Амазонкаш
Амазо́нкаш (шир.-желт. ἀμαζόνες — «накха боцурш»[1]) — ширчу грекийн мифологехь шайна уллохь майранаш ца ловш деккъа зударех лаьтта халкъ ду, лелабоьлхуш хилла шайн паччахьан куьйга кӀела, кхоьллина тӀеман майралла йолу башха пачхьалкх. Ареса а, Гармонех а схьабевлла. ТӀехье халийтархьама амазонкаш кхечу къаьмнийн божаршца уьйр тосуш хилла. Дуьненна чубевлла кӀентий дай болчу дӀабогӀуйтуш хилла (кхечу легендица — бойуш хилла), зудабераш шайца дуьтий, керла амазонкаш кхиош хилла.
«Амазонкаш» боху цӀе схьайаьлла шира грекийн маттера ἀμαζός — маьӀна доккху «накха боцург» олий — дуьххьал дӀа бохург дац иза, ткъа кхечу зударех къаьста бохург ду[2].Мифашкахь дийцарехь пхенаӀад кхосса атта хилийтархьама амазонкийн бераллехь аьтту накха багош хилла.
Кхечу версица схьадаьлла персин дашах «ha-mazan» — тӀемло-зуда. Кхин цхьа вариант — «a masso» дашах — куьг Ӏотта йиш йоцу (божаршна)[хьост?].
Сурт хӀоттор
бӀаьра нисйанХӀокху декъан тӀехь тоьаш йац хьажоргаш хьосташна тӀе (хьажа лохуш хьехам). |
Мифашкахь дийцарехь, амазонкаш баьхна Ӏаьржа хӀорд йисттехь, Фермодонт а, Ирис (хӀинца Ешильырмак) а хиш тӀехь. Историк волчу А. Б. Снисаренкос лору, тайпанан ареал цхьана йогӀу хӀункаран Амаси а, Самсун а вилайетаца (тарло, и топоним цӀарах тиллина а церан цӀе). Амазонкаш кхузара болхара Азе лела. Мифаш дийцарехь цара йина Эфес а, Смирна а, кхин гӀаланаш а.
Мифологин гӀиллакхо билгалйоккху Эвбера а, Беотера а Танаисе а, Таркхойн хӀорде а кхаччалц амазонкийн «лараш»[3].
Плутарха хаам бо, амазонкаш /Маскутийн тайпана тӀемлой-зударий хила тарло/, беха Кавказан дукъан Гирканан, аьлчи а Таркхойн хӀорде кхаччалц /Таркхойн хӀордан йисттехула Куран хикхочера Самур тӀекхаччалц йолчу Мазкут кӀошт, ткъа цхьацца муьрехь — Дербенте (Чола, йа Чора, цунна цӀарах регионо а лелийна и цӀе) кхаччалц/, уьш бац албанийн /скифел хьалхара кавказан аланийн тайпа/ лулахой, царна йукъах беха гелаш а, легаш а /орамера кавказан тайпанаш/, албанашца уьш беха хӀора шарахь шишша баттахь, цул тӀехьа уьш йухабогӀу божарий боцучу шайн махка.
Проф. И. Е. Суриковс кховдина тезис «генабовлу амазонкаш» — уьш «баьхна» Ойкуменаш шор мелла ло, эллинин дуьненан центран тӀехь-тӀехьа гена бовлуш[3]. Ист. Ӏилмийн д-р йолчу М. В. Скржинскаяс лар лаьцна эволюци йинчу амазонкин антични вастан — грекийн йоцачу хитонера хаза тегначу, скифийн герзаца йолчу куче кхаччалц[3].
Гомер хьехадо Беллерофонтан а, фригахойн а амазонкашца хилла тӀемаш. Тайпанан паччахь йолу Ипполита (кхечу дийцаршца, Антиопа), Еврисфейс доьхка схьадаккхар тӀедиллинчу Геракла йийна хилла. Оцу тӀелатарехь Тесейс Антиопа шена тӀейерзийра, Аттике амазонкаш тӀелатар тӀаьхье хилар цуьнан. Плутархан «Дахар дийцарехь» Гелланикан тӀетевжаш дуьйцу, амазонкаш Киммерийн Боспор ша тӀехула бахара Аттике. Аттикин оцу хенахь хиллачу паччахьца Тесейца аьттонза хиллачу беабеттан тӀамехь, тайпа цӀадирзира шайн махка[4].
Пентесилея паччахьан куьйга кӀелахь амазонкаш грекашна дуьхьалбевлира: Приам паччахьца цхьаьна цара ларйира Троя. ТӀеххьарлера дийцаршкахь хьахайо амазонкийн паччахь Фалестре, Македонин Искандар волучохь хиллайолу (хьаьжа Везачу Искандаран зударий).
Амазонкаш хьехабо вайга кхаьчначу уггар хьалхарчу шира оьрсин тептарехь — «Хенара шерашкара хаамаш» (дӀайолорехь тайп-тайпана халкъаш дуьйцучохь):[5]:
«…Амазонкийн майра ца хуьлу, мотт ца хуу хьайбан санна, амма цхьанне аьхкан хазчу дийнахь богӀу уьш луларчу божаршна, цхьаболчара царна даккхий тойнаш а, ловзарш а хиттадо. Царех доьзалхочух хилларш дӀасабоьлху кхузара. КӀант дуьненна тӀевалахь — вуй, ткъа нагахь йоӀ хилахь дика кхиайо».
Амазонкех долу мифаш шира поэзи чудагӀна ца Ӏа, иза дакъа хилла грекин сурт дилларан говзаллин. Шира грекийн суьрташ дохкучара (сурт дуьллург Микон, хӀолламаш бийриш Фидий а, Поликлет а) шайн белхашкахь гайтина амазонкийн васташ хӀолламашкахь, рельефашкахь, суьрташкахь. Цара гойту амазонкийн тӀемаш, Тесейн амазонкашца хилларш, кхин дуккха а хӀуманаш. Дисина иштта антикан суьрташ бевзачу пхьерийн хӀолламаш тӀиера дехкина, Галикарнасера рельефаш а, кхабанаш тӀиера суьрташ а.
Амазонкаш лорура шайн дела тӀемло-зуда Артемида.
Хаттар, боккъал хиллийтехьа амазонкаш, йист йаьккхина йац хӀинца а. Тайпа хиларехьа йолу верси бакъйо хӀокху факто, амазонкаш бу дукхахчу антикан суьрташ тӀехь — мифологеин турпалашца хила ца Ӏаш боккъалчу историн турпалашца а. Ширачу суьрташ тӀехь гойту цара мехкаш схьабоху тӀелатарш (масала, амазонкаш Аттикан тӀелатар). Дукхаха болчу историкаш лору, и факт тӀе ца лацар бахьана амазонкех лаьцна дукха мифаш хилар ду. И тайпа хиларан агӀо лаьцначара билгалдоккху, тӀаьххьара исторехь амазонкаш хьахадар Македонин Искандар паччахьаллин мур бу. Цул тӀехьарчу тептаршкахь амазонкаш хилар хьахийна дац.
Украинин дозан тӀехь а, кхечу меттигашкахь а, амазонкаш дийцарехь баьхначехь, карийнера зударийн кешнаш, царна чохь карадора секха Ӏодмаш, пхенаш, гоьмукъаш. Амма кхузахь дацара тарраш, тӀеман дигарш, уллора тӀом бен кхин герз (Ӏадатан шаьлтанаш доцурш, цара гойту белларш элех хилар йа уьш цӀух хилар). Иштта карийначу кешнашчохь ларбаран герз дац. Цуо гойту зударша, кегийрчара санна, тӀом дӀаболо гӀодеш хилар (геннара Ӏад кхуьйсуш), цул тӀехьа божарех лаьттачу коьртачу эскарна тӀехьа лечкъаш хилар[6].
