Ширча-Эвла[2], кхин йоккху цӀерш Ширча-Ӏовх[3][4][~ 1] (оьрсийн шира хьосташкахь хьехош йу «Старый Окох» цӀарца, (1944 ш. дуьйна эвлан цӀе йу Калининаул) — ДегӀастанан Казбековн кӀоштара нохчийн эвла. Халкъан депутатийн III Гуламан сацамца, Ширча-Эвла а, Пхьарчхошка а меттахӀоттош йолучу Ӏовхойн кӀоштан йукъа йаха йезаш йу[5].

Эвла
Ширча-Эвла
Ширча-Эвла стиглара хаьжча
43°04′25″ къ. ш. 46°33′51″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Республика ДегӀаста
КIошт Казбековн
Истори а, географи а
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 5231[1] стаг (2017)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий, суьйлий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 87279
Поштан индекс 368157
Автомобилан код 05
Код ОКАТО 82222000008
Код ОКТМО 82622440101
Картин тӀехь
Ширча-Эвла картан тӀехь
Ширча-Эвла
Ширча-Эвла картан тӀехь
Ширча-Эвла
Ширча-Эвла картан тӀехь
Ширча-Эвла
Ширча-Эвла (Ӏовхойн кӀошт)
Ширча-Эвла
Ширча-Эвла Ӏовхойн кӀоштан картан тӀехь

ДегӀастанан историкаш дийцарехь Ширча-Эвлан истори ширачу тептаршкахь йолалуш йу 5 бӀешарахь дуьйна[6]. Ширча-Эвла хилла нохчийн пачхьалкхан коьрта гӀала XVI—XVII бб. оьрсийн документашкахь иза йевзаш йу Ӏовхойн латта «Окоцкая земля» цӀарца[7]. Тахана лерачу дийнахь эвлахь дехаш ду нохчийн-Ӏовхойн тайпанаш: Бийтарой, Ваьппий, Ноккхой, ЧӀаьнтий, Чонтой, Шинрой, Ӏаккой.

Ширча-Эвла ГӀурий хина аьтту агӀора йу, Сал-хи цуьнах кхетачехь, Пхьарчхошка эвлан дуьххьала, Хаси-Эвлан 18 км къилбехьа, Нохчийчоьна дозана гена йоцуш.

Уллера нах беха меттигаш: къилбаседехьа йу — Пхьарчхошка, къилбехьа йу — Алмакх, малхбузехьа йу — Гилна а, Зандакъ а, малхбалехьа йу — Дылым.

Бахархойн дукхалла
1926[8]2002[9]2008[10]2010[11]2012[12]2013[13]2014[14]
1205443949204531467747924876
2015[15]2016[16]2017[1]
495051175231

Эвлахь бехаш бу — 4,4 эзар 74 % суьйлий а, 24 % — нохчий а (2002 ш.)[17].

ХӀинцалерачу талламхошна эвла йиллина зама ца йевза. Эвла йилина дуккха хан хилар гойту эвлан цӀеро — Ширча-Эвла. Нохчийн талламхочо-мохкӀаморхочо, хьехархочо, халкъан поэто А. С. Сулеймановс чӀагӀдора, аренан хаамашца, цхьаьна могӀара Пхьарчхошка эвланца, йуккъера бӀешерера Ширча-Эвла йара уггаре шира Ӏовхой хевшина меттиг. Бахархой тӀекхетар бахьнехь нисса кхузара дӀасабаьржина ГӀой-хин, Теркан кӀошташка, Каспий-хӀорд тӀекхаччалц[18]. ДегӀастанан историкаш дийцарехь Ширча-Эвлан истори историн документашкахь йолалуш йу 5 бӀешарахь дуьйна[6].

XVI—XVIII бӀешерашкахь Ширча-Эвла йара ломан кӀажера ГӀой-хин тӀиера Яьсси тӀекхаччалц уггаре йаккхийчех Ӏовхойн эвла. Нохчийн Ӏилманчо, и.Ӏ.к. А. А. Адилсултановс дийцарехь, оцу муьрехь а эвлахь хилла ийна тайпанаш[19]. Ширча-Эвла хьахайо XVII—XVIII бӀешерийн оьрсийн документашкахь йоккха эвла «Старый Окох» (Шира Окох) аьлла[20][21].

Махкахбахар а, цӀабахкар а

бӀаьра нисйан

Ширча-Эвла (Ширча-Эвлан сельсоветца) 1944 шо кхаччалц Ӏовхойн кӀошт йукъахь йара. 1944 шарахь Йуккъера Ази нохчий арабаьхначул тӀаьхьа церан меттана охьаховшийра луларчу Алмакх эвлара жӀайхой[22].

1956 шарахь нохчашна пурба делира Кавказе йухаберза, амма ДегӀастана куьйгалло дихкира нохчийн-Ӏовхоша шайн дайх йисинчу Ӏовхойн кӀоштан эвланашка охьаховша, дукхаха болу Ширча-Эвлан бахархой охьахевшира Хаси-Эвлан кӀоштара Керла-Йурт (Новосельски)[23]. Масех шо даьллачул тӀаьхьа Ӏовхой шайн хӀусамаш жӀайхошкара эца буьйлабелира[24].

Нохчий цӀабирзинчул тӀаьхьа дуьйна нохчаша а, жӀайхоша а цхьаьна маьждигехь ламаз а ца до, ткъа иштта цхьаьна Ӏиданаш а ца до[25].

2007 шарахь 29 августехь Ширча-Эвлахь дов хилира 100 стаган йукъахь, 15 шо тӀиера 30 шо кхаччалц болчу нохчашна а, жӀайхошна а. Оцу девнехь лазийра 8 стаг, царна йукъахь шиъ милцо а. Девна йукъара 15 нохчо[26] лецира бакъо ларъечу меженаша[26][27][28].

Тахана йоьду Ӏовхойн кӀошт меттахӀотторан процесс, гӀазгӀумкий кхалхош бу Новолакски кӀоштара Хинжа-ГӀалан герга, жӀайхой реза хилла ца кхалха нохчашца цхьана баха меттахӀоттийначу кӀоштахь[29].

XX бӀешаран маьждиг

бӀаьра нисйан

Ширачу эвлан йукъахь ду ХХ бӀешеран йуьххьехь дина болх беш долу маьждиг, иза Ӏовхойн архитектурин иэс йу. Баккхийчара дийцарехь маьждиг йуха дина, хьалха буьйда кибирчагех дина хилла маьждиган меттехь, керланиг дийзира бахархой тӀекхетар бахьнехь, эларчу бахархоша маьждиг дуттуш мехах белхалой лелийра.

Кибирчигаш йира даккхийчу гӀамаран тӀулгех, уьш меттигерчу бахархоша бахьара Гебек-кхала ломан кӀожашкара говран ворданаш тӀаьхь, тӀулгаш деира цхьацца, тӀаккха тодира. Кибирчиг йуттуш лелийра котаман хӀоьаш тоьхна киран берам, цуо дуккхаза а чӀагӀйора бераман микродакъолгаш, маьждиган монолитан чӀагӀо а лора.

Уггаре доккха дакъа лаьцна эвлара бахархойн лерамна кечйира тайп-тайпана бустамаш дехкина, Ӏаьрбийн маттахь церан цӀераш йазйина кибарчигаш. Маьждиган шиъ коьрта неӀ йу, цхьанна тӀехула говр а, турца лаьхьа буьйш бере а, ткъа шолгӀачу неӀаран нартол тӀехь Давудан Седа а, лоьман сурт а ду[30].

Эвлахь Ӏаш ду Ӏовхойн тайпанаш:

  1. Бийтарой,
  2. Ваьппий,
  3. Ноккхой,
  4. Чонтой,
  5. ЧӀаьнтий,
  6. Шинрой,
  7. Ӏаккой.

Микротопонимаш

бӀаьра нисйан

Нах беха меттигаш

бӀаьра нисйан
  • Олбар-Отар
  • АлгӀотаран-басе[31]
  • Адаште-кӀажа[32]
  • Батаршан-мохк[33]
  • Баьте-мохк[34]
  • Дукх-кӀажа[35]
  • Заурбен-кӀажа[33]
  • Иласханан-дукъ[31]
  • ИсмаьӀалан-кӀажа[33]
  • Кевен-кӀажа[35]
  • Мухьин-басе[31]
  • Ойсхар-мохк[31]
  • ОтартӀе[31]
  • Сатон-акъара[36]
  • Тохтабен-мохк[33]
  • Устарханан-дукъ[31]
  • Хьуьсен-кӀажа[35]
  • Элийбаввинчу[37]
  • Наден-кӀажа[31]
  • Ате-хьаст[38]
  • Ахо-хьаст[38]
  • Аче-хьаст[38]
  • Iабдалхан-хьаст[38]
  • БиIали-хьаст[38]
  • ЧIохе-хьаст[38]
  • Лане-хьаст[38]
  • Израили-хьаст[38]
  • Жабраили-хьаст[38]
  • Тарм-хьаст[38]
  • Ойсхар-хьаст[38]
  • Мухи хьаст[38]
  • Дули-хьаст[38]
  • Дагара-хьаст[38]
  • Шахьгери-хьаст[38]
  • Гехе-хьаст[38]
  • Сиопа-хьаст[38]
  • Шира-кешнаш[34]
  • Кхарной-кешнаш[34]
  • Ших-кешнаш[38]
  • Олбар-кешнаш[38].

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхой

бӀаьра нисйан
 
Декъашхой
  • 1. Абубакиров X.
  • 2. Абдулкагаров П.А.
  • 3. Авдиев К.Р.
  • 4. Авдиев П.Р.
  • 5. Адамшиев З.М.
  • 6. Адамшиев З.А.
  • 7. Адамшиев Н.Л.
  • 8. Адахмаев Х.А.
  • 9. Адилов А.К.
  • 10. Алиев А.А.
  • 11. Алдамов М.Д.
  • 12. Арзамханов З.А.
  • 13. Арсаналиев П.И.
  • 14. Асиев А.Я.
  • 15. Асиев О.А.
  • 16. Асиев Т.А.
  • 17. Атаев З.А.
  • 18. Атаев О.А.
  • 19. Ахиев А.А.
  • 20. Ахиев Д.А.
  • 21. Ахиев П.А.
  • 22. Багаев А.Б.
  • 23. Байболатов А.Б.
  • 24. Байболатов В.Б.
  • 25. Байгереев А.Б.
  • 26. Байгереев Д.Б.
  • 27. Байгереев Я.Б.
  • 28. Байсултанов С.И.
  • 29. Байсунгуров А.Б.
  • 30. Байсунгуров Д.Б.
  • 31. Бамматханов Н.Б.
  • 32. Баксашвили Т.И.
  • 33. Батаев М.И.
  • 34. Батаев Н.Ч.
  • 35. Батиев Ж.Б.
  • 36. Батиев Т.Б.
  • 37. Ботиев В.Б.
  • 38. Ботиев И.Б.
  • 39. Бацаров Г.С.
  • 40. Бекиев А.С.
  • 41. Бийсолтанов В.Г.
  • 42. Бисолтанов Д.Б.
  • 43. Болатханов С.Т.
  • 44. Витаев А.Г.
  • 45. Гагаев А.М.
  • 46. Гантемиров Б.Г.
  • 47. Гантемиров Д.Г.
  • 48. Гантемиров М.Д.
  • 49. Гиримов Х.Г.
  • 50. Гиримов Д.Г.
  • 51. Гойболатов А.Г.
  • 52. Гусейнов С.Г.
  • 53. Дагаев А.А.
  • 54. Дагаев А.А.
  • 55. Дагиров Ж.А.
  • 56. Дагиров К.А.
  • 57. Дадаев З.Д.
  • 58. Дадаев З.Д.
  • 59. Дадаев З.А
  • 60. Дарцаев Д.Д.
  • 61. Дарцаев К.Д.
  • 62. Дахмалиев А.
  • 63. Девлеткаев М.Д.
  • 64. Джабраилов С.Э.
  • 65. Джамаев Д.Д.
  • 66. Джамаев Я.Д.
  • 67. Дудаев А.Д.
  • 68. Ибиев В.Г.
  • 69. Ильясов М.И.
  • 70. Исмаилов А.Л.
  • 71. Исмаилов И.И.
  • 72. Исмаилов Н.И.
  • 73. Исхаков В.И.
  • 74. Кагерманов У.К.
  • 75. Кагерманов П.К.
  • 76. Кадыров Д.И.
  • 77. Кадыров П.И.
  • 78. Кадыров Х.И.
  • 79. Кугиев А.Г.
  • 80. Лулаев М.Д.
  • 81. Лулаев З.Д.
  • 82. Лулаев З.Д.
  • 83. Магомедов А.М.
  • 84. Матаев А.М.
  • 85. Махтиханов В.А.
  • 86. Мингбатыров М.М.
  • 87. Моллаев З.А.
  • 88. Мусхаджиев Б.М.
  • 89. Нетиев А.Б.
  • 90. Отарбиев А.С.
  • 91. Отмешов З.А.
  • 92. Салахбеков Р.С.
  • 93. Суйначханов Д.Д.
  • 94. Суйначханов И Л
  • 95. Султанбеков З.А.
  • 96. Султанбеков З.А.
  • 97. Султанбеков З.А.
  • 98. Таймасханов М.Г.
  • 99. Таштиев И.Т.
  • 100. Темирболатов З.Д.
  • 101. Темирболатов С.Д.
  • 102. Темуруев В.Г.
  • 103. Тепсуркаев М.Т.
  • 104. Умалатов З.Д.
  • 105. Умалатов З.У.
  • 106. Умаев С.А.
  • 107. Умаханов Г.У.
  • 108. Устарханов Т.У.
  • 109. Хаджиев А.Х.
  • 110. Хаджиев З.Ш.
  • 111. Хаджиев З.С.
  • 112. Хаджиев О.Х.
  • 113. Хаджиев К.Д.
  • 114. Хаджиев Р.Х.
  • 115. Хаджимурадов А.Х.
  • 116. Хаджимурадов А.Х.
  • 117. Хаджимурадов Д.Х.
  • 118. Хаджимурадов M.X.
  • 119. Хаджимурадов Ю.Х.
  • 120. Халимов И.Х.
  • 121. Халимегов У.Х.
  • 122. Халимегов Х.А.
  • 123. Ханбулатов И.Х.
  • 124. Хасаханов Г.Х.
  • 125. Хасаханов М.Л.
  • 126. Хухаев С.Б.
  • 127. Цуцаев М.М.
  • 128. Шаипов У.Б.
  • 129. Шаипов Х.Б.
  • 130. Шавхалов Х.Ш.
  • 131. Шовхалов В.А.
  • 132. Шовхалов В.А.
  • 133. Эльдарханов И.М.
  • 134. Эльдарханов С.М.
  • 135. Эльдарханов Т.Г.
  • 136. Эсенбулатов В.У.
  • 137. Эсенбулатов В.У.
  • 138. Юзаширов Д.А.
  • 139. Юзяширов С.А.
  • 140. Яширов Т.Г.

Хьажа. кхин

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
Комменташ
  1. Ширча-Ӏовх оьрс. Ширча-Аух, Старый Окох
Хьосташ
  1. 1 2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
  2. Сулейманов, 1997, с. 334.
  3. Ахмадов, 2009, с. 188.
  4. Мусаев З. М. Чеченский тайп аккой — 2017. — 17 ноября.
  5. РИЗВАН РИЗВАНОВ НА СТЕЗЕ СЛУЖЕНИЯ ДАГЕСТАНУ ОЧЕРК ЖИЗНИ И ПОЛИТИЧЕСКОЙ ДЕЯТЕЛЬНОСТИ МАГОМЕДСАЛИХА ГУСАЕВА Махачкала 2003 г.
  6. 1 2 Дадаев, 2007, с. 29-30.
  7. Ахмадов, 2009, с. 102.
  8. Районированный Дагестан. Административно-хозяйственное деление ДССР по новому районированию 1929 г
  9. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  10. Схема территориального планирования Казбековского муниципального района Республики Дагестан. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 15 май. Архивйина 2014 шеран 15 майхь
  11. Всероссийская перепись населения 2010 года. Таблица № 11. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских и сельских населённых пунктов Республики Дагестан. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 13 май. Архивйина 2014 шеран 13 майхь
  12. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
  13. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  14. Численность населения на 1 января 2014 года по сельским поселениям Республики Дагестан. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 17 апрель. Архивйина 2014 шеран 17 апрелехь
  15. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
  16. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  17. Этнокавказ. къаьмнийн хӀоттам Казбековского района по данным переписи 2002
  18. Сулейманов, 1997, с. 348.
  19. Адилсултанов, 1992, с. 14—15.
  20. 1645 г. ранее апреля 26 и позднее июня 6. — Челобитная окоцкого мурзы Чепана Кохострова царю Михаилу Федоровичу и докладная выписка Посольского приказа о пожаловании его прибавкою к жалованью и владением узденями и «людьми» его брата мурзы Албира Кохострова
  21. «Чеченцы: история и современность» / Составление и общая редакция Ю.А. Айдаева. — Москва: Мир дому твоему, 1996. — 352 с. — ISBN 5-87553-005-7.
  22. Общественно-политический еженедельник «ЧЕРНОВИК» — Аккинский вопрос(ТӀе цакхочу хьажорг)
  23. Общественно-политический еженедельник «ЧЕРНОВИК» — В Хасавюртовском районе РД 5 и 6 августа произошли несколько стычек между жителями двух сёл — Моксоб и Новосельское(ТӀе цакхочу хьажорг)
  24. С. Маркедонов «Дагестан: преодоление „Малой Ичкерии“» Архивйина 2014-12-08 — Wayback Machine
  25. Протокол конференции участников мр «Казбековский район» по избранию делегатов съезда народов дагестана Ильясов З. — зам. Министра РД по нац. политике и внешн. связям
  26. 1 2 Текушев, 2018, с. 32.
  27. По факту массовой драки в селении Калининаул Казбековского района Дагестана, пр Архивйина 2011-08-01 — Wayback Machine
  28. EVXpress — Важно утверждать взаимопонимание — Дагестанская правда, 2007, № 237
  29. Москва Издательство «Права человека»
  30. Памятник архитектуры XX века действующая мечеть в с . Ширча-Эвла— Зелимхан Мусаев (Грозный) ИА «Чеченинфо»
  31. 1 2 3 4 5 6 7 Сулейманов, 2006, с. 355.
  32. Сулейманов, 2006, с. 352-353.
  33. 1 2 3 4 Сулейманов, 2006, с. 354.
  34. 1 2 3 Сулейманов, 2006, с. 359.
  35. 1 2 3 Сулейманов, 2006, с. 353.
  36. Сулейманов, 2006, с. 353-354.
  37. Сулейманов, 2006, с. 348.
  38. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 Сулейманов, 2006, с. 360.

Литература

бӀаьра нисйан