Азербайджанан Республикин шатлакхан илли
«Азербайджанан марш» (азерб. «Azərbaycan Marşı») — Азербайджанан Республикин пачхьалкхан шатлакхан илли, Азербайджанан пачхьалкхан символех байракхца а, хӀостаца а цхьаьна могӀара коьртачех цхьаъ йу. Шатлакхан иллин мелоди йазйина 1919 шарахь[1] азербайджанийн композитора Гаджибеков Узеира, дешнаш йаздина поэта Ахьмад Джавада. Шатлакхан илли тӀеэцна 1992 шеран 27 майхь Азербайджана маршо метахӀоттийначул тӀаьхьа.
Азербайджанан Республикин шатлакхан илли | |
---|---|
азерб. Azərbaycan Marşı, Азәрбајҹан маршы | |
Азербайджан Маршы | |
| |
Автор слов | Ахмед Джавад |
Композитор | Узеир Гаджибеков |
Мохк | Азербайджанан республика |
ЧӀагӀйина | 1992 27 майхь |
|
Шатлакхан иллин истори
бӀаьра нисйанАзербайджанан Демократин Республикин заманахь композитора Гаджибеков Узеира йазйина ши марш. И шийн а кхоллам зорба тоьхнера 1965 шарахь Анкарахь туркойн музыкаӀаморхочун Этем Унгёран «Тюркийн маршаш» (турк. Türk marşları) жайнахь[2]. И куьйгайоза деира Туркойчу композиторан вашас Гаджибеков Джейхуна[3]. Оцу маршех цхьаьнна цӀе йу «Азербайджанан къоман марш» (азерб. Azərbaycan milli marşı). 1919 шарахь оцу кхолламан делира АДР правительство кхайкхийна хьалхара совгӀат (цунах лаьцна йаздина 1919 14 ноябрехь «Азербайджан» газетехь[3]). У. Гаджибековс йаздина маршан куьйгайоза Ӏалашдеш ду Бакохара композиторан музей-цӀа чохь[3].
«Азербайджана марш» (азерб. Azərbaycan marşı) цIе йолу шолгIачу маршах, туркойн публициста бо иштта хаам: «Азербайджана шен маршо яйанза йолчу хенахь, и марш лоькхура тIеман ишколашкахь дешар долош»[4]. ТIаьхьуо и марш композиторан Азимов Айдынан хоран а, оркестран а аранжировкехь тIеийцира Азербайджанан Республикин пачхьалкхан шатлакхан илли йина. И марш Азербайджанан Демократин Республикин шатлакхан илли хилла хилар чIагIдо Гаджибеков Узеиран музей-цIачохь Iалашдечу документаша а[3].
Азербайджанан Республикин Милли Меджлисан 1992 шеран 27 майн сацамца, Гаджибеков Узеира музыка йазйина, ткъа дешнаш Ахьмад Джавада йаздина «Азербайджанан марш», тIеийцира Азербайджанан Республикин пачхьалкхан шатлакхан илли йина. Азербайджанан Республикин Милли Меджлисан 1993 шеран 2 мартан сацамца чIагIдира Азербайджанан Республикин пачхьалкхан шатлакхан иллин хьал.
Шатлакхан иллин текст йу азербайджанан номинал 5 манат йолу банкнот тIаьхь. Цуьнан деший диллина борзан текст иштта хIоттийна Бакохара Пачхьалкхан байракхан майданахь[5]. 2011 шарахь Азербайджанан Республикин маршонан 20 шо кхачарна лерина шатлакхан иллин текстца поштан марка арахийцира.
-
Азербайджанан номинал 5 манат йолу банкнот шатлакхан иллин текстца
-
2011 шеран Азербайджанан поштан марка шатлакхан иллин текстца
Текст
бӀаьра нисйанОригинал азербайджанийн маттахь (латиница) |
Нохчийн матте гочдар (дош дешера ма-дарра) |
---|---|
|
|
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Central Intelligence Agency. The CIA World Factbook 2012. — Skyhorse Publishing Inc., 2011. — 834 с. — ISBN 9781616083328.
- ↑ Etem Üngör. Türk marşları. — Анкара: Türk Kültürünü Aras̆tırma Enstitüsü, 1965. — С. 325. — 332 с.(туркойн мотт)
20. Azerbeycan milli marşı Üzeyir Hacıbeyli
21. Azerbeycan marşı Üzeyir Hacıbeyli - ↑ 1 2 3 4 İ. Əliyev, E. Məhərrəmov. Azərbaycan Respublikasınn Dövlət Rəmzləri. — Баку: Nurlan, 2008. — 500 экз.(азерб.)
- ↑ Üzeyir bəy Hacıbəyov ensiklopediyası. — Bakı, 1996. — С. 21.(азерб.)
- ↑ Президент Республики Таджикистан ознакомился с Площадью Государственного флага и «Baku Cristal Hall»