Алхазов, Ризван Юсупович

Ризва́н Юсу́пович Алха́зов (1965 шеран 28 октябрь, Ишхой-Юрт, Гуьмсан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн художник, Российн художникийн бертан декъашхо (2001 шо), ГӀалгӀайн Республикин Халкъан художник, республикин а, регионан а, зонан а, ерригроссийн а, кхоьчу пачхьалкхийн а гайта хӀоттамийн декъашхо.

Алхазов, Ризван Юсупович
Алхазов, Ризван Юсупович (cropped).JPG
ГӀуллакхан тайпа Исбаьхьалча
Вина терахь 1965 шеран 28 октябрь({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (55 шо)
Вина меттиг Ишхой-Юрт, Гуьмсан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Корматалла художник
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси
Да Юсуп
Нана Тома
Зуда Марем
Бераш кӀант Мохьмад
СовгӀаташ

ГӀалгӀайн Республикин Халкъан художник

БиографиНисйе

Вина 1965 шеран 28 октябрехь Гуьмсан кӀоштан Ишхой-Юртехь. 1982 шарахь чекхъяккхина Ишхой-Юртан юккъера школа. 1984 шо дуьйна 1986 шо кхаччалц иза армехь вара. 1987 шо дуьйна 1991 шо кхаччалц цо дишира Ивановохь йолу химин а, технологин а техникумехь.

1991 шо дуьйна иза вара Соьлжа-ГӀалин берийн исбаьхьаллин школехь хьехархо. 2000 шарахь Ризван хӀоттийра № 2 йолу Соьлжа-ГӀалин берийн исбаьхьаллин школехь. Цуьнан дешархойш масийттуза толам беккхира гӀалин а, республикин а, халкъашна юккъера а гайта хӀоттамашкахь.

1996 шо дуьйна цо дакъа лоцу массо а Нохчийн Республикехь хуьлуш йолу гайта хӀоттамашкахь.

2002 шарахь цо чекхъяккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан исбаьхьаллин а, графикин а дакъа. И чекхъяккхича цунна елира сурт дилларан а, черченин а хьехархон говзалла.

2001 шарахь иза хилира Российн художникийн бертан декъашхо. 2007 шарахь цо суьрташ дахкаран бинчу билламан Мурат Зязиковн указца цунна елира ГӀалгӀайн Республикин Халкъан художникан цӀе. 2008 шарахь цо реализман суьрташ дахкаран бинчу билламан цунна елира Российн художникийн бертан диплом.

Гайта хӀоттамашНисйе

  • 1998 — Соьлжа-ГӀалахь хилла Нохчийн Республикин къона художникийн гайта хӀоттам;
  • 2001 — нохчийн художникийн исбаьхьаллийн академехь хилла гайта хӀоттам, Москва;
  • 2002 — зонан гайта хӀоттам «Юг России», Краснодар;
  • 2005 — Соьлжа-ГӀалахь шен лерина гайта хӀоттам, 45 сурт а, куьцан болх а;
  • 2005 — Китайхь Нохчийн Республикин культурин деношкахь хилла гайта хӀоттам;
  • 2005 — Сийлахь-боккха Даймехкан тӀемехь толаман 60 шо кхачарна леррина гайта хӀоттам, Соьлжа-ГӀала;
  • 2006 — «Пространства живописи», Москва;
  • 2006 — «Образ родины» цӀе йолу Ерригроссийн гайта хӀоттам, Вологда;
  • 2007 — «Кавказан машар» цӀе йолу Къилбера Федеральни округан художникийн гайта хӀоттам, Соьлжа-ГӀала;
  • 2008 — Къилбера Федеральни округан художникийн гайта хӀоттам, Волгоград;
  • 2008 — зонан гайта хӀоттам «Российн Къилба», Сочи;
  • 2009 — Российн Пачхьалкхан думехь нохчийн художникийн гайта хӀоттам, Москва;
  • 2010 — Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан гайта хӀоттам Оденсехь (Дани);
  • 2010 — Российн халкъан гайта хӀоттам, Париж;
  • 2011 — республикин гайта хӀоттам, Соьлжа-ГӀала;
  • 2012 — халкъашна юккъера гайта хӀоттам, Киев.

ХьажоргашНисйе