Ачичаев, Алым Адамович
Алы́м Ада́мович Ачича́ев (1949 шеран 17 май, Казахийн ССР, ССРС) — нохчийн штангист, 1975—1977 шерашкахь ССРС чемпион, ССРС Кубок йаьккхинарг (1975 шо), ССРС халкъашна йуккъера классан спортан говзанча, ССРС йеза атлетикин чемпион хилла хьалхара нохчий.
Алым Адамович Ачичаев | |
---|---|
Шех лаьцна | |
Стен-боьршалла | боьршаниг |
Пачхьалкх | ССРС → Росси |
Говзалла | Йеза атлетика |
Вина терахь | 1949 шеран 17 май (75 шо) |
Вина меттиг | Кхазакхийн ССР, ССРС |
Спортан карьера | 1970-1979 |
Тренераш |
|
Йозалла | 100 кг |
Арахьара суьрташ | |
---|---|
Алым | |
Адамович | |
Ачичаев |
Биографи
бӀаьра нисйанВина Казахстанехь 1949 шеран 17 маехь. Цуьнан да вара математикин хьехархо. Иза велира машен тӀетоьхна 1963 шарахь. Алыман доьзалехь воккха стаг ша висарна дийзира шел кеги болу шина вешах а, шина йишах а дола шен тӀелаца.
Иза ша волавелира спорт лелаян. Шен доттагӀаца иза Ӏаьржа йолушшехь хьала а гӀоттий уьдура, турникан тӀехь кхийзалора, йеза хӀумнаш уьйура, латаран секци оьхура.
1967 шарахь иза арме дӀавигира Благовещенске. Цигара ваьлча иза Хабаровскан хинкеманаш деш йолу заводехь болх беш вара. Хабаровскехь иза йеза атлетика Ӏамо волавелира. Цьунан хьалхара тренера вара Александр Дмитриевич Алексеенко. Шен тренировкаш дика хилитархьам иза йеза атлетикин зал йолу «Амуркабель» заводе балха вахар[1]. Тренировкаш йан волавелчула тӀехь цхьа шо даьлча иза хилира Хабаровски крайн чемпион. 1972 шарахь цо ССРС спортан говзанчан норматив кхочуш йира.
1973 шарахь Шахты гӀалахь хилла Российн чемпионатехь цуьнан цхьа а гӀортар дика а ца хилла цуьнан йахьаллонера йукъара дӀавала дийзира. Йахьаллонаш чекхйаьлча цунна тӀе веара Рудольф Плюкфельдер. Цо кхайкира Ачичаев ша волчахь тренировкаш йан. Ачичаев реза а хилла Шахты гӀала вахара.
1974 шарахь ССРС чемпионатехь цо 335 кг (150+185) хьала а айбина 7-гӀа меттиг йаьккхира. Цуьл тӀаьхьа цо масийтта йоккха турнирехь толам беккхира, масала, ВЦСПС а, ЦС «Труд» а йахьаллонаш. 1975 шеран 28 апрелехь Балашихехь хилла йолу VI аьхкенан Российн халкъийн Спартакиадехь иза туьйлира 365 кг (160 + 205) хьала а айбина[1].
1975 шеран 15 декабрехь Челябинскехь цо йаьккхира ССРС Кубок 100 кг кхаччалц йолу категорехь 370 кг сумма а йолуш. Иштта иза ССРС чемпион хилира толчок яш 207,5 кг хьалаайбина.
1976 шеран 15 маехь Карагандахь хилла йолу ССРС чемпионатехь цо толам беккхира рывок яш а (172,5 кг) двоеборьехь а (380 кг). Цул совнах, цо ССРС халкъашна йуккъера даржан спортан говзанчан норматив кхочуш йира.
Ачичаев тоьллачул тӀаьхьа цун тӀе веара Плюкфельдер а, ЦСКА тренер Стогов а. «Хьо бахьнехь со туьйлира цуьнца болу къовсамехь», — воьлуш, элира Плюкфелдерс. Шахташкахь йолу чемпионатехь Плюкфельдеран а, Стогован а къовсам хиллера. Стоговс бахара, Плюкфельдерс шена уггар тоьлла спортхой дӀабуьгу. Царех чемпион ван хала дац. ГӀийла спортсменах чемпион ван ду хала. Плюкфельдерс дош делира муьлха а спортсменах чемпион ван. Оцу минотехь Стогован бӀаьрг кхийтира «чӀуьрг» йаьккхина Ачичаевах[1].
1976 шарахь Монреалехь хила йеза йолу Олимпиадан программехь 100 кг йозаллин категори йацар, цундела Ачичаеван Олимпиадехь дакъа лацар ца нисделира.
1976 шеран 13 декабрехь Первоуральскехь хилира ССРС Кубок а, чемпионат а. Ачичаевс толам беккхира 172,5 кг рывок а йина. Иштта цо толам беккхира Карагандахь хилла дуьненан чемпионатан харжаман турнирехь, 2-гӀа меттиг йаьккхина волу Владимир Козловал 15 кг сов айбина[1].
Плюкфельдерца йукъаметтиг телхира. Ачичаев Днепродзержинске дӀавахара. Цо шен хьалхара тренер Александр Алексеенко Хабаровскера ша волчу дӀавигира. Керла меттехь Алексеенкон карийра цӀа а, болх а, зуда а[1].
1977 шеран 18 декабрехь ССРС Кубкехь а, чемпионатехь Ачичаевс хьалхара меттиг йаьккхира 172,5 кг рывок а йина. 1978 шарахь Киевехь хилла чемпионатехь цо 2-гӀа меттиг йаьккхира. 1979 шарахь шен тӀаьххьара йахьаллонашкахь Киевехь цо айбира 405 кг (177,5 + 227,5). Цул тӀаьхьа цо спорт а йитира, тренеран болх бан волавелира[1].
1986 шарахь иза цӀа вирзира. Цо ДЮСШ тренер болх бира, дукха штангисташ кеч а бира. Царна йукъахь бара гӀарбоьвлла штангисташ, масала, Умар Эдельханов[1].
Кхиамаш
бӀаьра нисйан- 1975 шарахь ССРС Кубока йаьккхинарг (370 кг);
- Толчок яш ССРС чемпион 1975 шарахь (207,5 кг);
- ССРС чемпион 1976 шарахь рывок яш а (172,5 кг), суммехь а (172,5+207,5=380);
- Рывок яш ССРС чемпион 1977 шарахь (172,5 кг);
- 1978 шарахь ССРС чемпионатехь суммехь дато мидал (172,5+210=382,5);
Доьзалла
бӀаьра нисйанАчичаеван вежарий Ахьмад а, Мохьмад а и волче Украине дӀабахара. Цара шайн воккха ваша волчехь тренировкаш йолайира. Царех а дика штангисташ хилира.
Ахьмад вара 100 кг кхаччалц ойлу категорехь. Цо йиъ юниорийн дуьненан рекорд хӀоттира, ССРС чемпионатехь толам беккхира, Европин а, дуьненан а чемпионаташкахь дато Мидалш йаьккхира, ССРС халкъашна йуккъера даржан спортан говзанчан норматив кхочуш йира. 1985 шарахь Волгоградехь цо ССРС чемпионатехь толам беккхира 390 кг айбина (175 + 215). 1986 шарахь Львовехь 110 кг кхаччалц категорехь цо толам беккхира СА а, ВМФ а чемпионатехь 432,5 кг айбина (192,5 + 240).
Мохьмадас тренировкашкахь халкъашна йуккъера спортан говзанчан норматив кхочуш йора. Амма тренировкехь иза лазавар бахьнехь цуьнан спорт йита дийзира.
Хаза хилларш
бӀаьра нисйан- Польшехь хилла турнирехь Ачичаеван делира совгӀта массарелла а самукъане штангист ву аьлла.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 Лезгинка победителя Архивйина 2014-04-25 at archive.today