Ахмадов Хьусейн Сайд-Ӏалин воӀ (вина 1950 шарахь Кхазакхстанехь) — нохчийн политикин гӀуллакххо. Нохч-ГӀалгӀайн АССР Хенан йолчу Лакхарчу Советан председатель (1991), къобалйанза йолу Нохчийн Республика Ичкерин Парламентан председатель (1991—1993), Нохчийн Республика Ичкерин пачхьалкхан секретарь (1999).

Ахмадов Хьусейн Сайд-Ӏалин воӀ
Нохч-ГӀалгӀайн АССР Хенан йолчу Лакхарчу Советан председатель
 — 1991 шеран 5 октябрь
Хьалха хилларг Завгаев, Доку Гапурович Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхарчу Советан председатель
Когаметтаниг Бахмадов, Бауди Дадаевич
Дин ислам
Вина терахь 1950({{padleft:1950|4|0}})
Вина меттиг Кхазакхстанехь
Да Сайд-Ӏали
Дешар Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университета
Динлелор Ислам
Ӏилманан гӀуллакх
Ӏилманан кхоче истори

Вина 1950 шарахь[1] Кхазакхийн ССР[2]. Чекхйаьккхина Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан историн факультет[1]. Болх бина Нохч-ГӀалгӀайн историн, экономикин, социологин, филологин Ӏилманан-талламан институтехь Ӏилманан белхалочун даржехь[1]. Ӏамийна Нохч-ГӀалгӀайчоьнан XIX бӀешеран истори. «Нохч-ГӀалгӀайчоь шен лаамца Российн йукъайахаран» официалан концепци емал яр бахьнехь, 1985 шарахь[2] институтера дӀавала дийзира, Жалкхан ишколе хьехархо[1] балха хӀоьттира[2].

1990 шеран мартехь хаьржина Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхара Советан депутат. ХӀоттийра чолхе гӀуллакхийн сурсатийн комиссин декъашхо. Кхин а вара «шен лаамца йукъайахаран»[1] концепци къасторан комиссин декъашхо. 1990 шеран ноябрехь хьалхарчу нохчийн къоман гуламехь хаьржира кхочушдаран комитетан декъашхо. ТӀаьхьа хилира Нохчийн халкъан дерригкъоман конгресс (НХДК) кхочушдаран комитетан председателан гӀовс[1].

Жигара дакъалецира Соьлжа-ГӀалин 1991 шеран сентябран хиламашкахь[1]. 1991 шеран 15 сентябрехь хилира Нохч-ГӀалгӀайчоьнан Лакхара Советан корта[3], иза кхоьллира НХДК а, Нохч-ГӀалгӀайчоьнан Лакхара Советан агӀончех. 1991 шеран 1 октябрехь Хенан Лакхарчу Советан цӀарах кхайкхийра Нохч-ГӀалгӀайн Республика екъарх лаьцна, маьрша Нохчийн Республикин (Нохчийчоь) а, РСФСР йукъахь ГӀалгӀайн Республикин а[3]. Амма, 4 де даьлча дукхаха болчу ХЛС декъашхоша шайн председателан и сацам бохийра, ткъа Хьусейн дӀаваьккхира[3][4].

1991 шеран 28 октябрехь хаьржира Нохчийн Республикин Парламенте. 2 ноябрехь хаьржира Парламентан председатель[5][3]. Дуьхьала хилар хоуьйтура президент Дудаев Джохара цхьайолу конституцица йоцу бакъонаш шега схьаэца гӀертарна. ГӀиртира парламентан хьалха жоьпаллехь йолу правительство кхоллийта. ГӀиртира парламентан терго латто министраллашна а, ведомствашна а тӀаьхь[1].

1993 шеран май болалуш парламентан депутатийн доккхаха долу дакъа Дудаевн дуьхьаладелира. Ахмадовс дитира парламентан председателан дарж. 1993 шеран августехь парламенто дӀаехира депутатийн бакъонаш[1].

1994 шарахь дуьйна политикин къийсамехь жигара дакъа ца лецира. Нохчийчу российн эскар даран реза ца хилар кхайкхийра. Герзашца дуьхьало ца йира[1].

1999 шеран июнехь дуьйна — Нохчий Республика Ичкерин Пачхьалкхан секретарь[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 igpi.
  2. 1 2 3 АХМАДОВ Хусейн Сайдалиевич
  3. 1 2 3 4 igpi2.
  4. Высшие органы государственной власти Чечено-Ингушской АССР - Чечено-Ингушской Республики
  5. Чеченская Республика Нохчи-чо. Справочник по истории Коммунистической партии и Советского Союза 1898 - 1991. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 1 январь.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан