Абу Бакр Мухьаммад ар-Рази
Абу́ Бакр Мухьа́ммад ибн Закария́ ар-Рази́ (865 шо гергга, Рей — 925 шо гергга, циггахь) — гӀажарийн Ӏилманча-энциклопедихо, лор, алхимик, философ. Ар-Разин дукхаха болу кхолламаш тӀаьхьа гочбира латинан матте, шуьйра гӀарабевлира, къобал бира малхбузан европин лоьрашна а, алхимикашна а йукъахь. Европехь вевза латине йаьккхинчу цӀерашца Разес (Rhazes) а, Abubater а.
Абу Бакр Мухьаммад ар-Рази | |
---|---|
| |
Вина терахь | 865 гергга |
Вина меттиг | Рей |
Кхелхина терахь | 925 гергга |
Кхелхина меттиг | Рей |
Пачхьалкх | |
ГӀуллакхан тайпа | математик, химик, философ, изобретатель, врач |
Ӏилманан кхоче | астрономи, математика, медицина, философи, алхими |
Воьвзу сана | астроном, философ, математик |
Йоьвзу сана |
|
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанАбу Бакр Мухьаммад ибн Закария Ар-Рази вина гӀажарийн гӀалахь Рейхь, Тегеранан гергахь. ГӀажарчохь цуо чекхдаьккхина тайп-тайпана агӀора дешар, философи, метафизика, поэзи, алхими. Къуона воллушехь волавелла зиеделларш дар металлашна дешийн деш, «эликсир» деш. 30 шо долуш Ар-Рази вахара БагӀдаде, цигахь Ӏамийра медицина. Кестта иза гӀаравелира чӀогӀа говза лор санна; куьйгалла дира Рейра клиникехь, тӀаккха БагӀдадехь а. Ар-Рази дика йевзаш вара антикин Ӏилманан медицина а, философи а; цуо битира философийн, этикин, теологин, логикин, медицинан, астрономин, физикин, алхимин белхаш — берриг 184 кхоллам, царех вайга кхаьчна 61; дукхаха болу Ар-Разин белхаш X—XIII бӀешерашкахь Европехь гочдина латинан матте.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Фигуровский Н. А. Очерк общей истории химии. От древнейших времен до начала XIX века. — М.: Наука, 1969. — 455 с.
- Всеобщая история химии. Возникновение и развитие химии с древнейших времен до XVII века. — М.: Наука, 1980. — 399 с.
- Большая советская энциклопедия. В 30 тт.
- Разес // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Всеобщая история химии
- Биографии химиков Архивйина 2018-10-19 — Wayback Machine
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |