Ахриев, Гапур Саидович
Гапур Саидович Ахриев (гӀалгӀ. Оахаранаькъан СаӀида ГӀапур; 1890, Фуртоуг, Терски область — 1920 шеран 3 май[1], Бакох[1]) — Къилбаседан Кавказехь Совет Ӏедал хӀотторан куьйгалхойх цхьаъ. 1919 шо дуьйна РКП(б) декъашхо.
Гапур Саидович Ахриев | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | политик |
Вина терахь | 1890 |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1920 шеран 3 май[1] |
Кхелхина меттиг |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1890 шарахь Фуртоуг йуртахь йуртбахамхон доьзаллехь. ГӀалгӀа.
Цо дешна БуритӀе гӀалин реальни доьшийлахь, и чекхйаккха - Москохан коммерцийн институтехь. Иза вара студентийн революцин кружокийн балхахь дакъалоцуш. 1916 шарахь дешна ваьлча иза БуритӀе йухавеара иза. Цигахь цо болхбира кегийн кредитан Теркан союзан инструктор. Цу хенахь цуьнан доттагӀала тасделлера С. М. Кировца.
1917 шеран февралехь революци хиллачултӀехь иза хилира Теркан гражданийн исполкоман декъашхо а, БуритӀе гӀалин белхалойн а, салтийн а депутатийн Советан декъашхо а. 1918 шеран мартехь иза хӀоттийра Теркан Советийн Республикин къаьмнийн хьаштийн халкъан комиссар. 1918-1920 шерашкахь цо жигар дакъа лецира Граждански тӀамехь.Иза велира 1920 шеран 3 майхь Бакохь.
Дагахьлаттавар
бӀаьра нисйан- Соьлжа-гӀалахь хӀоттийна Граждански тӀеман турпалхошна хӀолламантӀехь Ахриевн сурт ду Асланбек Шериповн а, Николай Гикалон а суьрташна уллехь.
- Ахриевн цӀе тиллина урамаш бу Соьлжа-ГӀалахь, Несарехь, Гуьмсехь, Карабулакехь, Малгобекехь, кхийолу а ГӀалгӀайчоьнан а, Нохчийчоьанан а нах беха меттигашкахь.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 Ахриев Гапур Саидович // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохорова — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
Литература
бӀаьра нисйан- Ахриев И. Г. Гапур Ахриев. — Грозный: Чечено-Ингушское кн. изд-во, 1967. — 44 с. — 1000 экз.
- Чахкиев Б. Революционер, патриот : К 100-летию со дня рождения Гапура Саитовича Ахриева // ГӀалгӀай дош : газет / Ред. М.-Б. Цицкиев. — Шолжа-ГӀала: Книга, 1990. — Март (№ 3). — С. 1.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Ахриев Гапур Саидович — статья из Большой советской энциклопедии.
- О чем говорят названия улиц
- В гостях у джейрахских фермеров