Алзам (чамбийриг)

ХӀокху версин 4 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2019, 23 февраль).

Алзамчамбийриг, хуьлу тропикан миртан (Myrtaceae) доьзалера сизигиум тайпана алзаман диттан (Syzygium aromaticum) дакъийна делладаланза силамаш (зезаган патарш), наггахь эвджени тайпана а лору иза.

Гвоздика готова к сушке

Алзам кхиор хала дац, масала, чамхутал санна. Чамбийриг шарахь шозза кхуьу, цу тӀе шортта а кхуьу. Гулйина силамийн ферментаци а хала йац. Дакъадо иза малхехь, каггийча алзаман ша-кепара гӀовгӀа йаллалц.

Кхиош харж кӀезиг хиларе терра, чамбечунан мах лахара бу.

Алзаман бага ягош чам а, ша-кепара чӀогӀа хаза хьожа а хуьлу. Цу тӀе, силаман вагош долу дакъа а, хаза хьожа а концентраци йина тайп-тайпанчу меттигехь. Ша-кепара хаза хьожа хуьлу коьртехь, ткъа вагош долу дакъа гӀаца хуьлу. Алзаман гӀа дакъийначул тӀаьхьа сетташ а, тӀетаӀийча кехат тӀехь эфиран даьттан лар йуьтуш хила йеза.

Аьхьана алзамо сиха дойу шен лело мега хьолаш, лелор дика а дац.

Иза телхина хилар таллархьама алзам ницкъала ластийна хи чутоха йеза. Чамбийриг буха йижа йеза йа ира хӀоьттина йиса йеза корта тӀоьхула болуш. Нагахь иза йижина тӀехула йисахь, иза гӀуочу хьолехь хилар гойту (хӀунда аьлчи деза эфиран даьтта дерриг аьлча санна хӀаваэ дӀадахана).

И чамбийриг шуьйра лелайо дерриг дуьненахь, Европехь, Азехь. Цул сов, иза лелайо ХӀиндонезера кретек цигаьркаш йеш, наггахь — Малхбузера къаьхьуон барашкахь, кӀуомалан иэдаршкахь, узуш.

Коьртаниг кулинарехь алзам лелайо маринадаш (жӀаьлин-нускалан, стоьмийн-цӀазамийн, жижиган, хасстоьмийн, наггахь чӀерийн) йеш. Йукъахь алзам йолу чамбечеран иэдарш, леладо кондитерийн, чӀеран консервийн, йоьхьийн сурсаташ деш.

Литература

бӀаьра нисйан