Хьасан ибн Ӏалий

Мухьаммад пайхамаран ﷺ йоӀан кӀант, Ӏалий ибн Абу ТӀалибан а, ФатӀиматан а кӀант, Рашидун халифех пхоьалгӀаниг а
(Хьасан бин Ӏели тӀера хьажжина кхуза)

Абу Мухьаммад аль-Хьасан ибн Ӏали́й ибн Абу ТӀа́либ аль-ХӀа́шими аль-Къураши́й (Ӏаьр. أَبُو مُحَمَّدٍ ٱلْحَسَنُ بْنُ عَلِيِّ بْنِ أَبِي طَالِبٍ ٱلْهَاشِمِيُّ ٱلْقُرَشِيُّ‎‎; 625 шеран 1 март, Мадинат, Хьижаз[1]669[2][3][…], Мадинат, Хьижаз, Умавийн халифат[d]) — иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ йоӀан кӀант а, сахьаби а, суннатхошна гергахь Рашидун халифех пхоьалгӀаниг а, шиӀашна гергахь шолгӀа имам а ву. Цунна харц цӀе тиллина Мухьаммад пайхамаро ﷺ «Йалсаманин бахархойн кегийрхойн эла» аьлла, цо аьлла: «Хьасан а, Хьусайн а — йалсаманин бахархойн кегийрхойн ши эла ву». Кхолларан дайх воьалгӀаниг ву иза.

Хьасан ибн Ӏалий
Ӏаьр. الحسن بن علي‎‎
Абу Мухьаммад, сибтӀу расулиллахӀи вахьафидухӀу варайхьанатухӀ, саййиду шабаби ахӀлил-жаннат
Вина терахь 625 шеран 4 март({{padleft:625|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:4|2|0}})
Вина меттиг Мадинат, Хьижаз
Кхелхина терахь 670 шеран 9 март({{padleft:670|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) (45 шо)
Кхелхина меттиг Мадинат, Хьижаз, Умавийн халифат
ДӀавоьллина меттиг Аль-БакъийӀ
Да Ӏалий ибн Абу ТӀалиб
Нана ФатӀимат аз-ЗахӀраъ
Зуда Умм Исхьакъ бинт ТӀалхьат[d], Хавлат бинт Манзур[d], ЖаӀдат бинт аль-АшӀас[d]
Динлелор ислам

Иза дуьнен чу ваьлла хӀижрин 3-чу шеран рамазан баттахь. Иза Мухьаммад пайхамарна ﷺ чӀогӀа дукхавезаш хилла, цо олура: «Везан Дела, суна дукхавеза-кх иза, Хьайна а везийта иза»[4]. Ламазан хенашкахь шеца маьждиге а вуьгура цо иза, тӀаккха нахаца ламаз а дора цо, пайхамар сужде вахча цуьнан букъ тӀе хаара иза, цо шен коьшкала хаа а вора иза, барт а боккхура, хьаста а хьостура, шен голашна тӀе а хаавой цунна рукъят а доьшура, цунна хьанал дерг а, хьарам дерг а Ӏамадаре терра. Цуьнан деда Мухьаммад пайхамар ﷺ дӀакхелхира 632-чу шарахь, иштта цуьнан нана ФатӀимат а цхьана шарчохь. Хьасана жихӀад деш дакъалаьцна Ӏусман халифан заманахь. Цо дакъалаьцна Африка йаккхарехь а, ТӀабаристан а, Горган а йаккхарехь а, Эмкалан тӀамехь а, Сиффийн тӀамехь а.

Хьосташ нисйе бӀаьра

  1. Encyclopædia Britannica (инг.): a dictionary of arts, sciences, literature and general information / H. Chisholm — 11 — New York, Cambridge, England: University Press, 1911.
  2. Али-заде А. Хасан ибн Али // Исламский энциклопедический словарьМ.: Ансар, 2007. — ISBN 978-5-98443-025-8
  3. Hassan // (unspecified title)
  4. صحيح البخاري، كتاب اللباس، باب السخاب للصبيان، حديث رقم 5545