Чибча-муискийн лаьттанашкара амазонкех болу хьалхара хаамаш
бӀаьра нисйанКъилбан Америкехь амазонкийн тайпа хиларан хьалхара хаамаш балабо шайн хаамашкахь, конкистадораца де Кесада Гонсало Хименесца Колумбин лаьттанашкахула (июль 1539) лелабахарехь дакъалаьцначу, паччахьан белхалоша де Сан Мартин Хуана а, де Лебрихи Антониос а:
Лагерь Боготан тогӀенехь йолуш тхойга хаам беара цхьаьна, шаьшша Ӏаш болчу шайца индхой [божарий] а боцуш, зударийн халкъах лаьцна; цуьндела оха царех амазонкаш элира. Цара, тхойга иза хаам бинчара дийцарехь, шаьшша эцначу цхьаболчу лайшах доьзалхочух хуьлу, нагахь кӀант хилахь, иза дена дӀавохуьйту, ткъа йоӀ кхиайо шайн республика шоръярхьама. Дуьйцу, цара лай лелаво доьзалхочах хилархьама, хилча сихха йухавогӀуьйту ца оьшучу хана, оьшшучу хенахь уьш царна болуш бу.
Де Кесада Хименеса индхойн галдаьллачу хабарх тешна амазонкин паччахьан цӀе Харатива йу, кхин тӀе уьш бехачу кӀоште шен ваша де Кесада Эрнан Перес.
Амазонкийн список
бӀаьра нисйан- Агава. Амазонка [7].
- Алкибия (en:Alcibie). Пенфесилейн новкъахо-амазонка [8]. Йийна Диомеда [9].
- Алкиппа. Амазонка. Ният дина даиман а йоӀстаг йиса, йийна Геракла [10].
- Амазоя. Гомеран къайлахчу абатан кхетамца, амазонкийн нана [11].
- Андромаха. «Майра хоржург». И цӀе лелайо сих-сиха амазонкаш (Кхабанаш тӀиера йозанаш) [12].
- Антандра (en:Antandre). Пенфесилейн новкъахо-амазонка [13]. Йийна Ахилла [14].
- Антианира.
- Антиброта (en:Antibrote). Пенфесилейн новкъахо-амазонка [8]. Йийна Ахилла [14].
- Антиопа (амазонка).
- Арето (en:Areto). Ипполитан новкъахо-амазонка. Пантаристаца а, Ифитоца а тоьлла Гераклан новкъахойл.
- Астерия. Амазонка. Йийна Геракла тӀамехь [10].
- Бремуса (en:Bremusa). Амазонка, Пенфесилейн новкъахо [13]. Йийна Идоменейс [15].
- Гармония. Нимфа, Аресан езар, цунах бина амазонкаш [16].
- Гармофоя. Амазонка, Пенфесилейн новкъахо [17]. Йийна Ахилла [18].
- Гарпа. Скифийн а, колхийн а тӀамехь дакъалаьцна амазонка. Йийна Гесандра [19].
- Гиппо. Амазонка. Эфесера Артемидан хьалхара цӀу йу цунна наж уллохь дечиган хӀоллам боьгӀначу хенахь. Алтарь хьалха халха ца яларна таӀзардина [20].
- Гиппофоя. Амазонка [7]. Пенфесилейн новкъахо [17]. Йийна Ахилла [14].
- Главка. Амазонка [7]. Ипполитан ненан цӀе.[21] См. Ипполита.
- Грина. Амазонка, Гриней гӀала кхоьллинарг. Иза езаелла вара Аполлон, цунах ялархьама хӀордан чуиккхина [22].
- Деримахия. Амазонка, Пенфесилейн новкъахо [8]. Йийна Диомеда [9].
- Дериноя. Амазонка, Пенфесилейн новкъахо [23]. Йийнаа Оилид Эанта [24].
- Деянира. Амазонка. Йийна Геракла тӀамехь [10].
- Диоксиппа. Амазонка [7].
- Евандра. (Эвандра.) Амазонка, Пенфесилейн новкъахо [13]. Йийна Мериона [25].
- Евриала. Ээтан эскарера амазонка [26].
- Еврибия.[27] Амазонка. ГӀо дора Артемидана талларехь. Йийна Геракла тӀамехь [10].
- Еврипила. Арриана дийцарехь, цхьана хенахь ассирихойшна тӀелетта амазонка [28].
- Ипполита (Гипполита). Амазонкийн паччахь
- Ифинома. Амазонка [7].
- Ифито (en:Iphito). Ипполитан тӀиера чӀир эцархьама, Гераклан а, цуьнан капитанашна Теламонан, Тесейн, Тиамидан а дуьхьал тӀомбина Амазонка.
- Келено. Амазонка. ГӀо дора талламехь Артемидан. Йийна Геракла тӀамехь [10].
- Кима. Амазонка, шен цӀарах Эолидехь г1алин цӀе тиллина йолу [29].
- Климена. Амазонка [7].
- Клония. Амазонка, Пенфесилейн новкъахо[23]. Вийна ахейхо Менипп. Йийна Подарка [30].
- Ксанфа. Амазонка [7].
- Лампето. Амазонкийн паччахь [31].
- Лаомаха. Амазонка [7].
- Латория. Амазонка, цуьнан цӀарах Эфес уллорачу эвлан цӀе тиллина [32].
- Лика. Амазонка, скифашций, колхашций тӀамехь дакъалаьцна. Йийна Гесандра [33].
- Лисиппа. Дуьххьарлера амазонка.
- Марпа. Амазонка. Йийна Геракла тӀамехь [10].
- Марпесия. (Марпесса.) Амазонкийн паччахь, Ареян йоӀ, Синопан нана. Цуьнан эскар хӀаллакдина азихоша [34]. Хьажа Сицилин Диодор. Историн библиотека II 45, 1-5 (цӀе йац).
- Меланиппа.[35] Амазонка. Аресан йоӀ, Ипполитан йиша [36]. По некоторым, имя Ипполиты [37]. Хьаьжа Ипполита. Я Гераклан йийсархо, Антиопа паччахьан доьхканах д1ахецна [38].
- Мениппа. Скифашца а, колхашца а тӀом бина амазонка. Йийна Гесандра [39].
- Мирина[40] Амазонка, цунах олура «ког байберг» тӀеман ворда чехка лелаярна[41]. Цуьнан барз хьахийна Гомера: цунах Миринан каш а олу, Батия[42]олу.
- Молпадия. Амазонка. Афинахош дийцарех, амазонкаш Афинашна тӀелеттачу хенахь, Мольпадияс йийна Антиопа, ткъа ша йийра Тесейс [43].
- Окиала. Амазонка [7].
- Орифия. Амазонкийн паччахь, Антиопин йиша. Афинан тӀелата боьлхуш коьртехь йара [44].
- Отрера.
- Пантариста (en:Pantariste). Амазонка. Вийна капитан Тиамид.
- Пентесилея.
- Полемуса. Амазонка, Пенфесилейн новкъахо[23]. Йийна Ахилла [14].
- Полидора. Амазонка[7].
- Профоя. Амазонка. ВорхӀазза тоьлла шех лата кхайкхинчу мостагӀал. Йийна Геракла тӀамехь[45].
- Синопа (en:Sinope (mythology)). Амазонка, Марпессан йоӀ, йоӀстаг[46] (кхечу версе хьажа Синопа). Хьажа Сицилин Диодор. Истори библиотека II 46, 1-3 (ц1е йац)
- Смирна. Амазонка, Эфесан куьйгалхо. Цунах цӀетиллина гӀалина[47].
- Текмесса. Амазонка. Йийна Геракла тӀамехь[10].
- Фалестрида (Талестрида) (en:Thalestris). Сийлахь Искандар волчохь хилла амазонкин паччахь[48].
- Феба[49]. Амазонка. ГӀо дора талламехь Артемидан. Йийна Геракла [10].
- Фермодоса. Амазонка, Пенфесилейн новкъахо[50]. Йийна Мериона[25].
- Фесеида. (Тесеида.) Амазонка[7].
- Филиппида. Амазонка. Йийна Геракла тӀамехь[45].
- Фоя. (Тоя.) Скифийн а, колхийн а тӀамехь дакъалаьцна амазонка. Йийна Гесандра[51].
- Эгея (en:Aegea). Амазонкийн паччахь.
- Элла (Аэлла). Амазонка. Йийна Геракла тӀамехь[45].
- Эния (en:Ainia). Амазонка, Пенфесилейн шийттанах цхьа новкъахо.
- Эрибея. Амазонка. Майра йу тӀамехь. Йийна Геракла тӀамехь[45].
Амазонкех лаьцна мифаш довлар
бӀаьра нисйанХӀокху декъан тӀехь тоьаш йац хьажоргаш хьосташна тӀе (хьажа лохуш хьехам). |
Мифаш схьадовларан бух чӀогӀа шира бу, цуьнан орамаш Минойн цивилизаци кхочу[2]. Котинан А. В. моттарехь, амазонкех йолу миф йоьзна йу Йоккхачу «делан» культаца, цуьнца йиц а ца еш схьаеина зударийн лакхара меттиг[2]. Тамашина йу факт, амазонкаш Артемида шайн дела лору[хьост?]. Артемидан культ схьакхелхина Крит гӀайрен тӀиера материкан Греце, кхин дӀа лийлира грекийн оьздангаллехь[хьост?].
Оьрсийн историк волчу Иванов Вячеслава дийцарехь[52], Дионисан культ йу, мадарра аьлча, божарийн йуьхьигера зударийн культ: цуьнан коьрта хьесап ду зударийн божаршка йолу чӀир а, «майрнаш байар» а.
Зударийн леларш кӀезга ца хиллачух тера ду, уьш керла латтанаш схьадохуш а хилла. Эврипида дийцарехь, менадаш баьхкина Дионисца Фригера Фивашка. Аргиван дийцаро боху, Дионис веана Аргосе хӀордал дехьара, тӀаккха Персей коьртехь волу аргиваша тӀемца дуьхьало йира[хьост?].
Амазонкаш алсамо Жимачу Азехь беха (Дионисан культ, мифаца, кхин а хаало гергарчу фракийн а, фригийн а). Амазонкийн Артемидаца йолчу йукъаметтиго церан тайпа цуьнан «доттагӀий» а, «нисархой» а бо (Диодора дийцарехь, уьш Артемидица цхьана толлуш лела). Амазонкаш гойту, Дионисан символ йолчу, шина дигаран йоӀ санна. Церан цӀераш (Меланиппа, Антиопа, Пенфесилея, Молпадия) а йу дионисин амалехь[хьост?]. Эфесан мифаца, амазонкаш лоьху Дионисера гӀо, тӀаккха уьш цуо эша а бо. Амазонкаш Гиадан гергара лору, иштта менадийн цхьа кеп а, Дионисан новкъахо.[хьост?]
Талламхочо А. В. Котинас чӀагӀдо, амазонкийн мифийн циклан суьртийн сизнаш коьрта роль ца лелайо, цулла а коьрта ду зударий-тӀемлошан феноменах ойла яр лелаш йолчу адам дехачу дуьненан йистехь — шира грекийн ойкуменашкахь[2].
1601 шарахь арахецначу жайнин тӀехь Орбини Маврос яздо «Славянхой схьабовлар а, церан ницкъ баржар» цӀе йолу дийцар, Горпий Вагрин Иоргана яздо, амазонкаш славянхой сарматийн зударий хилла. Идал бердашца, Идалан йисттехь меланхеленашна а, сербашна а йукъахь баьхна[53].
Амазонкаш искусствехь
бӀаьра нисйанКинохь
бӀаьра нисйан- «Зена — тӀемлойн паччахь» телесериалехь Зена Габриэлан накъост йу, цунах амазонкийн тайпанан паччахь хуьлу.
- «Геракла тамашийна некъбар» сериалехь пилотан хенан «Геракл а, зударий-амазонкаш а» цӀе йолчу дуьххьарчу серехь амазонкаш гучубовлу.
- «Тарзан а, амазонка а» 1945 шеран фильм йу.
- Иштта амазонкаш гучудевли «Ӏаламехь доцург» телесериалан 7 сезонан 13 серехь.
- Керла амазонкаш (фильм).
- Амазонкаш беттан тӀехь.
- Амазонкаш хьехадо ЦӀийн кхайкхам цӀе йолчу сериалехь, кхоалгӀачу сезонера хьалхарчу серехь.
- Иштта «Амазонкаш а, Гладиатор а» фильмехь.
- «Футурама» масех серехь.
- Амазонкаш иштта бу Нийсонан лигехь, гуш бу мультсериалийн а, мультфильмийн а Супермен & Бэтмен - Апокалипсис серешкахь.
- Ӏаламат-зуда мультфильмехь.
- СТС тӀехь гайтинчу Амазонкаш сериалехь.
Литературехь
бӀаьра нисйан- Крупняков Аркадийн «Амазонкаш» роман.
- Фортье Энна " Амазонкийн паччахь " [чулацаме?].
Таханлера искусство
бӀаьра нисйан- Комиксашкара DC Comics Ӏаламат-зуда дуьненан тӀейаьлла кхиbйна хилла Темискира гӀайрен тӀиера амазонкаша. Цуьнан нана — Ипполита паччахь[54].
Амазонкаш астрономехь
бӀаьра нисйан- Клименан сийн цӀе тиллина 1868 шарахь дӀайиллинчу (104) Климена астероидан.
- Астерийн сийн цӀе тиллина 1908 шарахь дӀайиллинчу (658) Астерия астероидан.
- Ипполитан сийн цӀе тиллина 1988 шарахь дӀайиллинчу (10295) Ипполита астероидан.
- Отреран сийн цӀе тиллина 2004 шарахь дӀайиллинчу Нептунан Троянан астероидаш йукъара (385571) Отреран.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйан- «Амазонин рота» — Российн империн зударийн тӀемлойн дакъа.
- «Човйина амазонка» — шира грекийн хӀолламан тайпа.
- Мотт хуу чӀерий — тӀурненера «Дюнаш» амазонкийн аналог.
- «ЙоӀстаг-тӀемло» — зуда-тӀемло — архетайпан васт.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Chantraine P. Dictionnaire étymologique de la langue grecque. Histoire des mots. Paris, 1968. P. 69
- ↑ 1 2 3 4 Миф об амазонках и его развитие в античной традиции Архивйина 2017-02-15 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 http://ru.vestnik.udsu.ru/files/originsl_articles/vuu_12_051_24.pdf Архивйина 2016-04-13 — Wayback Machine с. 160
- ↑ Плутарх, Тесей, 26
- ↑ [1]
- ↑ Тороп С. О. Скифские воительницы (см. ссылки)
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Гигин. Мифы 163
- ↑ 1 2 3 Квинт Смирнский. После Гомера I 52
- ↑ 1 2 Квинт Смирнский. После Гомера I 344—353
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 Диодор Сицилийский. Историческая библиотека IV 16, 3
- ↑ Вестник древней истории. 1947. № 1. С.285
- ↑ Лосев А. Ф. Мифология греков и римлян. М., 1996. С.81
- ↑ 1 2 3 Квинт Смирнский. После Гомера I 50
- ↑ 1 2 3 4 Квинт Смирнский. После Гомера I 725
- ↑ Квинт Смирнский. После Гомера I 327—335
- ↑ Аполлоний Родосский. Аргонавтика II 983
- ↑ 1 2 Квинт Смирнский. После Гомера I 51
- ↑ Квинт Смирнский. После Гомера I 726
- ↑ Валерий Флакк. Аргонавтика VI 376
- ↑ Каллимах. Гимны III 237—239, 267
- ↑ Псевдо-Аполлодор. Мифологическая библиотека Э V 2
- ↑ Сервий. Комментарий к «Энеиде» Вергилия IV 345 // Гиндин Л. А., Цымбурский В. Л. Гомер и история Восточного Средиземноморья. М., 1996. С.292; Лосев А. Ф. Мифология греков и римлян. М., 1996. С.427
- ↑ 1 2 3 Квинт Смирнский. После Гомера I 49
- ↑ Квинт Смирнский. После Гомера I 342—343
- ↑ 1 2 Квинт Смирнский. После Гомера I 336—341
- ↑ Валерий Флакк. Аргонавтика V 610; VI 371
- ↑ Любкер Ф. Реальный словарь классических древностей. М., 2001. В 3 т. Т.1. С.565
- ↑ Арриан, фр.48 Мюллер // Гиндин Л. А., Цымбурский В. Л. Гомер и история Восточного Средиземноморья. М., 1996. С.300
- ↑ Страбон. География XIII 3, 6 (стр.623)
- ↑ Квинт Смирнский. После Гомера I 310—316
- ↑ Юстин. Эпитома Помпея Трога II 4, 12
- ↑ Афиней. Пир мудрецов I 57, 31 d, ссылка на Алкифрона из Меандра
- ↑ Валерий Флакк. Аргонавтика VI 374
- ↑ Юстин. Эпитома Помпея Трога II 4, 12-16
- ↑ Мифы народов мира. М., 1991-92. В 2 т. Т.2. С.134
- ↑ Аполлоний Родосский. Аргонавтика II 959
- ↑ Псевдо-Аполлодор. Мифологическая библиотека Э I 16
- ↑ Юстин. Эпитома Помпея Трога II 4, 25
- ↑ Валерий Флакк. Аргонавтика VI 377
- ↑ Мифы народов мира. М., 1991-92. В 2 т. Т.2. С.153
- ↑ Страбон. География XII 8, 6 (стр.573)
- ↑ Гомер. Илиада II 813
- ↑ Павсаний. Описание Эллады I 2, 1; Плутарх. Тесей 27
- ↑ Юстин. Эпитома Помпея Трога II 4, 20.26-30
- ↑ 1 2 3 4 Диодор Сицилийский. Историческая библиотека IV 16, 2
- ↑ Юстин. Эпитома Помпея Трога II 4, 17
- ↑ Страбон. География XIV 1, 4 (стр.633)
- ↑ Диодор Сицилийский. Историческая библиотека XVII 77; Страбон. География XI 5, 4 (стр.505); Юстин. Эпитома Помпея Трога XII 3, 5; Курций Руф. История Александра Великого VI 5, 24-32
- ↑ Любкер Ф. Реальный словарь классических древностей. М., 2001. В 3 т. Т.3. С.81
- ↑ Квинт Смирнский. После Гомера I 53
- ↑ Валерий Флакк. Аргонавтика VI 375
- ↑ Иванов В. Культ Диониса. Его происхождение и влияние. РВБ: Вяч. Иванов. Прижизненные издания. (см. ссылки)
- ↑ Мавро Орбини. Книга историография початия имени, славы и расширения народа славянского... Санктпитербургская типография (1722 шеран 20 июль).
- ↑ Wonder Woman in Comics (инг.). DC Comics.com. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 9 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 19 ноябрехь Архивйина 2012-11-12 — Wayback Machine
Литература
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- Амазонкаш, мифологеш // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Амазонкаш, литературехь // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- В.Иванов, Религия Диониса. Её происхождение и влияние. РВБ: Вяч. Иванов. Прижизненные издания. Архивйина 2012 шеран 29 ноябрехь
- Плетнёва С. А. «Амазонки» как социально-политическое явление . Архивйина 2012 шеран 29 ноябрехь
- Скрипник Т.A. Амазонки в античной традиции . Архивйина 2012 шеран 29 ноябрехь
- А. Тахо-Годи. Амазонки; Геродот об амазонках . Архивйина 2012 шеран 29 ноябрехь
- НАРТСКИЕ АМАЗОНКИ И САРМАТСКИЙ «МАТРИАРХАТ» . Архивйина 2012 шеран 29 ноябрехь
- Курганы амазонок . Архивйина 2012 шеран 29 ноябрехь
- М. В. Скржинская, АМАЗОНКИ И АРИМАСПЫ в античной литературе и изображениях на памятниках искусства из Северного Причерноморья, ИНДОЕВРОПЕЙСКОЕ ЯЗЫКОЗНАНИЕ И КЛАССИЧЕСКАЯ ФИЛОЛОГИЯ-VIII, СПб:Наука, 2004 . Архивйина 2012 шеран 1 декабрехь Архивйина 2014-08-30 — Wayback Machine
- Тороп С. О. Скифские воительницы . Архивйина 2012 шеран 29 ноябрехь
- Пономарев В. Амазонки и их место в античной историографии . Архивйина 2016-08-18 — Wayback Machine
- Статья в National Geographic . Архивйина 2012 шеран 29 ноябрехь Архивйина 2012-01-26 — Wayback Machine