Башлам
Башлам (гуьрж. მყინვარწვერი; хӀир. Сӕнайы хох; гӀалгӀ. Бешлоамкорта) — потенциалан жигара[3] стратотӀаплам[4], Кавказан уггаре малхбалера пхи эзар метр лекхьа лам, Балтикин локхаллин системица локхалла 5033,8 м[1]. Лаьтта Йуккъера Кавказан малхбален декъехь, Российн а, Гуьржийчоьнан а дозанехь, Хохан дукъан малхбален декъехь[5]. ТӀаьххьара Ӏаьттийна вайн эрал 650 шо хьалха[4]
Башлам | |
---|---|
гуьрж. მყინვარწვერი, хӀир. Сӕнайы хох, гӀалгӀ. Бешлоамкорта | |
Амалш | |
ТӀапламан форма | СтратотӀаплам |
Кхолла белла хан | 450 эз. шо |
ТӀаьххьара хьалатохар | Вайн эрал 650 шо хьалха ± 50 шо |
Бохьан локхалла | |
Абсолютан локхалла | 5033,8[1] м |
Дустараллин локхалла | 2373 метр[2] |
Дуьххьара лам тӀебовлар | 1868 шо (Фрешфильд[en], Мур, Девуассу[fr], Такер) |
Лаьтта меттиг | |
42°42′00″ къ. ш. 44°31′00″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкхаш | |
Регион | Мцхета-Мтианети |
Лаьмнийн система | Кавказан лаьмнаш |
Дукъ а, ламанан акъари а | Хохан дукъ |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Ломан йуххехула чекхболуш бу ТӀеман-Гуьржийн некъ[6]. Башлам басахь Теркан чӀаж йолчу агӀора (3600 м) йу метеостанци (болх беш йоцу), цуьнан цхьадолчу декъах йина лаппагӀа[7].
Ломан гергахула чекхболу ТӀеман-Гуьржийн некъ[6]. Теркан чӀаж агӀор Башломан басехь, 3600 м лакхахь лаьтта метеостанци (болхбеш йац), цуьнан декъах лаппагӀа дина[8].
ЦӀе
бӀаьра нисйанХӀора меттигера къоман Башломан шен-шен цӀе йу. Нохчийн маттахь Башлам «беша лам» боху маьӀна ду, йа туьркашкара тӀеэцша «баш» - корта, коьрта лам хуьлу.
Ломан цӀарах лаьцна талламхочо В. А. Никоновс йаздина:
«XIX бӀешо долалуш ломан кӀажехь йолу эвла Казбек-элан долахь йара, цуьнан цӀарах йу Казбеги- Эвла, эвлан цӀарах оьрсаша тӀеэцна ломан цӀе.»[9].
Гуьржийн цӀе йу — Мкинварцвери (я доца Мкинвари) цуьнан маьӀна ду «шен бохь болу лам» йа «шен бохь». ХӀирийн маттахь йолу — Урсхох цӀе — ма-дарра аьлча «кӀайн лам» бохург ду[10][11]. ГӀалгӀайн цу цӀеран маьӀна ду — Баш-лоам «бешаш болу лам».
Тера ойла йу А. В. Твёрдыйн, цуо лору, тӀапломан цӀе кхаьчна гуьржийн урхалчин Кази-бекан цӀарах[12] йа хӀирийн элин Казбекан цӀарах[13]. Амма тӀаьхьарчо даладо Л. Г. Цагаевин хетарг — цуо лору, ломан цӀеран бух туьрк. орамашкара бу хъаз — кхазакхийн этнонимах «аз» а, бег — туьркийн географин терминах бейек, иза гочдо «локхалла» олий. А. В. Суперанскаян хетарехь, топоним Казбек йерриг гуонахьара меттиган йогӀу, цунна йукъахь Казбеги эвла а. Иза йоьзна хила тарло каз — бусалбанийн суьдхочун цӀе билгалйаккхар а, бек — эла; йа, А. В. Твёрдыйс санна, цуо йоьхку Казбек цӀе «ца вевза» элаца Казибекаца[14].
Гуьржийн цӀе — гуьрж. მყინვარწვერი — Мкинварцвери (йа მყინვარი — Мкинвари), гочдо «шенан бохь болу лам» йа «шенан бохь»[15]. Башломан хӀирийн цӀерах цхьаъ — Урсхох — маьӀна «кӀайн лам»[16][17]. Иштта историн агӀор Башломан гергахь баьхна гӀалгӀаша цунах олу «Бешлоамкорта», нохчийн мате даьккхича «беша ломан бохь»[18]. Кхин а цӀе йу саьрмак бижийна корта (Далгат У.Б. Героический эпос чеченцев и ингушей. — Москва: Наука, 1972.)</ref>. ГӀебартойн цӀе: Къазбэч (халкъехь йевза кхин цӀераш, масала, «Бралыч» а, «Ӏуашъхьэмахуэ цӏыкӏу» — «Жима Эльбрус»)[19].
Хьалабовларан а, талларан а истори
бӀаьра нисйанЕвропин альпинизман исторехь хууш долу дуьххьара Башломан бохь тӀе валар, хилла 1868 шарахь 23 шо долу ингалсхочун Д. Фрешфильдан, Туккеран, А. У. Муран (къилба-малхбален басехула). В. А. Поттоца[20] хьалакхаьчна 1868 шеран 18 июнехь. Ингалсхошна некъ гойтуш вара ламанан кӀажошкахь йолу Гелат эвлара виъ гӀалгӀай. Царна йукъахь вара Бузуртанов Цхьогал, Янин а, Ӏисакъан а да — 1917 шо кхачале уьш бара Башлам тӀе а, Девдоракан шалам тӀе а Оьрсийн географин йукъараллин официалан некъ гойтуш берш[21][22]. ГӀалгӀайн а, гуьржийн а дийцаршкахь, Цхьогалан да — Иосиф, «хьехашна таллархо» вара, иза ву дуьххьара Башлам боьххье ваьлларг[23].
Дуьххьара Башлам тӀе хьалаваьлла оьрсийн талламча лору лаьмнаш тӀевуьйлу В. Козьмин. Цунна некъ гойтург иштта Бузуртанов Цхьогал хилла, цунах лаьцна Козьмина йаздина ша хьалаваларех газетан тӀехь йаздина шен «Кавказ» дийцарехь. Козьмина кхин а хьахадо, Бузуртанов Цхьогала а, цуьнан тобано а Фрешфильд 1868 шарахь Башлам тӀе хьалаволуш, цунна а гӀо дина олий[21][22].
Дуьххьара Башлам тӀе хьала а ваьлла, цигахь геологин а, метеорологин а талламаш бинарг хила оьрсийн геодезист А. В. Пастухов (1889 шарахь, Майли шаломан къилбаседехьа). Цуьнца боьххье кхаьчна 60 шо долу новкъахо хӀири Царахов Тепсаркъа. Талламчаш бохь тӀе цӀен байракх тоьхнера, декхначу дийнахь иза гора БуритӀехь.
1889 шарахь хьалабевлла ингалс-немцой: немцойн альпинист Вулли шина новкъахочунца Фишерца а, Маурерца а, ингалсхой Джосси а, Кауфманн (Wolly, Andreas Fisher, Kaspar Maurer, Christian Iossi, Iohann Kauffman) а. Царна некъ гойтуш вежарий БузуртановгӀар бара, церан цӀераш (масала Йани) хьалабовларх чот йукъайахана, зорбатоьхна «Alpain Journal» журналан тӀехь[24].
1891 шарахь оццу новкъа вахана Готфрид Мерцбахер[25].
1895 шарахь-полковник Ерофеев а, Эм. Штебер а чекхбевлира къилбаседа-малхбален новкъахула, некъ гойтуш бара Гелатера гӀалгӀай вежарий БузуртановгӀар Муса, Йани, Ӏисакъ[21][26].
1897 шарахь — Moritz von Dechy, Mozer, Reschak Бузуртанов Мусаца хьалабевлла[27].
1898 шарахь — «Десулави, Бузуртанов Ӏисакъ (шолгӀа) — къилбаседа-малхбален некъ»[26].
1899 шарахь — А. Сипягин, И. Красногорский, Бузуртанов Ӏисакъ, Хуциев Лалай[26].
1901 шарахь (июль) — студенташ Касперович а, Козловский[26] а.
1901 шарахь (август) — М. П. Преображенская, Бузуртанов Ӏисакъ къилбаседа-малхбален новкъа[26].
1902 шарахь (12 август) — М. П. Преображенская, Бузуртанов Йани[26].
1902 шарахь (26 август) — студент Демокитов, Бузуртанов Ӏисакъ[26].
1902 шарахь (сентябрь) — Бузуртанов Ӏисакъ ша[26].
