Лайлатул-Къадр

Мухьаммаде Къуръан доссо долийна йеза буьйса, Рамазан беттан тӏаьххьарчу итт буьйсанах цхьаъ
(Билгалдаккхаран буьйса тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 48 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2015, 22 июнь).

Лайлатул-Къадр, Къадр буьйса (Ӏаьр. لَيْلَةُ الْقَدْر‎‎‎‎ — «Кхелан йа Кхолламан буьйса») — иза бусалбанийн йеза буьйса йу, хӀижрин хӀора шарахь, Рамазан баттахь карлайуьйлуш йу иза. Рамазан беттан тӀаьххьарчу итт буьйсанах цхьаъ йу иза. Иза хьехийна йу Сийлахьчу Къуръан чохь а, Мухьаммад пайхамаран ﷺ дахар дӀайаздарехь а. Пайхамаран суннатехь деана ду тӀаьххьарчу итт дийнахь и буьйса лахарна тӀехьехар, къаьсттина шалза йолчу буьйсанашкахь[1][2].

Лайлатул-Къадр
Ӏаьр. ليلة القدر‎‎
МаьӀна Къиношна гечдар доьхуш доӀадар
ХӀоттийнарг Мухьаммад
Даздо бусалбанаша
Даздар Маьждиг
Ӏадаташ Маьждигехь ламазаш а, доӀанаш а дар
Доьзна ду Рамазанца
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Этимологи а, маьӀна а

бӀаьра нисйан

Ӏаьрбийн маттахь къадр (قدر): «къаддара», «йукъаддиру» олучу хандешан масдаран цӀердош ду. Ша къадр дош Ӏаьрбийн маттара гочдича, цуьнан маьӀна хуьлу «нуьцкъалла, сийлахьалла, сий, дикалла, кхел, кхоллам, билгалдаккхар». Къадр олу Дала шеца сацамбинчу а, шеца хьукмадинчу а хӀуманах[3].

Лайлатул-Къадр цӀетиллар

бӀаьра нисйан

Лайлатул-Къадр аьлла цӀетилларан бахьанина Ӏеламнаха масийтта цӀе хьахийна:

  1. Къадр «сий» бохург ду. Сийх схьадаьлла ду цуьнах «Сийлаллин буьйса» алар, вай ма-аллара: «Хьенех доккха сий долуш ву».
  2. Цу буьйсанна Дала билгалдоккху цу шарахь хиндерг, тӀаккха Цо дӀайаздо цу шарахь хиндерг. ХӀара Делан хьикмат а, Цуьнан белхан а, кхолларан а исбаьхьалла къеггина гуш хилар а ду.
  3. Иштта къадран маьӀна «даздар» бохург ду, и буьйса сий долуш а, шеца къаьстина башхаллаш йолуш а йолу дела. Цхьаболчара аьлла: Къадр «гатдалар» бохург ду, ткъа гатдалар бохучун маьӀна: и буьйса къайлайалар ду ша нахана билгалйан хаарх. Аль-Халил ибн Ахьмада аьлла: Цуьнах «Гатдаларан буьйса» аьлла, хӀунда аьлча цу буьйсанна дуьне гатло, шена чохь маликаш дукха хилар бахьана долуш.
  4. Иштта аьлла ду: Къадр «билгалдаккхар» йа «къастор» бохург ду. ХӀунда аьлча цу буьйсанна Дала билгалбоху шеран сацамаш, Цо ма-аллара: ﴾Цу [буьйсанна] чохь [билгалбеш] къастабо [шеран] массо а сецна [кхел хилла болу] болх﴿ [Къуръан 44:4]. Хӏунда аьлча цу буьйсанна массо а хӀуманан кхолламаш билгала а бо, дӀа а йазбо.

Бусалбанаш тешаш бу Дала Лайлатул-Къадран болх базбина хиларх, Цо аьлла: ﴾Стено хаийтина хьоьга [хӀай Мухьаммад] хӀун йу и Къадр [Кхелан] буьйса?﴿. Вуьшта аьлча, оцу буьйсанан боккха болх стено бойзийтина хьуна. Цо билгалдина и буьйса эзар баттал йеза хилар, Цо аьлла: ﴾Къадр буьйса йеза йу эзар баттал﴿. Вуьшта аьлча, цу буьйсанна йина йолу дика Ӏамал, йеза хуьлу Далла гергахь, эзар баттахь йинчу Ӏамалал.

Къуръан чохь а, пайхамаран хьадисашкахь а

бӀаьра нисйан

Сийлахьчу Къуръан чохь 97-гӀа сурат ду Къадр буьйсанах лаьцна:

  1. Бакъдолуш, Оха доссийна и [Къуръан] Къадр буьйсанна.
  2. Мичара хиира хьуна [хӀай Мухьаммад] Къадр буьйса хIун йу?
  3. Къадр буьйса [Ӏамалйарехь] тоьлуш йу эзар баттал.
  4. Оцу [буьйсанна] чохь охьадуьссу маликаш а, са (Жабраил) а, шайн Де́лан пурбанца массо́ а омранца.
  5. Ма́ьрша йу иза [бусалба на́хана] сатассалц.
    Аль-Къадр сурат 97:1-5

Иштта пайхамаран хьадисашкахь а хьехийна иза:

Iаишата   дийцина, Делан элчано ﷺ элира аьлла: «Лайлатул-Къадр буьйса ларйе, (мархин беттан) тIаьххьарчу итт буьйсанах шалза буьйсанашкахь».

Шалзангахь Лайлатул-Къадр лахар

Абу ХIурайрата дийцина, Делан элчано ﷺ элира аьлла: «Лайлатул-Къадр буьйса бакъхиларх теша а тешаш, шена ме́л хиларе дог а дохуш, цу буьйсанна Iибадатдинчунна гечдийр ду цуьнан хьалха дӀадаханчу къиношна».

Марха

Iаишата   дийцина: “Ас элира хӀай Делан элча ﷺ, дийцахьа суна, Лайлатул-Къадр буьйса тӀеаний сайна хиъча, цу чохь хӀун ала деза ас? Цо ﷺ элира: «Ахь ала: Везан Дела, бакъдолуш, Хьо Гечдийриг ву-кх, гечдар дезаш а ву-кх Хьо, гечдехьа суна [АллохӀумма, иннака Ӏафуввун, тухьиббул-Ӏафва, фаӀфу Ӏанний]»”.

Пайхамаран доӀанийн кортош

Хьостанаш

бӀаьра нисйан
  1. "The Ismaili: Laylat al-Qadr"
  2. Night of 27 Ramadan
  3. ابن الأثير، النهاية في غريب الحديث ج 4 ص 22