Басарш — адаман куц дархьама, чкъоьран, месийн, мӀарийн, кхин а бетан тӀехь Ӏуналла ден гӀирс а, хьесап а[1].

Декоративан басарийн хӀумнаш

Басаршна йукъадогӀу (баодех хьокха басар, цӀоцкъамашна хьокху басар и кх. дӀа.).

Декоративан косметикин истори

бӀаьра нисйан
 
Тулуз-Лотрек. Йоьхь кечйеш йолу зуда (1889)

Басарийн историн 7000 шо сов ду, уьш ду дерриг аьлча санна Дуьненан йукъараллехь. Адаман оьздангаллера уггаре хьалхара Ӏадат лору, басарийн боди-арт. Карийна цӀен минералан пигменташ (цӀен охра) цуьнан тешалла ду[2], царна йукъахь ду Африкехь Homo sapiens йукъадаларца доьзна бесара къоламаш[3]. Социологан Дюркгейм Эмилан хетарехь[4] ‘говзаллин хьалхара кеп’ лаьттара йеза хӀумнашна тӀе дехкина а, ламаста Ӏадаташ кхочушдечеран догӀмашна тӀехь дехкина а геометрин суьртех, оцу суьрташа шайца дара декъахойн ‘эхь-бехкан марталлин’ хьекъал. Дюркгейм дийцарехь иштта суьрташ дохкура охрица, ‘динехь иза ладаме дара’, цӀий санна[4].

Шира Мисрахь пирӀуна бӀаьргаш кечдар кечвалархьама дацара, дера алмасех ларваларна оьшу атрибут хилла. БӀаьргаш кечдой, мисархоша лохкура дера алмасаш, царна хетара уьш адаман синна чудулу бӀаьргаш чухула олий. Мисархоша коьртахь лело даьттин хаза хьожа йогӀу конусийн, цхьан а кечваларан хьесап дац: тӀуьна а, йовха а климатехь беха, цара иштта маьлхан зӀаьнарех а, сагалматех а шеш лардора. Шира мисархоша шайн чкъор цӀандеш а, кӀаддеш а, маьлхах а, мехах а лардеш хаза хьожа йолу даьттанаш а, хьакхарш а леладора, кхин а дегӀан хьожа къайлайаккха а леладора[5].

Ширачу заманахь дуьйна басарш лелийна ГӀажарчохь. Кайял – ГӀажарийн имперехь шуьйра йаьржина Ӏаьржа хӀур йу. Иза лелайора подар меттана йа бӀаьргаш тӀеттӀадалош лелийна[6].

Шира Руман бахархошна дика йовзара макияжан говзалла. Цара жигара лелабора kohl (къора) бӀаьрг-негӀаршна басар меттана, фукус (focus), коьртаниг, цӀечу бесара, — беснешна а, балдашна а, балозмесаш дӀайоху гӀирс меттана, мекхан дама а, даьтта а — сурхаш дӀайохуш, ткъа аьлха олу тӀулг — цергаш кӀайн йеш. Цара месаш басар йеш хила Ӏаьржа йа кӀайн басахь, модане хьаьжжина.


Куц кечдаран гӀирс санна таханлерачу кхетамера басарш йукъадевлла цхьа эзар ах эзар шо хьалха: шира желтоша карладехира йуьхь кечйаран ширамисран ламасташ, амма цхьа дахаран ладаме хӀума санна дацара, ткъа деккъа эстетикин Ӏалашонна дара. Вайн эрал хьалхара IV бӀешарахь желтоша дегӀан тӀера месаш дӀайохура, тӀеттӀадаладора цӀоцкъамаш, йаххьаш тӀе кӀайн бесара кӀадалаш дохкура, балдашна басарш хьокхура, цергаш цӀанйора,сегӀаз Ӏовшура, месаш дешийн беса йора. Минойн фрескашка, пхьегӀашка, декоран хӀумнашка, хьаьжча кхета тарло, оцу муьран зударша басар шуьйра лелийна хиларх: балдашна цӀен басар, йаххьашна кӀайн, бӀаьргашна Ӏаьржа. Кхин а лелийна дуькъа цӀоцкъамаш дохуш башха пинцеташ[7]. Царна тӀаьххье къин къаьмнаш дуьйладелира куц кечдан. ХӀинца вай оцу хьесапах «макияж» йа «декоративан басарш хьакхар олу[8].

Йуккъера бӀешерийн муьрехь Европехь мода йара беда йаххьаш лелош. Арахь болх бан ца беза хьал долу наха, билгалдоккхура йаххьийн беда бесан беркате хьал. Испанин кхахьпанаша, йаххьа ровзанан беса басара йора, цуьнца гойтура лакхарчу йукъараллера беда зударех шеш къастар. XIII бӀешарахь паччахьан тайпана зударша леладора ровзанан бесара басар, шеш лакхарчу паччахьан тайпана хилар гойтуш.

Дийнаташна тӀехь йен тесташ

бӀаьра нисйан

ТӀаьхьарчу шерашкахь басарийн сурсаташ дийнаташна тӀаьхь зиерах гӀуон тренд хуьлуш йу. Оцу зиерашна йукъадогӀу йукъара дӀаьвшалла, бӀаьргашна а, чкъоьранна а хьар дар, фотодӀевшалла (ультрафиолетан серлоно дина дӀевшалла), мутагенналла[9]. Дийнаташна тӀехь зиеран этикин баланаш бахьнехь, цхьацца мехкаша законаш тӀеэцна дийнаташна тӀехь зиеран дуьхьала. 2009 шеран декабрехь Европин парламенто а, Кхеташоно а тӀеэцна басарех лаьцна ЕБ регламент 1223/2009 — законо, нисйо ЕБ басарийн промышленность. ЕБ 1223/2009 сацам лела баьлла 2013 шеран 11 июлехь[10]. 2013 шеран мартехь ЕБ дийнаташна тӀехь зийна ингридиенташ йолубасарш импорт дан а, дохка а[11].

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Ожегов С. И. Толковый словарь русского языка / Шведова Н. Ю.. — М.: А ТЕМП, 2008. — 944 с. — ISBN 978-5-990-03586-7.
  2. Watts, Ian. Red ochre, body painting, and language:interpreting the Blombos ochre (en) // Oxford University Press / Rudolf Botha, Chris Knight. — 2009. — January. — P. 62–92.
  3. Camilla Power. Cosmetics, Identity and Consciousness (en) // University of East London Journal of Consciousness Studies. — July 2010. — No. 7—8. Архивйина 2021  шеран  30 мартехь.
  4. 1 2 Emile Durkheim. Moral education(ингалс.). — New York: Free Press of Glencoe, 1961. — P. 148-161 (236). — 283 p.
  5. History of cosmetics (инг.). https://cosmeticseurope.eu. Cosmetics Europe (2020). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 11 май. Архивйина 2020 шеран 12 майхь
  6. Oumeish Youssef Oumeish. The cultural and philosophical concepts of cosmetics in beauty and art through the medical history of mankind (en) // Elsevier Science Inc Clinics in Dermatology. — 2001. — July. — P. 375—386. Архивйина 2020  шеран  30 декабрехь.
  7. Анна Кофу. Крит / Христиана Г. Христополу. — Афины, Греция: Ekdotike Athenon S.A., 2006. — С. 54. — 296 с. — ISBN 960-213-432-1.
  8. Н. Виноградова, Л. Голан. Формула совершенства (Paperback). — США: AND Group, 2006. — ISBN 978-1-4303-0772-3.
  9. Hope R. Ferdowsian, Nancy Beck. Ethical and Scientific Considerations Regarding Animal Testing and Research (en) // PLoS ONE. — 2011-09-07. — Vol. 6, iss. 9. — ISSN 1932-6203. — DOI:10.1371/journal.pone.0024059. Архивйина 2020  шеран  30 ноябрехь.
  10. The European Parliament and the Council of the European Union. Regulation (ec) no 1223/2009 of the European parliament and of the council of 30 November 2009 on cosmetic products. Official Journal of the European Union (2009 шеран 22 декабрь). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 15 октябрь. Архивйина 2019 шеран 13 майхь
  11. Kanter, James (2013-03-11). "E.U. Bans Cosmetics With Animal-Tested Ingredients (Published 2013)". The New York Times(ингалс.). 0362-4331. Архивировано 2019 ш. 09 майхь. ТӀекхачаран де: 2020 ш. 15 октябрехь.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Косметика // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  • Косметика // Краткая энциклопедия домашнего хозяйства. Том 1 / Отв. ред. А.И. Ревин. — М.: Большая советская энциклопедия, 1959. — С. 287.
  • Косметические товары // Товарный словарь. Том 4 / Гл. ред. И.А. Пугачёв. — М.: Госторгиздат, 1958. — Стб. 245—247
  • Фридман Р.А. Косметика // Парфюмерия и косметика. — М.: Пищевая промышленность, 1968. — С. 49—189.
  • Кольгуненко И. И. Косметика для всех. М., 1965
  • Справочник по косметике / Под ред. М. А. Розентула. М., 1964
  • Сэнди Скотницки, Кристофер Шульган. Бьюти-минимализм. Чем опасен гиперуход за кожей и что делать, чтобы не навредить себе = Dr. Sandy Skotnicki, Christopher Shulgan. Beyond Soap: The Real Truth About What You Are Doing to Your Skin and How to Fix It for a Beautiful, Healthy Glow / пер. с англ. Анна Власюк. — М.: Альпина Паблишер, 2021. — 334 с. — ISBN 978-5-9614-3238-1..