Талламбар
бӀаьра нисйанШалаьмнаш
бӀаьра нисйанБашламан ламанан акъари тӀехула массо агӀора бу нуьцкъала лилхина шалаьмнаш:
- Гергети — къилба-малхбалехьа,
- Чач — къилбаседехьа,
- Девдорак — къилбаседа-малхбалехьа,
- Абано — малхбалехьа,
- Майли (Геналдонан чӀаж, цуна кхий йолу цӀе Кармадонан чӀаж Майлийчан акъари) — къилбаседа-малхбузехьа[28].
Сийлахь меттигаш
бӀаьра нисйанБашломаца уьйр йолуш дукха шира легендаш а, сийлаллаш а йу. 3800 м гергга лакхахь 80 метр лекха тархийн пенаца хьех чохь йу шира гуьржийн килс Бетлеми (Вифлеем). «Картлис Цховреба» тептарца, оцу килсехь латтайора йеза хӀумнаш а, килсан хазна а, ширачу заманахь мозгӀарш хьалабовлура оьллинчу эчиган зӀенаца. Делам лаамца Бетлеман килс чуваьллачу Сийлахь Иосифан тешаллашца, Паччахь Ираклийн ИбрахӀиман четаран кийсиг йелира.
Башлам йукъ хилла меттигера ламанхоша поэтин байташ йохуш, дийцарш а, легендаш а дуьйцуш дерриг далун делех а турпалхойх а. Иштта, хьалха гуьржийн бӀаьргаш чохь Башлам керстачеран йеза меттиг хилла. ГӀалгӀаша хӀора шарахь сагӀанаш дохьура шайн тъекъархой деланашна Башломан гергга. Ша «корта» — Башломан лайн боххьо — ловзайора ладаме роль ламанхойн синмехаллин кхоллараллехь.
ГӀалгӀаша, Гелат эвлан бахархоша, хӀора шарахь сагӀа дара шайн тӀекъархой деланашна Башломан улле. Гелатхой тешарца, боьххьехь лаьтта къайлаха хьех, цунна чохь Ӏуьллу деланаша тархаш тӀе дӀатесна жима стаг Куркъа, иза гӀоьртина стиглара адамашна цӀе лачкъо. Цуо узарш до лазарна, хӀунда аьлча гӀира олхазаро зӀок йетта цуьнан дагтӀе.
Хевин (Башломан тӀелетта лаьтта Гуьржийчоьнанисторин область) коьрта хазна а йу, уьнан сийлалла йу Троицкан килс лам тӀехь Гергети эвлана тӀехула, иза дакъа ду Казбеги посёлкан, хӀинца цунах олу Степанцминда, цигахь цхьаьна хенахь Ӏалашйора Гуьржийчоь серлайаьккхинчу (IV бӀешо) сийлахь Нинон жӀар. Килс исбаьхьа лаьтта Башломан фон тӀехь, нисса Степанцминда посёлкана. И килс Сийлахь Кхаанна лерина йелахь а, цуьнан коьрта Ӏида лору Марьйаман Успенин де — 28 август.
4100 м гергга лакхахь йу шира хьехан монастыран комплекс Бетлеми. 3675 м лакхахь лаьтта метеостанцин шира гӀишло, хӀинца иза лелайо альпинистийн садоӀийла санна. Мелла а метеостанцел лакхахь Башламан коьрте новкъа, 3900 м гергга лакхахь лаьтта хӀокху заманан жима зугӀар.
Хиламаш
бӀаьра нисйанОьздангаллехь
бӀаьра нисйанСталин Иосифа «Батте» байтахь, зорба тоьхна «Ивери» газетахь (1895 шеран 11 октябрера № 218), хестабо Башлам, кхойкху Батте[29]:
Набарх латта тӀехула баьржина, |
Топографин карташ
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Лист карты K-38-42 Тарское. Масштаб: 1 : 100 000. Состояние местности на 1984 год. Издание 1988 г.
- ↑ https://www.peakbagger.com/peak.aspx?pid=10424
- ↑ Лебедев В.А., Вашакидзе Г.Т. Четвертичные вулканы Большого Кавказа и их каталогизация на основе геохронологических, вулканологических и изотопно-геохимических данных (ru) // Вулканология и сейсмология : научный журнал. — М.: ИВиС ДВО РАН, 2014. — № 2. — С. 39. — ISSN 0203-0306. — DOI:10.7868/S0203030614020047. Архивйина 2019 шеран 27 апрелехь.
- ↑ 1 2 Kazbek(ингалс.) Смитсонийн институтан сайт тӀехь Global Volcanism Program
- ↑ Казбек // Словарь современных географических названий / Рус. геогр. о-во. Моск. центр; Под общ. ред. акад. В. М. Котлякова. Институт географии РАН. — Екатеринбург: У-Фактория, 2006.
- ↑ 1 2 Масальский В. И. Казбек, гора // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ Ольга Неподоба. Незаслуженно забытая Грузия . Газета «Вольный ветер», № 66, октябрь 2004 года. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 6 апрель. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
- ↑ Ольга Неподоба. Незаслуженно забытая Гуьржийчоь . Газета «Вольный ветер» (2006 шеран октябрь). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 6 апрель. Архивйина 2010 шеран 9 апрелехь
- ↑ Никонов В. А. Краткий топонимический словарь.. — М., 1966. — С. 167.
- ↑ Казбек // Словарь современных географических названий / под общ. ред. В. М. Котлякова. — Екатеринбург: У-Фактория, 2006.
- ↑ Казбек - Географический словарь
- ↑ Твёрдый, А. В. Кавказ в именах, названиях, легендах. — Краснодар, 2008. — С. 111. — 285 с. (Архивйина 2019 шеран 27 августехь).
- ↑ Кумахов М. А. Адыгская (черкесская) энциклопедия. — Москва: ФОНД им. Б. Х. Акбашева, 2006. — С. 401. — 1066 с. — ISBN 5-99003-371-0.
- ↑ Суперанская, А. В. Имя-через века и страны / Отв. ред. Э. М. Мурзаев. — издание второе, исправленное. — М. : Издательство ЛКИ, 2007. — С. 116—117. — 192 с. — ISBN 978-5-382-00278-1.
- ↑ Инструкция по русской передаче географических названий Грузинской ССР. — М., 1972. — С. 9.
- ↑ Казбек // Словарь современных географических названий / под общ. ред. В. М. Котлякова. — Екатеринбург: У-Фактория, 2006.
- ↑ Казбек — Географический словарь . ТӀекхочу дата: 2016 шеран 31 декабрь. Архивйина 2017 шеран 1 январехь
- ↑ См. Хроника покорения горы Казбек, 2021. Кхин варианташ а лелайо: Бешлоам-корта, Башлоамкорта/Башлоам-корта; йацйина вариант — Бешлоам/Башлоам.
- ↑ Кумахов М. А. Адыгская (черкесская) энциклопедия. — Москва: ФОНД им. Б. Х. Акбашева, 2006. — ISBN 5-99003-371-0.
- ↑ Кавказская война в отдельных очерках, эпизодах, легендах и биографиях Архивйина 2018-03-26 — Wayback Machine: в 5 томах. (2-е изд.) (СПб., 1887—1889)
- ↑ 1 2 3 Сипягин В. Краткий очерк истории восхождений на гору Казбек. — "Записки горного клуба" №3,4. — 1901.
- ↑ 1 2 Козьмин В. "Восхождение на Казбек". — 1873.
- ↑ Хроника покорения горы Казбек, 2021.
- ↑ Andreas Fisher. Zwei Kaukasus-Expedition. — Berlin, 1891.
- ↑ Сергей Анисимов Кавказский Край путеводитель. М-Л.: ГИЗ, 1927
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 Дубянский В. Восхождение на Казбек // ИКОИРГО. — 1909.
- ↑ Sacsh H., Mikules W. Vom Roten Moskau auf Weissen Kasbek. — Berlin, 1924.
- ↑ Со всего массива Казбека спускаются во все стороны сильно разорванные мощные ледники: ...
- ↑ 1 2 ჯუღაშვილი ი. ბ. მთვარეს (ka) // ივერია : გაზეთი. — თბილისი, 1895. — 11 ოქტომბრის (ნომ. 218). — გვ. 1.
Литература
бӀаьра нисйан- Гурбанов А. Г., Газеев В. М., Лексин А. Б., Докучаев А. Я., Цуканова Л. Е. Динамика теплового поля в контурах аномалии в верховье долины р. Геналдон по данным наземных термодатчиков // Вестник Владикавказского научного центра. — 2012. — Т. 12, № 3. — С. 13—19.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Казбек(ингалс.) Смитсонийн институтан сайт тӀехь Global Volcanism Program
- Peakbagger.com
- Альпинистский маршрут восхождения на Казбек с территории России
- Студия «Koms», ГНТРК «Ингушетия». Хроника покорения горы Казбек. Бузуртановы из Гвилети. («Заманхо» выпуск №1 НТРК «Ингушетия») (2021 шеран 19 февраль). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 24 октябрь.