Ахма́д Ада́мович Ачича́ев (1961 шеран 1 июнь, Гермчига, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС) — нохчийн штангист, кегирхойн йукъара Европин а, дуьненан а йахьаллонан дато совгӀатхо (1981 шо), ССРС чемпион (1985 шо), кегирхойн йукъахь дуьненан рекордсмен, ССРС халкъашна йуккъера классан спортан говзанча, Российн кегирхойн гулйина тобан коьрта тренер, Алым Ачичаеван жима ваша а, дешархо а.

Ахмад Адамович Ачичаев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла стаг
Пачхьалкх  ССРС Росси
Говзалла Йеза атлетика
Клуб Эскаран Центран спортан клуб
Вина терахь 1961 шеран 1 июнь({{padleft:1961|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (63 шо)
Вина меттиг Гермчига, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС
Тренер
Йозалла 110 кг
Арахьара суьрташ
Ахмад Ачичаев
Ахмад Ачичаев а, цьунан дешархо Надежда Перелыгина а
Ахмад Ачичаев а, йаздархо Муслим Гапуев а

Вина 1961 шеран 1 июнехь в селе Гермчигахь (Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС). Школа чекхйаьккхича шен ваша Алым Ачичаев волчу Днепродзержинске дӀавахара. Цуьнан куьйгаллица йеза атлетикин Ӏамаян волавелира.

1983 шарахь чекхйаьккхира Днепропетровски физически культурин пачхьалкхан институтан Олимпийски а, говзаллин а спортан факультет.

1981 шеран мартехь Львовехь хилла йолу ДоттагӀаллин Кубкехь 100 кг кхаччалц йозаллин категорехь цо хӀоттира кегирхойн йукъахь 4 дуьненан рекорд: 218 а, 220 кг а толчок а, 390 а, 392,5 кг а двоеборьен сумма а. 1981 шеран апрелехь 395 кг сумманца цо толам беккхира Ульяновскехь хилла йолу ССРС юниорийн чемпионатехь. Линьяна цӀе йолу Италин гӀалахь цо дато мидал йаьккхира — толам баккхар ца нисделира цуьнан лазор дӀа ца дерзар бахьнехь.

1982 шарахь Минскехь цо йаьккхира хьалхара меттиг двоеборьен суммехь 400 кг хьала а айбина (175 + 225), ССРС халкъашна йуккъера классан спортан говзанчан норматив кхочуш а йина. 1985 шарахь Волгоградехь иза хилира ССРС чемпион 390 кг хьала а айбина (175 + 215). 1986 шарахь Советан эскиран а, ХӀордан-тӀеман флотан а чемпионатехь Львовехь цо 110 кг йозаллин категорехь толам беккхира суммехь 432,5 кг хьала а айбина (192,5 + 240).

Спорт йитинчул тӀехь иза тренеран болх бан волавелир. 1992 шарахь цо чекхйаьккхира Москван физкультурин пачхьалкхан академин физкультурин факультет.

ССРС йохначул тӀехь цо тренеран болх битира. Цо болх бора шофёр а, гӀишлоярхо а, и. к. д. Москохан цхьана клубехь тренер болх бан волавелира иза. Кеста цуьнан цхьа дешархо Надежда Перелыгина Российн чемпион хилира. ТӀаккха Ачичаев Российн гулйина тобан гӀо дан кхайкха болабелира. Перелыгина масийттуза Российн чемпионатийн толамхо а, совгӀатхо а хилира.

2012 шеран декабрехь иза хӀоттира Российн гулйина юниорийн тобан коьрта тренер.

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • Мидал «Российн профсоюзашна 100 шо» (2009 шо)[1];

Цуьнан ши кӀант ву, Давид а, Илья а.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан