Ахтычай, АхцахӀвацӀ (Кябякчай лакхенехь[2], лаьзг. Ахцегьвацl) — Российн (ДегӀаста) эрк, Самуран аьтту эрк. Охьадоьду Рутулан а, АхцахӀан а кӀошташ. Дохалла — 63 км, бассейнан майда 963 км²[2].

Ахтычай
лезг. Ахцегьвацl
Сурт
Амал
Дохалла 63 км
Бассейн 963 км²
Хи дайар 15,8 м³/с (АхцахӀ эвла)
ДӀаэхар
Хьост Коьрта Кавказан дукъ Къилбаседа-малхбален басе
 • Эрк долу меттиг Рутулан кӀошт
 • Локхалла 3300 м
 • Координаташ 41°28′45″ къ. ш. 47°13′03″ м. д.HGЯO
Хикхоче Самур
 • Эрк чекхдолу меттиг АхцахӀан кӀошт АхцахӀ эвла
 • Локхалла 1000 м
 • Координаташ 41°27′50″ къ. ш. 47°44′37″ м. д.HGЯO
Хин охьане 36,5 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Самур → Каспий-хӀорд
Пачхьалкх
Регион ДегӀаста
Код  ПХР чохь 07030000412109300002385[1]
Ахтычай (ДегӀаста)
— хьост, — хикхоче
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Ахтычай долало Коьрта Кавказан дукъан къилбаседа-малхбален басен шовдан тӀиера, чукхета аьтту агӀора Самур эрках, хикхочел 101 км лакхахь.

Ахтычай эрк ду уггаре шорта хи долу Самур эркан га. Эркан дохалла 63 км, хи дужу 2300 м лакхара, хи гулдаран майда – 963 км², локхаллин юккъера барам – 2590 м. Доккхаха долу хин дакъа (84 %) эрко схьаоьцу 2000 м лакхара.

Харш тархаш долуш ду, билгалдаьккхина тайп-тайпана чолхаллин шивераца. Тархаш лекха дац, дукхах дерг 0,5-1 м. Кхолладелла чхьаьрнаш гулдалар бахьнехь, наггахь тархийн породаш харш чу охьа а йогӀий пурх хӀоттар бахьнехь. Лакхенашкахь а, юккъехь а бердаш лекха дац, цхьа метр гергга, лаьтта гӀамаран саз-латтан а, тархийн сицкъаран а породех. Эркан лахенашкахь, тӀаьххьара 26 километр юкъахь, бердаш лекха ду. Гдымчай эрк кхетначул тӀаьхьа, Ахтычай охьадоьду кӀоргачу Ӏин чухула. Хин шоралла тайп-тайпанчу меттигашкахь хийцало 2 - 15 метр, кӀоргалла 10 см - 1,2 м. Эркан сихаллин юккъера барам бу 1-2 м/с, цхьаццанхьа 4-5 м/с.

Гидрологи

бӀаьра нисйан

Эркан хи цхьабосса латтадо дешначу шаш а, лайш а, догӀано а, лаьттан бухарчу хиш а. Шеран юкъахь хи цхьабосса охьа ца догӀу. Уггаре дистина эрк хуьлу май баттера август бутт кхаччалц, оцу хенахь шарахь охьадогӀучух 60 % хи чекхдолу эрках. Сих-сиха хуьлу кхераме гидрологин хиламаш бохаме стигал къекъаш догӀучу догӀан а, Ӏоврийн а кепара (1988 а, 1997 а шераш).

Шарахь дойу хин юккъера барам — эркан хикхочехь хуьлу 15,8 м³/сек, максимум – 550 м³/сек, минимум – 1,75 м³/сек. Эркан хиш дистинчу муьрехь чӀогӀа боьха хуьлу. Хин боьхалла цкъаццӀа кхочу 120 000 г/м³ гергга.

Ахтычай эркан коьрта геннаш

ЦӀе Дохалла, км
1 Мугулахчай 15
2 Чахикам
3 Каминчай 10
4 Мазачай 16
5 Цейхур
6 Фийчай 18
7 Гдымчай 18
8 Сурачай
9 Кызылдере 10
10 Катухчай
11 Даличай 14
12 Огалматхет
13 Галасатхет
14 Мицпратхет
15 Каравансарачай 11
16 Кябякчай

Дерриг геннаш Ӏовраш яхьаш ду.

Эрк Ӏамор а, хин бахаман маьӀна а

бӀаьра нисйан

Эркан раж теллина 3 постехь: Хнов, Смугул, АхцахӀ (йолуш йолу).

Эркан ладаме хин бахаман маьӀна ду. Иза леладо хи латтош а, хи дуьллуш а уллехь йолчу эвланашна а, аренашна а. Эркан тӀаьхь болх бо АхцахӀан ГЭСо (иза йина 1957 шарахь).

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 9. Закавказье и Дагестан. Вып. 3. Дагестан / под ред. П. П. Буртовой. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 76 с.
  2. 1 2 «Ахтычай (Кябякчай)» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.