Айбулат, Константин Михайлович
Константин Михайлович Айбулат (Айбулат-Розен) — нохчех ваьлла оьрсийн поэт. Цуьнан да-нана оьрсийн салтеш динера Дади-Йурт йокххуш. Иза кхиинарг вара барон Михаил Карлович Розен. 1839 шарахь иза пачхьалкхан балха вахара. Шен йиш йолчу хенахь цо байташ йазйора. Уьш дукха литературин журналашкахь зорбан тӀетухуш хилла. Дукха оьрсийн гӀарбевлла литературин гӀуллакхой бевзаш бара Айбулатан.
Константин Михайлович Айбулат (Айбулат-Розен) | |
---|---|
Бакъ цӀе | Озебай Айбулат |
ГӀуллакхан тайпа | Поэт |
Вина терахь | 1817 шо |
Вина меттиг | Дади-Йурт, Нохчийчоь |
Кхелхина терахь | 1865 шеран 20 апрель |
Кхелхина меттиг | Петарбух, Российн импери |
Корматалла | Поэт |
Пачхьалкх |
![]() |
Хьажа ишттаНисйе
ЛитератураНисйе
- Мурдалов М. М. «Способен и достоин» // Архивный вестник. — 2015.
ХьажоргашНисйе
- Муслим Мурдалов Чеченский след в русской поэзии. «Литературная газета» (2015, 22 апрель). Теллина 2015 шеран 28 ноябрехь.
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |