Албур-Лам
Албур-Лам[2] я Албар-Лам, Олбар-Лам[2] — хӀинца ДегӀастанахь болу лам. Лаьтташ бу хӀинца йолу Казбековн кӀоштан латтан тӀехь. Иза бу Нохчийчоьнан дозанна гена боцуш. ХӀордан сизал локхалла — 2177 метр[1], уллера нах беха меттигаш: Алмакх а, Буьртана а, Ширча-Эвла а, дӀаяйна йолу Албур-Отар а Хений дукъ а[3][4].
Албур-Лам | |
---|---|
Бохьан локхалла | |
Абсолютан локхалла | 2177[1] м |
Лаьтта меттиг | |
42°56′19″ къ. ш. 46°32′00″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Регион | ДегӀаста |
Истори
бӀаьра нисйанЛоман цӀе тиллина иза долахь хиллачу Албур цӀарах, цул совнах цуна долахь хилла Ширча-Эвлан къилбехьа хилла йолу Албур-Отар цӀе йолуш эвла. Цуна Ӏу хилла Албур-Ломахь бежнаш дажош. Албур хилла нохчийн Ӏаккой тайпана[2].
Дийцарехь ломан гергахьа йолучу ярташкара бахархоша шайн жа дажа лахкар бахьна долуш цера а, Албура а сих-сиха доьвнаш хуьлуш хилла, Албура шиъ кӀант тӀамтӀехь дӀакхалхар нисделча Шемалс машар бина оцу хенахь дуьйна ломан цӀе ю Албур-Лам[2].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Подробная топографическая карта юга России . etomesto.ru (1999). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 10 декабрь.
- ↑ 1 2 3 4 Гора Албури-Лам . Зелимхан Мусаев (Грозный) — ИА "Чеченинфо" (2017 шеран 22 январь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 10 декабрь.
- ↑ Сайт «RuTraveller».
- ↑ Американская карта России и СССР 50-х годов
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |