Гапур Саидович Ахриев (1890, Фуртоуг, Терски область1920 шеран 3 май[1], Бакох[1]) — Къилбаседан Кавказехь Совет эдал хӀотторун куьйгалхойх цхьаъ. 1919 шо дуьйна РКП(б) декъашхо.

Гапур Саидович Ахриев
Сурт
ГӀуллакхан тайпа политик
Вина терахь 1890
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1920 шеран 3 май({{padleft:1920|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})[1]
Кхелхина меттиг

Биографи Нисйе

Вина 1890 шарахь Фуртоуг юртахь юртбахамхон доьзаллехь. ГӀалгӀа.

Цо дешна Владикавказан реальни доьшийлахь, и чекхйаккха - Москован коммерчески институтехь. Иза вара студентийн революцин кружокийн балхахь дакъалоцуш. 1916 шарахь дешна ваьлча иза БуритӀе йухавеара иза. Цигахь цо болхбира кегийн кредитан Теркан союзан инструктор. Цу хенахь цуьнан доттагӀала тасделлера С. М. Кировца.

1917 шеран февралехь революци хиллачултӀехь иза хилира Теркан граждански исполкоман декъашхо а, Владикавказан белхлойн а, салтийн а депутатийн Советан декъашхо а. 1918 шеран мартехь иза хӀоттийра Теркан Советски Республикин къаьмнийн хьаштийн халкъан комиссар. 1918-1920 шерашкахь цо жигар дакъа лецира Граждански тӀамехь.Иза велира 1920 шеран 3 майхь Бакухь.

Дагахьлаттавар Нисйе

  • Соьлжа-гӀалахь хӀоттийна Граждански тӀеман турпаллашна хӀолламантӀехь Ахриеван сурт ду Асланбек Шерипован а, Николай Гикалон а суьрташна уллехь.
  • Ахриеван цӀе тиллина урамаш бу Соьлжа-ГӀалахь, Несарехь, Гуьмсехь, Карабулакехь, Малгобекехь, кхийолу а ГӀалгӀайчоьнан а, Нохчийчоьанан а нах беха меттигашкахь.

Билгалдахарш Нисйе

  1. 1 2 3 4 Ахриев Гапур Саидович // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохоров — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.

Литература Нисйе

  • Ахриев И. Г. Гапур Ахриев. — Грозный: Чечено-Ингушское кн. изд-во, 1967. — 44 с. — 1000 экз.

Хьажоргаш Нисйе