Арсалиев Шавади Мадов-Хьаьжи воӀ
Арсали́ев Шава́ди Мадов-Хьаьжи́ воӀ (вина 1958 шеран 24 август, ССРС , РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Веданан кӀоштахь, Гуьна эвлахь) — российн, нохчийн Ӏилманча, хьехархойн Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин корреспондент-декъахо.
Арсалиев Шавади Мадов-Хьаьжи воӀ | |
---|---|
Вина терахь | 1958 шеран 24 август (66 шо) |
Вина меттиг | ССРС , РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Веданан кӀошт, Гуьна эвлахь |
Кхелхина терахь | 2021 шеран 17 июль (62 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Пачхьалкх | |
ГӀуллакхан тайпа | школьный учитель |
Ӏилманан кхоче | Филологи, этнопедагогика |
Белхан меттиг | Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет |
Альма-матер | Нохчийн пачхьалкхан университет |
Ӏилманан дарж | хьехархойн Ӏилманийн доктор |
Ӏилманан цӀе | профессор |
СовгӀаташ а, премеш а |
Арахьара суьрташ | |
---|---|
Шавади Арсалиев |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1958 шеран 24 августехь Нохч-ГӀалгӀайчуьра Веданан кӀоштан Гуьнахь. 1974 шарахь чекхйаьккхира Гуьнан йуккъера ишкол. Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа болх бира колхозехь белхалочун даржехь. 1978 шарахь Советийн эскаран Германера советийн эскаран тобанера цӀавеира[1].
1984 шарахь чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. 1983-1989 шерашкахь болх бира Соьлжа-юртан ишколехь: оьрсийн меттан а, литературин а, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо, завуч, цул тӀаьхьа ишколан директор. 1987-1991 шерашкахь болх бира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан йуьхьанцара дешаран педагогикин а, психологин а кафедран ассистент а, лакхара хьехархо а[1].
1991 шарахь дӀахӀоьттира Москохан хьехархойн В. И. Ленинан цӀарах институт аспирантурин лакхара ишколан педагогикин кафедран декъе. 1993 шарахь чекхдаьккхира кандидатийн диссертаци. Кандидат хиллачул тӀаьхьа 1996 шо кхаччалц Нохчийн хьехархой институтан педагогикин а, психологин кафедрин доцент вара[1].
1996—1999 шерашкахь дийшира Москохан хьехархойн пачхьалкхан университетан лакхарчу ишколан кафедран докторантурехь. 1999 шарахь чекхдаьккхира докторийн диссертаци[1].
1999 шарахь дуьйна профессор а, Нохчийн хьехархойн институтан кафедран куьйгалхо. 2003 шарахь дуьйна Москохан хьехархойн пачхьалкхан университетан хьехархойн лакхара ишколан кафедран профессор. 2008—2010 шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан арахьара а, дуьненайукъара а уьйранийн проректор. 2010 шарахь дуьйна университетан историн факультетан декан[2].
Зорба тоьхна 70 сов Ӏилманийн а, методикин а белхаш, царех кхоъ монографи йу. Цуьнан куьйгаллийца чекхдаьккхина ворхӀ кандидатийн диссертаци. Ву Дуьненайукъара хьехархойн академин академик, Дуьненайукъара хьехархойн дешаран Ӏилманан академин академик, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин «Этнопедагогикин» секторан куьйгалхо[1].
СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а
бӀаьра нисйан- К. Д. Ушинский мидал (2001);
- Российн Федерацин лакхара говзаллийн дешаран Сийлахь белхало (2003);
- Академикан Волкова Г. Н. цӀарах этнопедагогикин белхашна делла дуьненайукъара совгӀат (2005);
- Нохчийн Республикин Правительствон Председателан грамота (2006);
- Нохчийн Республикин хьакъ долу Ӏилманийн гӀуллакххо (2007);
- «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал (2010);
- «Нохчийн Республикин интеллектуалан центр» йукъараллин кхолламан «Дешар» номинацин «Детин бухӀа» символца хӀора шеран совгӀат (2011);
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 Арсалиев Шавади Мадов-Хажиевич . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 19 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 20 августехь Архивйина 2014-08-20 — Wayback Machine
- ↑ О декане Архивйина 2014-08-20 — Wayback Machine
Библиографи
бӀаьра нисйан- Арсалиев Ш. М-Х. Методология современной этнопедагогики. — Москва, 2013. — ISBN 978-5-85438-224-3.
- Арсалиев Ш. М-Х. Национальная культура вайнахов и подготовка учителя начальной школы. — Москва, 1996. — 131 с.
- Арсалиев Ш. М-Х. Этнопедагогическое наследие чеченцев. — Москва, 1998. — 286 с.
- Арсалиев Ш. М-Х. Этнопедагогика чеченцев. — Москва: Гелиос АРВ, 2007. — 382 с. — ISBN 5854381702.