Исраилхой

Яӏкъуб пайхамаран тӏаьхьенах долу къам
(Бану Исраил тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Исра̄илхой йа Банӯ Исра̄ил (Ӏеб. בְּנֵי יִשְׂרָאֵל‎‎; Ӏаьр. بنو إسرائيل‎‎ — «Исраилан бе̄раш») — иза ЯӀкъуб пайхамаран зуьретах (тӀаьхьенах) схьадаьлла долу къам ду. Иза мацахлерчу Гергарчу Малхбалера, аьчкачу оьмарехь КанӀанехь дехаш хилла долу самхойн тукхамех цхьа къам ду[1][2].

Исраилхой
Ӏеб. בני ישראל
Сурт
Ненан мотт шираӀебархойн мотт
ЦӀе тиллина сийдина Яӏкъуб
Пачхьалкх
Схьадаьлла меттиг Исраилан латта
Лаьтта меттиг
Белхаца гайтар Израэлиты в пустыне, Израэлиты пересекают Красное море, Израэлиты собирают манну
Зама Древний мир, Мацахлера Исраил
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Жуьгталлехь

бӀаьра нисйан

Исраилан шийтта тайпа

бӀаьра нисйан

ЯӀкъуб (Исраил) пайхамаран кӀентий хӀорш бу:

  • Юсуф а, Биньямин а, ткъа цаьршиннан нана: Рахьиль йу, Лабанан йоӀ, иза ЯӀкъубан ненавешин йоӀ йу.
  • Рубин воккхах верг ву, ЯхӀуза а, Лави а, ШамӀун а, Забулун а, Ясакар а, цхьа йоӀ Дина а, ткъа церан нана: Лайат йу, Лабанан йоӀ, Рахьилин йиш, ЯӀкъубан ненавешин йоӀ.
  • Дан а, Нафтали а, ткъа цаьршиннан нана: БилхӀа йу.
  • Джад а, Ӏашир а, ткъа цаьршиннан нана: Зилпа йу.

Товрато ма-бохху, хӀорш Исраилан шийтта тайпанан бухбиллархой бу. Товрат чохь церан цӀе йоккху «Исраилан кӀентий» йа «ЯӀкъубан кӀентий» аьлла.

Ислам динехь исраилхой (Бану Исраил) уьш ЯӀкъуб пайхамаран шийтта кӀант ву (царех Юсуф ву), цхьа йоӀ Дина а йу. Уьш бусалба хилла, баххашкахь хьанифаш (Делан дине тевжина) а болуш. Къуръан чохь исраилхойн дийцарш а, Дала церга бахкийтинчу пайхамарийн дийцарш а ма-дарра хьехийна ду: Аль-Бакъарат а, Алу Ӏимран а, Аль-АӀраф а, Юнус а, Юсуф а, Аль-Маидат а, Аль-Къисас а, Ан-Намль а, Марьям а, Аль-Исраъ а, ТӀахӀа а, Ас-Сафф а, Сад а, Аль-Анбияъ а, Сабаъ а, Аз-Зухруф а сураташ чохь.

Оха делира Исраилан берашка жайна а‚ хьукма а‚ пайхамаралла а‚ цӀенчух рицкъ а делира оха царна‚ Оха базбир уьш Ӏаламашна тӀехь.


ХӀай‚ Исраилан бераш‚ Аш дагадаийта Сан ниӀмат‚ Ас шайна делла долу‚ аш кхочушйе Соьца (шаьш Суна а бен Ӏибадат дийр дац аьлла) йина ваӀда‚ Ас а кхочушйийр ю шуьца (Айса шуна хаза мела лур бу аьлла) йина хилла ваӀда‚ Соьх цхьаннах кхералаш.


Исраилхой Мисар чубахкар

бӀаьра нисйан
 
Исраилхочун цӀа муха хилла гойтуш кеп йу хӀара, Тель-Авивер «Исраилан латта» олу музей

Юсуф тӀаьххьарчунна хьалхара кӀант ву ЯӀкъубан Рахьилера, шен берех уггар цунна дукхавезарг а хилла. Цуьнан цӀе йоккху цхьана Ӏебархойн тайпанах. Цуьнан вежарша чӀогӀа хьагӀ лаьцнера цуьнца, и шайн дена шайла дукхавеза аьлла. Цундела цара барт бира цунна дуьхьал, тӀаккха цара гӀу чу кхоьссира и. Цул тӀаьхьа цара воьхкира и Мадьян охӀланах болчу цхьана нахана. Цара иза Мисар махка дӀа а вигна, лен мехах воьхкира. Иза ийцира Мисаран урхалчо, шен зудчунна совгӀатна. Цул тӀаьхьа цуьнан зудчо зуламца бехкевинера и, тӀаккха массийта шаран набахти чу воьллира. Набахтин коьртачу хьаькамо массо а тутмакхашна тӀехь куьйгалла дан а, набахтехь долчу хьолах жоп дала а хӀоттийра Юсуф. Цул тӀаьхьа и гӀарваьллера цу чохь гӀенаш тида хууш ву аьлла. ТӀаккха Мисар паччахьо шена гина долу тидийтира цуьнга, и бахьнехь цу чур араваьккхира. Паччахьо Мисаран хазнаш ларйан тӀехӀоттийра Юсуф. Цул тӀаьхьа цуьнан да а, берриг а вежарий, церан доьзалш а Мисар баьхкира мацаллах бевдда. Цо лерам бира церан, уьш цига бахкарна. Гиксосаша куьйгалла дечу заманахь Джасан лаьтта тӀе баха а ховшира цо уьш.

Муса а, Исраилхой а

бӀаьра нисйан

Муса дӀавахара шен къам эцна, ПирӀунах уьш кӀелхьарбахархьама. Цу хенахь хилира ТихӀ олу хилам, шовзткъа шарахь лаьттина болу, уьш йухахьалбевлла, цергара керсталла доьжна чул тӀаьхьа, Дала шеш арабаххалц ЮшаӀ пайхамарца Урдуне тӀам тӀе баха. ЮшаӀ шен къам эцна Арихьа шахьар чу вахара. Царний, КанӀанхойний йукъахь тӀом хилира. Цу тӀам тӀехь толам а баьккхина, ПиластӀин чу бахара уьш.

Къедийн зама

бӀаьра нисйан

ЮшаӀ ибн Нун дӀаваьллачул тӀаьхьа исраилхой масех тайпане бекъабелира. Церан куьйгалхойх «къедий» олура. Царна йукъахь даьржинера тӀемаш а, къийсамаш а. Цу заман чохь жуьгташна баккхийн эшамаш хиллера, цергара Табут (Делан тӀорказ) а схьадаьккхинера, цу чохь Мусан Ӏаса а, цуьнан бедарш а, Товратан коьрта аннаш а, ХӀарунан лараш а йара.

И зама чекхйолу тӀаьххьарчу къедаца, иза Шамвиль пайхамар вара, шега исраилхоша шайн паччахь хӀоттаве аьлла дехна волу, шайн могӀарш цхьаьна а тухуш, цунна тӀаьхьахӀиттина шеш тӀом а бийр болуш. ТӀаккха Дала царна паччахь вахийтира ТӀалут (Шаул) бохуш цхьа дика стаг. Иза вара Ӏебархойн (жуьгтийн) тайпанийн дуьххьарлера паччахь.

Хьалхарчу паччахьийн зама

бӀаьра нисйан

ТӀалута кхоьллира «Исраилан пачхьалкх». Амма и пачхьалкх кхолларехь долу бакъдолу сий, Давуд пайхамаре доьрзу. Давуда Джалута вийра, ша жима стаг волчу хенахь. ТӀаккха ТӀалута шен йоӀ йалийра Давудна. Цул тӀаьхьа иза паччахь хӀоьттира исраилхошна тӀехь. Мусан Товрат чохь долу Делан шарӀаца царна тӀехь куьйгалла дира цо. Цунна хьалха гучудевлира тӀаьхьа-хьалха муӀджизаташ, царех ду: лаьмнаш а, олхазарш а тасбихь даккхар а, олхазарш цуьнца къамел дар а, цо шен хазачу озаца Забур доьшучу хенахь. Давуда тайпанийн барт латтабора. ТӀаккха и тайпанаш дерзийра Цхьанатоьхначу пачхьалкхе, шен столица Къудс-ГӀала (Уршалим) а йолуш. Пачхьалкхан дазонаш шордира. Давуда эшийра муабхой а, Ӏаммунхой а, идумхой а. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Сулайман пайхамар.

ШолгӀачу паччахьийн зама

бӀаьра нисйан

Сулайман дӀакхелхина чул тӀаьхьа цуьнан кӀант РахьубӀам паччахь хӀоьттира исраилхошна тӀехь. ТӀаккха уьш бистхилира цуьнга шайн Сулаймана деана долу цхьацца долу белхаш а, хьукманаш а дайде аьлла. ТӀаккха РахьубӀам дуьхьал ваьлла чу хенахь, дукхаха болчу жуьгташа и Ӏад а витина, ЯрубӀам ибн НабатӀца байӀат (чӀагӀо) дира. РахьубӀамца байӀат ца дира ЯхӀузан а, Биньяминан а тайпано бен. И ши тайпа дара Уршалимехь а, цуьнан гонахенашкахь а дехаш. Иштта Исраилан пачхьалкх шина пачхьалкхе йекъаелира: Къилбаседехьара пачхьалкх (Исраил) а, Къилбехьара пачхьалкх (ЯхӀуда) а.

Ши пачхьалкх йожар

бӀаьра нисйан

920 шарахь в. э. тӀейале Мисаран паччахь волу Шешонкъ тӀелетира ЯхӀудан пачхьалкхна, тӀаккха и схьайаьккхира цо. Оцу хенахь дуьйна Мисар пачхьалкхан карахь йара и.

740 шарахь в. э. тӀейале ашурхой тӀелетира Исраилан пачхьалкхна. Амма церан урхалла дукха ца лаьттира, хӀунда аьлча вавилонхой дӀабирзинера царах Ӏиракъехь, Ӏиракъан куьйгалла а деш.

Набухаз-Нассар а, вавилонан йийсархо а

бӀаьра нисйан

Жуьгтийн паччахь волу Бедекия вавилонхойн Ӏедал дохо гӀоьртинера. ТӀаккха цунна тӀелетира вавилонан гӀараваьлла паччахь Набухаз-Нассар (Навуходоносор). Цо дохийра Къудсан пенаш а, цӀенош а. Ткъа бухабисина болу жуьгтий леш бина йийсарбира Вавилоне дӀабига, 40 эзар гергга хилла уьш, и дийцар девзаш ду «Вавилоно йийсарбар» аьлла. Цо Къудс а, цу чохь йолу килсаш а йохийра, Табут (тӀорказ) схьа а даьккхира юха а 586 шарахь в. э. тӀейале.

Ашурхой а, калданхой а тӀелатар бахьнехь, жуьгтийн пачхьалкх къайлайаьллера ПиластӀинехь, деа бӀешарахь (1000—586 шш. в. э. тӀейале) ша цхьалха лаьттина чул тӀаьхьа. И пачхьалкх йуьзна хилла тӀемашца а, къийсамашца а, бунташца а.

Къудс йохийна чул тӀаьхьа хилла зама

бӀаьра нисйан

Къудс йоьжна чул тӀаьхьа ПиластӀин жуьгтех йаьллера. Жуьгтий йийсар хилла, шовзткъе итт шарахь Ӏийра Вавилонехь. Цу хенахь вавилонхойх дӀатарбеллера уьш, церан Ӏадаташ а, гӀиллакхаш а схьаоьцуш. Вавилонхойн тергонан кӀеллахь, пачхьалкхан гӀуллакхашкахь дакъалоцура цара.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан