Барзакъ, Лардаран герз[1]шираллехь а, йуккъера бӀешерашкахь а тӀемлочун дегӀан тайп-тайпана дакъош лардаран герз[2], наггахь тӀеман динан дегӀ а, туьйсина металлан кийсиг (комплект).

XVI бӀешеран къонахойн барзакъ.
Ганс Мемлинг. «Сийлахь Урсулин Ӏазапалла» (1489). Аьрру агӀора тӀемло аьхна барзакъ доьхна, аьтту агӀора — бригантиница.

Нохчийчохь шира дуьхьалонан барзакъах олу гӀагӀ. Европехь XVII бӀешо кхаччалц тӀемашкахь леладора, наггахь доцург, деккъа (шийла) герз, цуо бора 90 % берриг иэшамех девнашкахь, тӀемашкахь, жамӀ хуьлура чучча бахана летча. Цундела барзакъ пайденна а, Ӏалашо кхочушйен а тайпана герз дара. ТӀаьха, дораха а, эвсаре а долу куьйган до́лу герз (мушкеташ) йукъадаларца дехьабевлира массийн эскаршка. Иза бахьнехь, дуьззина гӀагӀнаш оьцучул, дораха хуьлу ахархойн тоба а лаьцна, царна герз тоха Ӏамор. Иштта европин эскаршкара барзакъаш дӀадолу тӀеман арара, и процесс коьртаниг чекхйаьлла XVIII бӀешо долалуш. Дукхаха болчара барзакъаша долу герзах а, артиллерех а дика ца ларво бахахь а, ма-дарра аьлча уьш дерриш дӀа ца довлу, уьш деза хиларна эца таро ца хуьлура хьал долчу чкъоьрийн бен. Кхин дӀа Ӏаьржа металлурги кхиарца йукъайовлу йукъараэскаран лардаран гӀирсаш — кирасаш.

Долу герз даржале барзакъаша къастабора тӀемлой, ткъа «герз» дашо билгалдоккхура иза. Иза доьзна дара, барзакъаш, шийла герзал, дан а, эца а хала долун дела, уьш кечдаран технологеш чолхе хиларна а, гӀирс дукха безарна а, ткъа кхин а хӀора дийнахь лело аьтту боцуш а долун дела. Адаман дораха доцу тур хиларо йа кхин герз хиларо, цхьа хӀума ца гойтура йа, цхьацца пачхьалкхашкахь, мехкашкахь, муьрашкахь, билгалдоккхура гӀоле чкъоьрера хилар — ткъа оццу хенахь, тӀебоьхна тӀергамо, гӀемо йа турсо сихха кхетавора, и стаг кестта ша санна герзах воьттинчу мостагӀана герз дуьхьала доккхуш вуй.

Барзакъийн йоккха коллекци гулйина Эрмитажехь[3].

 
Японин самурайн Одосин барзакъ

Адамо ша ларвар гӀоле йац шен барзакъо ларварал, цундела адам герзах лардала ойла йан доладелла иза йукъадоллушехь. Лардаларан герз кхуьура нисса цхьаьна тӀелета шийла герз кхиарца, йолчу технологешца алсама лардархьама, цуьнца цхьаьна оьздангаллехь тӀеэцна латаран тайпанан тӀахъаьлла хилар. Цуо эволюцин беха некъ бина: акхаройн цӀоканашна, маӀашна, даьӀахкашна тӀера, металлан пелагех йа хӀоьзнех дина барзакъаш чухула, йуьззина къонахойн гӀагӀ тӀекхаччалц, цуо къовланза ца йуьтура цхьа сантиметр чӀогӀа экаме долу адаман меже. Дуьззина хьовса барзакъийн истори.

 
XVIIXIX бӀешерана тибетан тӀемлочун барзакъан а, герзан а комплекс, уьш дукха хуманашкахь тера ду хьалхарчу кепех

Барзакъан историн ца йевза кхиаран цхьа «магистралан аса»; цунна чохь шортта къевлина йа вовшашца йоьзна агӀонаш йара, кхин а шен айамаш а, иэгарш а дара, уьш доьзна дара йукъара материалан оьздангалла цхьабосса ца кхиарца а, хьалхарчу чкъоьран дуьхьалонан гӀирс пайдабоцучу боккхуш тӀеман гӀуллакхехь радикалан хийцамашца а, цул тӀаьхьа иза кхиар керла доладелла ала мегар долуш. Иштта, Руман имперехь гӀашлойн стандартан барзакъ дара йаккхийэкъанийн (гӀагӀан) кхаркхарни; амма Вегецийна а (IV—V бӀешераш) иза хилира «шира герз», иза даран къайле йайна йара, ткъа Бодане бӀешерашкахь коьрта дуьхьалонан гӀирс чаккхенца хилира технологица вуно атта (йар дукха болх балахь а) гӀагӀ; XIV бӀешарахь массашкахь арахецаран тӀегӀано таро йира экъанийн броне йухадерза. Нисса иштта Кофунан муьрера Японехь йаьржира тӀергашца йихкина йа металлан шуьйра ана асанех кӀуж баьккхина чӀогӀа кирасаш, уьш тӀаьхьа Японе чудеинчу говрашкара тӀемашка болаза хиларна аратеттира континент тӀера деинчу ламелляран барзакъаша; уьш шайн рогӀехь, йеха эволюцин хьесапех чекхйаьлла, царех йуьхьанца хилира ламинаран барзакъаш. ТӀаьххьара, вайн деношкахь тӀемлочун дуьхьалонан гӀирс, XIX бӀешарахь дика бицбелла, денло, амма кхин кепара, лакхаратехнологин кхачам.

 
Ламелляран барзакъ доьхна Византин тӀемло. Беотера Сий. Лукан килсера фреска. X бӀешо.

Хьажор а, эвсаралла а

бӀаьра нисйан
 
Император Максимилиан I «максимилианан» олучу барзакъ доьхна. XVI бӀешеран йуьхьиг. «Сытинан ТӀеман энциклопедера» «ТӀеман говзаллин истори» йаззамера сурт; 1913 шо
 
Единороган тӀехьа таллар. Рочестеран бестиарера миниатюра. 1230—1240 шераш

Муьлхха а тӀеман барзакъ лерина, уггаре хьалха, ца хууш, хьакхалуш герз кхетарх, ткъа кхин а пхенех лардархьама, уьш дара аьлла ца Ӏаш тӀемло дуьхьало йан йезаш ву. Барзакъан герз чекхдаьлча а, цуо дикка йаййо чевнаш, дийна биса шанс тӀетуху — амма цул сов хӀума ца до.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Оружие // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
  2. Доспехи // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
  3. Миллер Ю. Къонахойн зал // Юный художник. — 1987. — № 6. — С. 19-23.
Цитатийн гӀалат: Тег <ref> «автохьажорг1» цӀарца, кху <references> йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла йозан йукъахь йац.
 
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «барзакъ»

Литература

бӀаьра нисйан
  • Бехайм Вендален. Энциклопедия оружия / Пер. с нем. А. А. Девель и др. Под ред. А. Н. Кирпичникова. — СПб.: Оркестр, 1995. — 576 с.: ил. — ISBN 5-87685-029-X.
  • Блэр Клод. Рыцарские доспехи Европы. Универсальный обзор музейных коллекций / Пер. с англ. Е. В. Ламановой. — М.: ЗАО «Центрполиграф», 2006. — 256 с.: ил. — ISBN 5-9524-2450-3.
  • Винклер П. П. фон Энциклопедия оружия с древнейших времен до начала XIX века. — СПб.: Ленинградское изд-во, 2009. — 432 с.: ил. — ISBN 978-5-9942-0420-7.
  • Ефимов С. В., Рымша С. С. Оружие Западной Европы XV—XVII вв. — Том 1. доспехи, клинковое оружие, оружие на древках. — СПб.: Атлант, 2009. — 400 с.: ил. — Серия «Оружейная академия». — ISBN 978-5-98655-022-0.
  • Келли Фрэнсис, Швабе Рэндольф. История костюма и доспехов. От крестоносцев до придворных щеголей / Пер. с англ. Т. Е. Любовской. — М.: ЗАО «Центрполиграф», 2007. — 304 с.: ил. — ISBN 978-5-9524-2869-0.
  • Окшотт Эварт. Оружие и воинские доспехи Европы. С древнейших времен до конца Средневековья. — М.: ЗАО «Центрполиграф», 2009. — 704 с.: ил. — ISBN 978-5-9524-4069-2.
  • Фолкс Чарльз. Средневековые доспехи. Мастера оружейного дела / Пер. с англ. Т. Е. Любовской. — М.: ЗАО «Центрполиграф», 2006. — 208 с.: ил. — ISBN 5-9524-1905-4.
  • Функен Ф., Функен Л. Средние века. VIII—XV века: доспехи и вооружение / Пер. с франц. Н. П. Соколова. — М.: ООО «АСТ»; Астрель, 2004. — 148, [2] с.: ил. — Серия «Энциклопедия вооружения и военного костюма». — ISBN 978-5-17-014496-9.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан