Басие — хӀордан а, океанийн а бух тӀехь хуьлу рельефкхуллу процессий белхо ден лаьттан таьӀна дакъа.

Ӏункаре 33° йолу басие.
Ламанан басиенаш.

Рельефкхуллу хьесапаш декъало эндогенан (меллаша йа сихха, мохкбегоран тӀекхаччалц, лаьттан тӀехало сеттош, тӀапломалла) а, экзогенан (эркан а, басиен а эрози, абрази, карст, охьахишар, дохар, кхин дерш).

Басиенийн амал билгалйоккху уьш кхоьллина породийн хӀоттамца а, лаьттах йахкарца а, меттиган абсолютан а, дустараллин а локхаллашца а, уьш шайн рогӀехь йозу климатах, атмосферин йочанаш эхаран барамах а, эвсараллех а, ораматийн башхаллех, гӀоролаш а, кхин Ӏаламан кхачонан компонентех, басиенийн экспозицех (Дуьненан агӀонашка хьаьжна латтар), алсама лаьтта мехех, адаман Ӏаткъамех.

Басиенийн ладаме амал йу Ӏункаралла. Лаьмнашкахь алсама йу, Ӏункаре басиенаш, нисса Ӏункаре (90°) йолчаьрга кхаччалц, вукха агӀор таьӀна тӀекхозурш а йу — бердаш, аренашкахь — басиенаш легӀана (5° лахара) а, йуккъера Ӏункаралла йолуш а йу. Шайн эволюцехь гравитацин ницкъийн Ӏаткъам бахьнехь тӀаьхь-тӀаьхьа алсама легӀана хуьлу, лахло.

Басиенийн куьцаш декъало:

  • ниссанаш — хьала-охьу (кхозу) а, таьӀна а;
  • чутаьӀнаш — лакхара дакъа Ӏункара, лахара алсама легӀана;
  • хьаласеттина — лакхара дакъа легӀана, лахахь тӀаьхь-тӀаьхьа Ӏункаралла тӀекхета;
  • тӀегӀанан — пурхенан аса чолхе йина цхьамма йа масийттамма кагйелла меттиго;
  • чолхе.

Къастайо басенийн лахара кепаш:

  • Материкан басиематерикан хин бухалара йистан коьрта дакъалгех цхьаъ. Лаьтта шельфан а, материкан кӀажин а йуккъехь. Шельфца а, океанан бухца а дуьстича, амалехь ду алсама Ӏункара тӀехалонаш хилар (йуккъера барам 4° гергга, кӀезиг ца хуьлу 15-20°, 40° кхаччалц) а, дика чолхе рельеф хилар а.
  • Хин бухалара бердан басие —тулгӀенийн а, леламан а Ӏаткъамо йохайеш, бердах кхета, хӀордан буххан бердйистера аса.
  • Охьадоьду хин Ӏинан басие — лахахь басиен кӀажо, лакхахь цуьнан йисто доза дина тогӀин айало дакъа.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
 
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «басие»

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан