Авсал
Авсал — зоонозийн тобанера кхераме уьнан цамгар ю, цуьнан амалехь бетан а, меран а интоксикаци а, везикулезан-эрозиван (лоппаган-даІан) мазин чкъоьрнаш дохадар а, иштта пІелгийн яккъаш, маІаран бен болчура цІуока йохаяр.
Авсал | |
---|---|
МКБ-11 | 1F05.3 |
МКБ-10 | B08.8 |
МКБ-9 | 078.4 |
DiseasesDB | 31707 |
MeSH | D005536 |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Этиологи а, эпидемиологи а
бӀаьра нисйанАвсал йийриш ю РНК йукъахь йолу пикорнавирусийн доьзалера вирус, цуьнан барам бу 27 - 30 нм. Амалехь ду лакхара тІегІанера контагиозаналла (лазар латтадар) а, дерматотропалла (цІуоканца гергарло хилар) а. Антигенан структурехь йекъало 7 серотайпана, хІоранна а чохь царна къастало масех антигенан вариант. ССРС хиллачу мехкашкахь хаало О а, А а тайпана вирусаш. Авсал карзахйоккхург дуьхьало ялуш ю якъаяларна а, гІораярна а, амма сиха ле 60 °C йохйича а, ультрафиолетови излученица, дезинфекцин гІирсашца Іаткъам бича а. Вирусаш еха хьесийн культурехь.
Авсал дика шуьйра яьржина ю дийнаташна йукъахь. Цхьа могІа пачхьалкхашкахь лазаро лелайо эпизоотин (дийнаташна йукъахь ун даржар) амал, заман рожехь юх-юха а хуьлуш. Авсалан эпизооти хилла 2001 шарахь Къилбаседа Европин (коьртаниг Йоккха Британехь а, Нидерландашкахь а). Ун атта кхета къуона шалабергаш йолу юьртабахаман дийнаташ (бежний, хьакхарчий, гезарий, уьстaгӀий, сайнаш). Цунах балахьега тарло кхин а говраш, эмкалш, жІаьлеш, цицигаш, дехкаш. Цкъа цомгуш хилла тоеллачу дийнатийн а, цхьадолчу олхазарийн а дисина вирус лелаялар, гучудолу карзахдоккхург боьхаллица арайолий.
Шалабергаш йолчеран уьнан лазаран амалехь ду иза вирусемица хала дІадахар, афтозан тиларца, мазин чкъор багара, меттан тІиера, мера-легашкара, меран, балдин областера, бергийн харуолийн цІуокан тІехь, шим тІехь, наггахь маІаш уллохь дохарца. Дийнатийн лазар лаьтта мур — 10 - 15 де, инкубацин муьран бохалла— 2— 4 де. Авсал зуламе йоьдуш елахь, дукхах дерг бежнийн, 50 % сов цомгуш долу дийнаташ ле 2—3 дийнахь.
Адаман ун даржо коьрта некъ — цомгашчу дийнатийн буьйда шура а, цуьнах даьхна тІуо, кІалд, даьтта, морза, жижигца ледаро даьржа. Даьхнашца гуттаренна а воллучу стеган тарло ун дуьхьал дІадала а (узуш, даар луш, дарба лелош, дойуш), ун даржон хІаваан-тІадамийн новкъаца (садаІарца, йовхаршца) а, ткъа кхин а церан боьхаллаш бехйина хІумнех а. Хилла лабаратори чохь ун даржийна меттигаш а. Адаман тІиера адаман ун дІа ца далало. Бераш баккхийчарал а экаме ду алсавна. Иммунитет тайпана специфика йолуш ю, йоьзна ю вирусаш йойу антидегІах.
Вирус организман чуйолу багарчу мазан чкъоьраца (наггахь — юург охьу а, садаІаран а некъашкахула) а, йохийна цІуока йолчухула а. Иза чуйоьллачу меттигехь хуьлу хьалхара аффект (лазаран кхерч) — жима везикула (лоппаг), цунна чохь вирус дебий гуллало. ТІаккха йолу тІегІа ю вирусеми (ун цІийх дуолар), цуо йо интоксикаци. Вирусан къаьстина дерматотропалло чІагІйо иза мазан чкъоьрийн (багахь, меран чохь, уретра) а, цІуокана (куьг, ког) а эпители чохь, шена чохь гуллало шолгІа везикулаш. Уьш гучуевлчи ун цІийн йукъахь хаа ца ло.
