Абу-д-Дардаъ
Мухьаммадан сахьаби
Абу-д-Дарда́ъ аль-Анса́ри (Ӏаьр. أبُو الدَّردَاءِ الأنصَارِيُّ; 586, Мадийнат[1] — 653[1], Димашкъ) — иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ сахьаби а, факъийхӀ а, къеда а, пайхамаран хьадисаш дуьйцуш верг а ву. Иза Бану КаӀб ибн аль-Хазраж аль-Хьарис ибн аль-Хазраж олучу тайпанан ансарех ву. Цо тӀаьхьо Бадр-дийнахь тӀеэцна хилла ислам дин, ткъа Ухьуд-дийнахь Мухьаммад пайхамар ﷺ ларвина а хилла цо. Ӏибадатдарехь а, Къуръан дешарехь а къахьоьгуш хилла ву иза. Шема-махка дӀавахнера иза, и схьайаьккхинчул тӀаьхьа, цигахь нахана Къуръан хьеха а, царна динехь кхетамбала а. Димашкъехь къеда а лаьттира иза, цигахь ша валлалц Ӏийра иза, Ӏусман ибн Ӏаффанан халифат йолчу заманахь.
Абу-д-Дардаъ | |
---|---|
Ӏаьр. أبو الدرداء | |
Хьакиймул-уммат | |
Говзалла | совдегар, хьехамча, къеда, факъихӀ, мухьаддис |
Вина терахь | 586 |
Вина меттиг | Ясриб, Хьижаз |
Кхелхина терахь | 653[1] |
Кхелхина меттиг | Димашкъ, Шема-мохк |
Пачхьалкх | |
Зуда | Умм ад-Дарда, Умм ад-Дарда ас-Сугра |
Хьехархой | Мухьаммад |
Дешархой | Ибн Амир аль-Яхсуби |
ТӀеман гӀуллакх | |
ТӀемаш |
Хьосташ
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 Али-заде А. Абу ад-Дарда // Исламский энциклопедический словарь — М.: Ансар, 2007.