АллахӀ
ХӀара йаззам Нохчийн Википедин дикачарех бу. |
Алла́хӀ (Ӏаьр. الله , ма дарра «Дела») — иза ислам динехь, волуш волчу, массо а хастам Шена бан хьакъволчун долахь йолу цӀе йу. Иза массо а халкъан Бакъволу Дела ву, шена бакъонца Ӏибадатдан (текъа) цхьа а воцуш Иза воцург. Массо а хиламаш а, ӏаламаш а, халкъаш а кхоьллинарг ву Иза. Бусалбанаш тешаш бу АллахӀ цхьаъхиларх, Цуьнах тера цхьа а цахиларх, Иза Шех тоаме хиларх, Цуьнан йа зуда а, йа бера а, йа да а цахиларх, Цуьнан йа накъост а, йа гӀоьнча а цахиларх.
Ӏибадатдарца (текъарца) Дела цхьаъвар — иза Ӏакъидатан (тешна хиларан) дух ду ислам динехь. АллахӀан масийтта цӀе а йу, царах «Аль-Асмаул-Хьусна» (Хаза цӀерш) олу. Бусалбанаш тешаш бу царах 99 цӀе йагарйинарг йалсамани гӀур ву аьлла. Мухьаммад пайхамаро ﷺ аьлла: «АллахӀан дезткъе ткъесна цӀе йу, бӀе йоцург, уьш йагарйинарг (Ӏамийнарг) йалсамани гӀур ву», и хьадис дийцина Аль-Бухарис а (2736), Муслима а (2677).
Вовзийтар а, куьцаш а
Бусалбанаш тешаш бу АллахӀ — иза дахар а, хилам а, халкъаш а, мел долуш долу хӀума а кхоьллинарг хиларх. Массо а гӀуллакхашна урхалладийриг хиларх а, мел лелаш долчунна Шен кхелаца барамлуш верг хиларх а.
Цуьнан кхачамаллин куьцаш ду, кхачаме цахиларх цӀена а долуш, Цуьнах тера цхьа а хӀума дац. Цуьнан куьцаш кхоьллина йолчу хӀуманийн куьцех тера догӀуш дац. Иза дуьххьарлерниг ву, хьалхе а йоцуш, гуттарлерниг а ву, чаккхе а йоцуш. Пана хилла дӀавер волуш а вац Иза. Цунна лууш дерг бен хуьлуш дац, Иза дийна а, халкъан гӀуллакхашна тӀехӀоьттина а ву, Цуьнан гарх къайладолуш цхьа а хӀума дац. Замане йа меттиге хьашт вац Иза. Цуьнан куц хийцалуш дац йа декъалуш дац. Иза ву ниӀмат луш верг а, Ӏазапдеш верг а, ирсевийриг а, дакъазвоккхург а.
Иштта бусалбанаш тешаш бу АллахӀ стигланел лакхахь долчу Шен Ӏарш тӀехь хиларх, Цул лакхахь цхьа а хӀума дац, И ву массо а хӀуманал лакхахь, Цул лахахь ду массо а хӀума.
Къуръан чохь
АллахӀ боху дош Къуръан чохь 2724-зза деана ду, царах ду: «Ахь ала: "И – АллахI Цхьаъ ву (1) Шех тоам болу АллахI ву И (2) Цуьнах ваьлларг вац, Ша цхьаьннах а ваьлла вац И (3) Цуьнца нисвала хилла а вац цхьа а (4)» (Сурат аль-Ихлас).
Кхечу меттанашкахь йоккху цӀе
АллахӀ цӀе Ӏаьрбийн маттахь санна язйо: гӀажарий а, урду а иштта дӀ.кх. меттанашкахь.
- Ассамийн, Бенгалийн: আল্লাহ Allah
- Боснийн: Allah
- Китайн: 阿拉 Ālā, 安拉 Ānlā; 真主 Zhēnzhǔ, 胡大 Huda (Хода, ГӀажарийн маттара)
- Чехийн, Словакийн: Alláh
- Желтойн: Αλλάχ Allách
- Жуьгтийн: אללה Allah
- Хинди: अल्लाह Allāh
- Малаялам: അള്ളാഹ് Aḷḷāh
- Японийн: アラー Arā, アッラー Arrā, アッラーフ Arrāfu
- Мальтийн: Alla
- Корейн: 알라 Alla
- Полякийн: Allah, also archaic Allach or Ałłach
- Оьрсийн, Украинийн, Болгарийн: Алла́х Allakh
- Сербийн, Белорусийн, Македонийн: Алах Alah
- Испанхойн, Португалихойн: Alá
- Тайн: อัลลอฮ์ Anláw
- Пунжаби (Гурмухи): ਅੱਲਾਹ Allāh, archaic ਅਲਹੁ Alahu
- Туркойн: Allah.