Клиникан сурт
бӀаьра нисйанИнкубацин муьран бохалла леста 2 - 12 деношна йукъахь, дукхьа хьолехь хуьлу 3—4 де. Цамгаран юьхьиг хала ю, лакхара температура 39—40°С, шелонна дегадар, корта а, дилха а лазар. Цхьа де-буьйса даьлчи гучуйовлу мазийн чкъоьрнаш дохадаран билгалонаш: бага ягар, шортта туьйнаш дийлар, бІаьргаш цІиедалар, хьатІ къаьсташ чІогІа лаздар, дай чоьна хилар. Ган а гуш дестар хуьлу, беснешна чухулара мазийн чкъоьрнаш, стигал, мотт, балдаш цІиенло, тІаьхьуо гучудовлу кегийра лоппагаш, юьхьанца сирла, тІаьхьа кхоьлина тІуналла йолуш. 1—2 де-буьйса даьлчи лоппагаш лелха, ткъа церан меттана даІ дуьсу, цуьнан таро ю вовшах а кхетна боккха даІан кхерч бан. Регионаран екхоашна тІе куьг Іоьтчи хаало лазар а, уьш йаккхий хилар а. Цомгаш волчунна вистхила а, хІума яа а де ца хуьлу, иза лан хала хуьлу, шортта туьй долу (де-буьйсана 2—4 л). Меран а, уретран а, бехкен меттиган мазийн чкъор дохадо, конъюнктиван амал хуьлу шен йогІучу симптоматикехь. Амалан билгалонех ю оцу хьола тІе куьйгийн а, когийн а пІелгийн яккъаш а, мІарийн бен болчура везикулёзан тиларш.
Чолхечу хьоле яьлла яцахь даІ дерза долало 5-гІачу дийнахь, цамгар лаьтта 5—7 дийнахь. Цкъацца нисло уьнан яхъелла кепаш (масийтта бате а йовлий) юх-юха туьлуш. Берийн кхетна авсал амалехь хуьлу ла халахилар, дукха хьолехь гастроэнтеритца. Прогноз дукхах дерг дика хуьлу, амма чолхе яьлчи берийн забаре ца хуьлу.
Диагностика а, дифференцин диагностика а
бӀаьра нисйанЯха ма-еззара дІаяхчи диагнозо хало ца йо. КІезиг чоьтехь йолчу симптоматикехь хьажа веза эпидемин анамнезан (цамгар кхетаран некъ таллар) хаамашка а, авсалан эпизоотин хаамашка а.
Лабораторин хаамаш: цІийн анализан йукъара хьал кІезиг специфика йолуш ду — лейкоцитийн а, эозинофилин а лахара барам болуш. Вирус йолу цІийх, туйх, афтозан элементех, боьхаллех. Вирусан идентификаци йо гІоьнца РСК а, РНГА шалла морзан чохь йукъа 6—8 де а дуйлиташ.
Диагностикан Іалашонна лелабо биологин чам хІордан хьакхарчийн афтехь дерг тІодан тІе а хьоькхуш. Дийнатийн авсална вирус елахь хуьлу уьнахчух тера тиларш.
Авсао дифференциаци йо афтозан, токсикан, кандидозан стоматиташ тІиера, герпесан ун, хьаран, энтеровирусан цамгаш, пемфигусан тІе кхаччалц.
Дарба а, профилактика а
бӀаьра нисйанАвсалх цомгуш берш дарбанцӀен чубахка беза 14 денна а, сов а. Диета хӀоттайо, механикин а, химин а агӀора максимум кхоо еза даӀ дина мазий (яа атта йолу, ах коча йолу юург лело еза дийнахь кӀез-кӀезиг юуш, хӀума яале цомгушчунна ло 0,1 г анестезин), шортта хи мийла деза. Наггахь зонд чухула хӀума яайо. Уггар коьртаниг бага дика лелор ду.
Хьалхарчу дийнахь дуьйна ун доьхьала терапи ян йолайо. Цунна леладо 0,25—0,5% долу оксолинан, 0,25—0,5% долу флореналан, 0,25—0,5% долу теброфенан, 4% долу гелиомицинан, 0,25% долу риодоксолан, 50% долу интерферонан, кхин а хьакхарш. Лейкоцитаран интерферонан а, 0,1—1% болу РНК-аш берамаш лелабо. Мазийн а, цӀуокан а йохийначу меттигашка препараташ тӀехьокху 3—5-зза дийнахь.
Дарба сиха хилийта лело мега ультрафиолетови облучени а, гелий-неонан лазеран серло а, ткъа кхин а аэрозолан препараташ «Ливиан», «Левовинизоль», пантенол, «Винизоль», иштта дӀа. Чолхе хьал делахь оьшу дезинтоксикацин терапи, деган-пхенийн, лазар юхадоккху антигистаминан препараташ а, витаминаш а.
Авсална профилактика ю ша ларвалар кхерчехь а, санитаран-ветеринаран белхашкахь а. Эндемин кӀошташкахь тӀедиллина ду шуран пастеризацияр а, кхехкаяр а, даьтта даккхартобинчу тӀайх, кхин а цомгашчу даьхнашка хьожуш кхерамазаллин болх леррина лелабар. Ладаме бу рожехь беш болу санитаран-серлонан бахархошна йукъара болх.
Литература
бӀаьра нисйан- Полферов Я. Я. Ящур // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |