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:11|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 2004 шеран 14 май({{padleft:2004|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (85 шо)
Кхелхина меттиг
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж подполковник
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Отечественной войны орден Отечественной войны I степени орден Отечественной войны I степени орден Отечественной войны II степени орден Красной Звезды медаль Жукова юбилейная медаль «50 лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» медаль «В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» медаль «В память 850-летия Москвы» медаль «За оборону Сталинграда» медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Двадцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Тридцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Сорок лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» медаль «За взятие Берлина» медаль «За освобождение Варшавы» медаль «Ветеран труда» юбилейная медаль «50 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «60 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «70 лет Вооружённых Сил СССР»
 
Абрамован каш тӀехь йолу памятник.

Вина 1918 шеран 11 ноябрехь Дербентехь. Иза ламанан жуьгти вара. Цо 10 класс Махачкалахь йаьккхира. 1941 шарахь иза Соьлжа-Г1алан мехкдеттан институтан геологин талламан факультетан 3-гӀа курсан студент вара[1].

1941 шеран июль дуьйна иза эскарехь вара. 1941 шарахь цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалан гӀашсалтин училищен сихйина курсаш[1].

1942 шеран май дуьйна иза Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь вара 242-гӀа лаьмний кхиссархойн дивизин взводан куьйгалхо. 1942 шеран 23 майхь цунна чоьлхе чов йинера. Таваллалц иза Новочеркасскан госпеталехь Ӏиллира. Товеллачул тӀехьа иза Сталинградан фронте хьажавира. Цигахь цо тӀом бира 76-гӀа кхиссархойн дивизин 107-гӀа кхиссархойн полкан талламхойн взводан куьйгалхо волуш. 1942 шеран 27 сентябрехь цунна шозлугӀа чов йира. КхозлугӀа чов йинчултӀехьа иза госпитале хьажавира[1].

1943 шеран аьхкенан дуьйна иза вара 82-гӀа гвардин кхиссархойн дивизин 246-гӀа гвардин кхиссархойн полкан ротан куьйгалхо. 1943 шарахь цо дакъалецира Донбасс а, аьрру баьрдан Украина а схьайоккхарехь. 3-гӀа Украински фронтан йукъахь волуш цо дакъалецира Ингулец а, Ингул а, Къилбера Буг а хишх дехьадовларехь, Одесса маршайаккхарехь а. 1944 шеран августехь Абрамовс дакъалецира 1-ра Белоруссин фронтас Вислан аьрру бердан тӀехь йолу плацдарм схьайаккхарехь, Варшава а, Лодзь а маьршайаккхарехь а[1].

Цо къаьстина хьуьнур гайтира Познань гӀала маьршайоккхуш. 1945 шеран 19 февралехь цуьнан батальонан хьаькиман чов йинчул тӀехьа цо куьйгалла шена тӀелицира. Познань схьайоккхуш цуьнан батальоно 400 сов мостагӀ хӀаллак а вира, шорт мостагӀи салтий схьа а лецира[1].

1945 шеран 31 майхь ССРС Лакхара Советан Президиуман омраца мостагӀан цо гайтина йолу майраллина гвардин капитанан Абрамов Шатиель Семёновичан йелла Советски Союзан Турпалан цӀе[1].

1945 шеран март чекхйолачу хенахь Абрамован батальонас Кюстрин цӀе йолу гӀап схьайаьккхира (тахана ОдратӀехь-Костшин). Цул тӀаьхьа цо Берлин схьайоккхуш дакъа лецира. ТӀема хенахь цунна ворхӀ чов йира. 1945 шеран 9 апрелехь цунна майоран дарж делира[1].

1945 шеран июлехь иза М. В. Фрунзен цӀарах йолу Эскаран академе деша хьажийра. Цигахь доьшуш хенахь полигонехь иза лазавира. И лазор бахьнехь цуьнан эскаран болх бита дийзира[1].

Иза Соьлжа-ГӀале схьавеара. 1949 шарахь цо мехкдаьттан институт чекхйаьккхира. 1992 шо кхаччалц цо мехкдаьттан институтехь болх бира. Цигахь иза тӀаьххьара геологин талламан факультетан деканан дарже кхечира[1].

1993 шарахь иза Москва дӀавахара. Велла 2004 шеран 14 майхь. ДӀавоьллина Домодедовски кешнашкахь[1].

Публикациш

бӀаьра нисйан
  • Нефть, её назначение, методы разведки и добычи. Грозный, 1956;
  • Богатство недр Чечено-Ингушетии. Грозный, 1966.
  • Советски Союзан Турпал (1945 шеран 31 май[2]);
  • Ленинан ордена (1945 шеран 31 май[3]);
  • ЦӀен Байракхан орден (1945 шеран 11 февраль[4]);
  • шиъ 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден (1944 шеран 29 август, 1985 шеран 11 март[5]);
  • 2-гӀа даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден (1944 шеран 27 май);
  • ЦӀен Седан орден (1943 шеран 9 август);
  • мидалш.
  • Нохч-ГӀалгӀайн АССР Ӏилманан Сийлахь гӀуллаккхо, геологин минералийн Ӏилманийн кандидат[1].

Дагахьлаттавар

бӀаьра нисйан

Дербентехь иза винчу цӀин тӀехь хӀоттийна мемориалан у[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. 3-е изд., доп. Грозный: Чечено-Ингушское кн. изд., 1985. — С. 8—13.
  • Путерброт А. Т. Боевая слава Дагестана. Махачкала: Дагестанское кн. изд., 1988. — С. 29—33.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан