Бераххилар[1] йа Пхоралла[2] — шен организмехь хийцамаш цхьаьна хуьлуш зудчо бер кийрахь лелоран процесс[3]. Цунна йукъахь бу стеллин пхардар тӀера бер даллалц болу мур[4]. Зуда берах йолучу заманахь, цуьнан организмехь хуьлу ладаме анатомин а, физиологин а хийцамаш, уьш хьовсийна йу бер кхио а, йуург латто а, цуо дегӀан хӀора меже хьайо[5].

Бераххилар
Специализаци[en] Акушералла
Дохалла 9 бутт гергга
Пхораллин 26 а, 40 а кӀира кхаьчна зуда
Адаман эмбрион (8 кӀира)

Пхьорах хиллачул тӀаьхьа иза лаьтта йуккъера барам 9 бутт гергга (266—270 де), йисттера хан 250—285 де[3]. Берах хиларан билггала терахь хаа ца ло дела, хила тарло терахь билгалдоккху иштта: тӀаьххьара цӀано йохаран циклан хьалхарчу денна тӀетуху 7 де (керла Зирхан фолликул кхиаран йуьхьиг) тӀера кхаьчначу терхьан тӀера багарбо 9 бутт[3] (Негелен бакъо)[6]. Кийрахь бер дуьззина кхуьу тӀаьххьарчу цӀано йохаран циклан хьалхара денна тӀера 221-гӀачу дийнахь[3]. 50 % меттигашкахь бер до бер даран хила тарло терхьанна тӀера ±7 де, 95 % меттигашкахь — ±14 де[3].

Бераххилар нисло беран цӀийнан турбин чохь стен зирх эрасалхаца а, стен-боьршаллин клеткашца а ийча, цул тӀехьа кхоллало, шена чохь 46 хромосома йолу, зигота. Хин долчу беран стен-боьршалла доза стен-боьршаллин хромосомаш (XX йа XY) вовшахкхетарех, цу тӀе Стеллин зирх даиман а бу X-хромосомаш лелориг, ткъа эрасалхаш — X- йа Y-хромосомаш (йукъаметтиг 1:1). Ишттачу кепара, хин долчу беран стен-боьршалла билгалйоккху нисса стен-боьршаллин хромосомица, иза лелориг йу эрасалх (нагахь X-хромосомаш йелахь — зудабер дийр ду, ткъа Y-хромосомаш йелахь — кӀант вийр ву)[7]. Клеткаш йекъайалар бахьнехь кхоллало бластоциста, иза ворхӀ де-буьйса даьлча беран цӀенна пенаш тӀелета. Бераххиларан хьалхарчу кхаа баттахь йохку кийрарчу беран меженаш, 12-гӀа кӀира чекхдолуш дуьззина кхоллало цӀа. Цунна чухула кийрарчу беранна йуург йогӀу, йиинарг ара а йоккху.

Акушераллехь физиологин а, патологин а бераххилар къастадо. Нормехь муьлхха а бераххилар доьрзу дахкаран актца — дуьненна тӀедолу бер, ткъа масех бераххиларехьшала бераш (гомозиготан — тера йа гетерозиготан — тера доцуш)[8][9].

Бераххиларан план хӀоттор

бӀаьра нисйан

Доьзална план хӀоттор иза дешаран, комплексан медицинин йа социалан гӀуллакх ду, цуо цхьацца нахана таро ло, царна йукъахь кхиина бовланза берш а, паргӀата билгалбаккха барам а, бераш дарна йолу йукъаметтигера хан а.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. А.Исмаилов, "Дош", русско-чеченский словарь, Грозный, 2009, стр.35
  2. А.Исмаилов, "Дош", русско-чеченский словарь, Грозный, 2009, стр.260
  3. 1 2 3 4 5 Huffman, John W. Pregnancy (инг.). Encyclopedia Britannica (2020 шеран 7 февраль). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 8 август. Архивйина 2022 шеран 8 августехь
  4. Беременность // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  5. Priya Soma-Pillay, Catherine Nelson-Piercy, Heli Tolppanen, Alexandre Mebazaa. Physiological changes in pregnancy (en) // Cardiovascular Journal of Africa. — 2016. — March (vol. 27, iss. 2). — P. 89–94. — ISSN 1680-0745. — DOI:10.5830/CVJA-2016-021. — PMID 27213856. Архивйина 2022  шеран  28 августехь.
  6. Gerald Wightman Lawson. Naegele's rule and the length of pregnancy - A review // The Australian & New Zealand Journal of Obstetrics & Gynaecology. — 2021-04. — Т. 61, вып. 2. — С. 177–182. — ISSN 1479-828X. — DOI:10.1111/ajo.13253. — PMID 33079400. Архивйина 2022  шеран  28 августехь.
  7. Вихляева Е. М., Кулаков В. И., Серов В. Н. и др. Под ред. Г. М. Савельевой. Справочник по акушерству и гинекологии. — 1. — М.: Медицина, 1992. — С. 8—108. — 352 с. — (Справочное издание). — 50 000 экз. — ISBN 5-225-02599-4.
  8. Акушерство: национальное руководство / Под ред. Э. К. Айламазяна, В. И. Кулакова, В. Е. Радзинского, Г. М. Савельевой // М.: ГЭОТАР-Медиа, 2013. — 1200 с. ISBN 978-5-9704-2334-9. С. 99-100.
  9. Акушерство / Под ред. С. Н. Занько, Л. Е. Радецкой // Минск: Вышэйшая школа, 2013. — 734 с., ил. ISBN 978-985-06-2171-9. С. 81, 83-86.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
   Классификаци