Гу́мбольдтан цӀарах йолу Берли́нан университе́т (нем. Humboldt-Universität zu Berlin, доцца HU Berlin, лат. Alma Mater Berolinensis) — Берлинан ширачу университетех йеаннах цхьаъ. Кхоьллина 1809 шеран 16 августехь фон Гумбольдт Вильгельма дӀадолорца. 1828 шарахь цӀе йелира Вильгельм Фридрихан университет аьлла пруссин паччахьан Вильгельма III Фридрихан цӀарах, цуьнан пачхьалалла долчу хенахь кхоьллинадела; 1949 шарахь цӀе хийцина Гумбольдт вежарийн цӀарах.

Гу́мбольдтан цӀарах йолу Берли́нан университе́т
(HU Berlin)
сурт
Дацдар HU Berlin
Халкъашна йуккъера цӀе Humboldt University of Berlin
Хьалхара цӀе Friedrich-Wilhelms-Universität zu Berlin
Кхоьллина шо 1810
Тайпа Пачхьалкхан
Президент Сабина Кунст
Студенташ 34 214 (2015—2016 Ӏа)
Лаьтта меттиг Берлин, Германи
Сайт www.hu-berlin.de
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Университетехь дешар дӀадолийна 1810 шарахь, оцу хенахь дӀаэцнера 256 студент. 2008 шарахь уьш хилира 34 612.

XIX бӀешарахь университет йара европин Ӏилманан центрех йаккхийчех цхьаъ.

 
Генрих принцан гIала, Берлинан университетан коьрта гӀишло йу Унтер-ден-Линден тӀехь

Хьохуш дара юристийн, медицинан, философин, теологин факультеташкахь. Ӏаламан Ӏилманаш оцу хенахь философин факультетан дакъа дара. Дуьххьарлера ректор хилира Шмальц Теодор.

Университет кхолла хьалхабевлларш бара оцу хенан гӀарабевлла Ӏилманчаш, уггар хьалха философ Фихте Иоганн Готлиб а, теолог Шлейермахер Фридрих а.

Шлейермахеран ойланийн Ӏаткъамца дипломат а, меттан говзанча а волу фон Гумбольдт Вильгельма кхоьллира университетан концепци. 1809 шарахь февралехь дуьйна Гумбольдт шарахь хилира Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон дешаран декъан хьаькам. Цуьнан Ӏалашо йара керла дешаран система йукъайаккха. Цуьнан концепцин коьрта постулат хилира дешаран а, талламан белхийн а луьста уьйр.

Гумбольдтан ойланашца болу университетан дуьххьарлера профессораш хилира Бёк Август (филологи), Тэер Альбрехт (йуьртбахам), фон Савиньи Карл Фридрих (юриспруденци), Хуфеланд Кристоф Вильгельм (медицина), Риттер Карл (географи).

Университетан елира даьсса лаьтта, 17481766 шерашкахь йина Генрих принцан гIала. Дуккха а йухайина оцу хенахь дуьйна гӀишло, тахана университетан коьрта корпус йу.

Массара а лелош долу Ӏилманаш алсама доллушехь: археологи, филологи, истори, медицина, теологи, университетехь кхуьура дуккха а Ӏаламийн Ӏилманашна йукъара керла Ӏилманийн некъаш. И дика, уггар хьалха, фон Гумбольдт Александрах, университет кхоьллинчун вешех делира. XIX бIешеран шолгӀачу декъехь кхолла болийра керла талламан а, дешаран а кхолламаш. Иштта гӀарабевлла болу химик фон Гофман Август Вильгельм, физик фон Гельмгольц Герман, математикаш Куммер Эрнст Эдуард, Кронекер Леопольд, Вейерштрасс Карл; лоьраш Мюллер Иоганн Петер, фон Грефе Альбрехт, Вирхов Рудольф, Кох Роберт университетан Ӏилманан сий айира Германин генна арахьа а.

ГӀалахь кхоллабелира кхин а университетан йукъабогӀу кхолламаш.

1810 шарахь дӀайиллира университетан медикан-хирургин клиника, тӀаккха 1816 шарахь бердаран цӀа, цунах 1882 шарахь хилира дуьххьарлера зударийн клиника.

Университетан 1810 шарахь дуьйна болу Ӏаламан-историн гуламан 1889 шарахь шайна гӀишло йелира, тахана — Ӏаламдовзаран музей. 1790 шарахь коьллина ветеринарин ишкол хилира ветеринарин медицинан коьрта факультет, ткъа 1881 шарахь кхоьллина Лакхара йуьртбахаман ишкол — йуьртбахаман факультет.

 
ТӀом чекхбаьлча Берлинан университет дӀаеллар. 1946 шеран 29 январь.

Къоман-социализман хан йолаелира Берлинан университетехь жугтех бевлла Ӏилманчашна а, студенташна а диффамаци йеш. Жугтийн профессорийн лекцешка боьлхуш бацара, боьлхучарна ницкъ бора. Режиман тешаме боцу профессораш хьийзабора. Университетан белхалоша а, дешархоша а 1933 шеран 10 майхь жайнаш дагорехь дакъалацар эхь хилира университетан. Цул тӀехьарчу шерашкахь къоман-социалисташ дӀабехира кхоалгӀа дакъа белхалой, дукхаха болу Ӏилманчаш а, студенташ а дӀакъаьстира хьалха гуманистийн центр хиллайолу университетах.

1946 шеран январехь университет йуха дӀайиллира. Дешар дара ворхӀ факультетех гӀеххьа тӀамо йохийначу гӀишлош чохь, цул тӀехьа дӀайиллира экономикин а, педагогикан а факультеташ. 1948 шарахь Малхбуза Берлинехь кхоллаелира Берлинан паргIата университет, цига дехьабевлира Берлинан университетан советийн режиман реза боцу студенташ.

1949 шарахь Берлинан университет Гумбольдтан цӀарах хилира. ГДР уггар йоккхачу университетехь доьшуш вара 1990 шо кхачале 150 эзар гергга студент. Цигахь хьоьхуш бара дуьненна бевзаш болу Ӏилманчаш.

Германи цхьанатоьхначул тӀехьа Берлинехь 4 университет йара. Цунна реформа а йина, университетан некъ хийцира.

1994 шарахь дуьйна университетехь йу цхьайтта факультет а, масех Ӏилманаш йукъара центраш а, институташ а. Университетехь дешар сийлахь хилла, иштта, масала, Ӏаьнан семестрехь абитуриентийн барам хилира 25 750 стаг 3 455 дешаран меттиган. Дешаран корпусаш Берлинан йуккъехь, Адлерсгофехь, Берлинан къилбаседан декъехь йу. 14 % студенташ 100 сов пачхьалкхашкара бу. Дешаран мах 2008—2009 шеран Ӏаьнан семестрехь хилира 242,68 евро, оцу йукъахь новкъан билетан мах а бу.

2006 шарахь университето йолийна он-лайнехь деша дӀаэцаран кехаташ чуэца.

Университет гергарло леладо дуьненан массо а меттигерчу 170 сов Ӏилманан кхолламашца.

Факультеташ

бӀаьра нисйан
 
Университетан коьрта гӀишлон хьалхара Гумбольдт Александран хӀоллам Унтер-ден-Линден тӀиера, 2016
  • юриспруденцин факультет;
  • юьртбахаман а, бошмашлелоран а факультет;
  • математикин а, Ӏаламан Ӏилманийн а (физика, биологи, хими) I факультет;
  • математикин а, Ӏаламан Ӏилманийн а (математика, информатика, психологи, географи) II факультет;
  • Шарите — Берлинера университетан медицинан факультет (Гумбольдтан а, ПаргӀата а университетийн медицинан йукъара факультет);
  • философин (философи, истори, библиотекалелор, информатика, европин этнологи) I факультет;
  • философин (немцойн литературин кафедра, немцойн меттан а, лингвистикан а кафедраш, ингвалсӀамор, америкаӀамор, романӀамор, славянашӀамор, классикан филологи, Къилбаседа Европин институт) II факультет;
  • философин (йукъараллин Ӏилманаш, Азех а, Африкех а лаьцна Ӏилманаш, оьздангаллаӀамор, исбаьхьаллаӀамор) III факультет;
  • философин (педагогика, реабилитаци, спортан Ӏилманаш, дешаран системера дика Ӏамор) IV факультет;
  • динӀаморан факультет;
  • экономикин Ӏилманийн факультет.

Центран институташ

бӀаьра нисйан
  • ӀаламӀаморан музей
  • Йоккхабританин центр

Ӏилманийн йукъара центраш

бӀаьра нисйан
  • Гельмгольц Германан цӀарах технологин центр;
  • Биофизикин а, биоинформатикан а центр;
  • Прикладан статистикин а, экономикин а центр;
  • Бёкл Августан цӀарах антикан дуьненан оьздангаллин центр;
  • Инфекцин биологин а, иммунитетан а центр;
  • Зиммель Георга цӀарах метрополеш талларан центр;
  • Меттан мах Ӏаморан центр
  • Стен-боьршаллин трансдисциплинаран центр.

Кхин чӀагӀдарш

бӀаьра нисйан
  • Меттан центр;
  • Университетан библиотека;
  • Мультимедийн центр;
  • Спортан центр.

Университетан гуламаш

бӀаьра нисйан

Университетан Ӏилманан гуламаш 35 сов миллион экспонат йолуш бу, уггар лоруш бу немцой мотт буьйцучу пачхьалкхашкахь. Уьш кхоллар 1700 шарахь хилла, Пруссин Ӏилманан Академи кхоьлличхьа. 1810 шарахь оцу а, кхечу а Ӏилманан гуламийн цхьа дакъа дӀаделира университетан.

100 сов гуламех уггар боккханиг ӀаламӀаморехь берг бу 30 миллион экспонат йолуш, 1889 шарахь кхоьллинчу музейхь лаьтта иза. Кхузахь йу дуьненахь уггар йаккхий вовшехтесна брахиозавран дегӀан даьӀахкаш (локхалла 13,27 м), уггар дика дисина лаьттах даьллина шира олхазар археоптерикс, минералогин а, петрографин а коллекци шена йукъахь Германин уггар боккха метеоритийн гулам болуш. Энтомологин коллекцехь йу 15 миллион сов препараци йина дийнаташ.

Университетан гӀарабевлла нах

бӀаьра нисйан

Гумбольдтан университетан истори язйина дукха гӀарабевлла Ӏилманчийн цӀераш. 1901 шарахь, дуьххьара Нобелевн преми луш, цхьа преми йахара Берлинан университете нидерландин химикна Вант-Гофф Якоб Хендрикна. ШолгӀачу шарахь литературера Нобелевн премица билгалваьккхира Моммзен Теодор, ширачу дуьненан историн профессор. Физикера Нобелевн преми кхечира шайн Ӏилманан болх университетаца уьйр йолчу дуккха Ӏилманчашна. 29 лауреатана йукъахь бара Эйнштейн Альберт а, Планк Макс а. Химера кхиамашна преми елира Фишер Эмилан, Нернст Вальтеран, Ган Оттон, медицинехь Кох Робертан а, Варбург Отто Генрихна а.

Нобелевн лауреаташ сий латтийна а, латтош а ца Ӏа Берлинан университет. Уьш бу Гейне Генрих, фон Шамиссо Адельберт, Фейербах Людвиг, фон Бисмарк Отто, Маркс Карл, Меринг Франц, Либкнехт Вильгельм, Либкнехт Карл, Вегенер Альфред, Саломон Алиса, Тухольский Курт. Дуьххьарлера амфетаминан синтез йина университетан пенаш йукъахь 1887 шарахь химика Кеп:Не переведено 3.

Нумизматикехь

бӀаьра нисйан
 
Университетан 100 шеран лерина 1910 шеран 3 марка

Университет болхбан йолайелла 100 шеран лерина 1910 шарахь арахийцира юбилеян ахча 3 марка номинал а, тираж 200 эзар экземпляр а йолуш.

Университетан ректораш хилла:

Кхин дуккха а гӀарабевлла Ӏилманчаш а, оьздангаллин белхалой а.

ГӀарабевлла профессораш а, студенташ а

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан